Иракъехь а, Шемахь а меттигерчу а, дуьненаюкъарчу а ницкъаша ДаIишана тIехь бохучу толамаша церан карадохуьйту ДаIиша Iуналлехь хилла латташ. ДаIишера схьаяьханчу меттигаша Iорадоккху цара куьйга вовшахтоьхна герз а, кхийолу тIеман коьчалш а; Iорайоккху цара нахана тIехь лелийначу къизаллин лар а, нах Iазапехь латтийна хьелаш а.
ДаIишо шел тIаьхьа дитнарг
13
ДаIишан тIемалоша Иракъерчу Мосулехь зударийн набахте санна лелийнчу хIусамехь юргIанаш а, тIехула эчиг а тоьхна, хьулдина кораш а.
14
Шемарчу гIаттамхоша дийцарехь, кху набахте чохь гуш йолу гIоьмех пайдаоьцура ДаIишан тIемалоша Аллепон кIоштарчу Манбиж гIалахь йолчу набахтехь.
15
Манбиж гIаларчу набахтехь кхобучу йийсархошна бIаьргех йухкурш.
16
Фаллужан уллохь ДаIишигара схьадаьккхина герз, Иракъ.