ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь Милла Беллачерийн Терахь Ялх БIе Стагал ТIех Даьлла


Монтенегрон коьрта гIалахь Подгорицехь диллина ло, 13Чил2012
Монтенегрон коьрта гIалахь Подгорицехь диллина ло, 13Чил2012

Ши кIира кхочуш лаьтта Европехь тIаьхьарчу бIе шарахь ца хиллачу кепара шело лаьтта. Минус 20-30 градус гIура ю, хIиннцалц, 10 градусал термометран цхьамза лаха ца баьллачу пачхьалкхашкахь а цхьана. БIеннаш адамаш хIинцале а цу шелонна делла, ткъа миллионаш европахой Iаьнах чекхбовла гIерташ бохку.


Кху деношкахь цIе йойъучу сервисан машенаш, „гIаггIинехь“ екаш сиренаш а йолуш, кест-кеста дIасахехкалуш хеза Венехь. ЦIевзина лаьттачу Iай и цIейайъархой сел каде хьийзаран бахьана, шелонаш дукха Iаьткъинчу меттигерчу бахархоша чохь ягош йолу йовхо алсам яккхар а, цул сов, наха шайн кара йоггIуш йолу ягоргаш летор а, газпешийн алу ягор а ду. Ткъа газан биргIанаш лелха, я гIура бахьана долуш, я кхерамазаллин бакъонаш лар ца яр бахьана долуш.

Изза хьал Венехь хилла ца Iа. Иттанаш Европерчу гIаланашкахь лаьтта и саннарг. Къаьстина Малхбалерчу Европехь. Полшехь, масала, гIура бахьана долуш велла хIинцале а бIе сов стаг. Низамца доцу газ лелор бахьана долуш садукъделла велларг иттех стаг ву, ткъа оццу бахьанца цIераш йийлар бахьана долуш исс стаг вала а велла, ткъа совна чевнаш а хилла.

Боснерчу Сараевохь спорткомплексан тхевно лайн йозалла лан а ца лайна, тхов тIе хаьрцина. Цу мIаьргонехь гIишло еса хилар бахьана долуш, цхьа а стаг ца лазош бирзина и бохам.

Луларчу Косоверчу Рестелица цIе йолчу юьртан бахархойн иштта ирс ца хилла. Цигахь лаьмнашкара чу хьаьддачу лайно и дийнна юрт къайлаяьккхинера. ВорхI стаг вийна, кхин кхоъ, цкъачунна тIепаза вайна ларалуш ву. Иштта баккхий бохамаш бу массо а, цкъа мацах Югославина юкъайогIуш хиллачу пачхьалкхашкахь. Сербехь ткъа стаг милла велла, Черногорехь а, Хорватехь а, Македонехь итт-итт стаг ву шелонна велларг. Ткъа йоллучу Европехь и терахь, тоххарехь ялх бIе стагал лакхадаьлла.

ХенахIоттаман говзанчаша шело кху деношкахь юхайоьрзур бохуш шайхаллаш дахь а, амма цкъачунна буто гIура йоллучу Европина тIехула лаьтташ ю. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь шелонаш бахьана долуш, ши кIира а ду ишколашкара бераш цIахецна.

Германехь а, Австрехь а, Италехь а инзаре дукха некъахьовзамаш бу кеманашца а, цIерпоштица а баха бевллачарна хуьлуш, цу некъийн гIирсийн раж хенан хIоттам бахьана долуш йоьхна хиларна. Ур-аттала, гIуран бутт мел бу ихначу догIанашна латкъамаш бинчу меттигерачу берийн кхин башха самукъа ца долу, эххар а деанчу лайх.

Нохчийн бераша карарчу хенахь Венехь хIоьттинчу шелонна латкъамаш бо, цу гIалахь ма хетта, лайх ловза шайн йиш ца хиларна. Меттигерчу Пратер цIе йолчу паркехь Iедалша лерина салазаш хехка берашна гунаш тодинехь а, амма цкъачунна салазаш а, бераш а чохь, йовхонехь, Iен дезаш хьал ду.
XS
SM
MD
LG