ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДогIанаш дацаро ялтан якъо йоссош ю


Iаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- фермер Куява Марио дог доьхна хьоьжу якхоно этIийначу шен Ашли- кIоштарчу кхане , Иллинойс, 16Тов2012
Iаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- фермер Куява Марио дог доьхна хьоьжу якхоно этIийначу шен Ашли- кIоштарчу кхане , Иллинойс, 16Тов2012

Наггахь а ца хуьлчу кепара кΙезиг йочанаш кхаьчна Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн юьртбахамна. ДогΙанаш делханза хан яларна, беркъа ду цигахь кхуьу буьртиган ялташ. Оцу бахьанийца хьалхачу шерашкахьчул кΙезиг кΙаен, мекхан, хьаьжкΙа н ялта гулдан мега дуьненан коьртачу хьаьттанех цхьаъ ларалучу пачхьалкхо. Оцо хΙинцале а бестош бу регионера кхачан мехаш. Беста тарло уьш Европехь а. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондента Солаш Ричарда кечйина материал.


Кху муьрехь кхаштΙехь хьаьжкΙаш , юкъаваьлча, корта хьуллуш хила езара, амма гоьллец бен яц. Кхушарелера аьхке тера яц хьалхалерчех – ца тоьъна догΙанаш. ЭттΙа лаьтта налха санна хуьлуш хилла латта – ах бΙешарахь-м муххале а ца хилла иштаниг.

Штаташкахь Ιаламо хьовзам баьккхина хилар дΙакхайкхийна1000 сов кIоштахь. ТΙедогΙучу шарахь кхачан мехаш 3-4 процент лекхабовла тарло, аьлла, кхайкхийна пачхьалкхан юьртбахаман министралло.

Томпсон Роберт – Дуьненан банкехь юьртбахаман декъан директор хилла ву. Карарчу хенахь Хопкинсан университетехь талламаш беш ву иза.

Томпсон Роберт: « БΙешарахь цкъа-шозза хуьлуш йолчех ю хΙара якъо. Хьал цхьаболучарна моьттачул а эшна ду. Иза боккха эшам бу дуьненна хьажкΙашца а, кхьоьашца».

ХьаьжкΙаш дΙайийначу лаьттан цхьана декъа тΙера бен ца хила там бу ялта. Ткъа царех до дуккха а даарш, кхача латтабо дохнашна, царех йоккху биоягориг а тΙехь. Шех даьтта а, дуккха а кхин кхача а кечбеш йолу Ιаьмеркан кхоьаш а якъаелла итталгΙачу декъа тΙехь.

Якъонан лар хаалуш ю хΙинцале а – ах механа язъелла хьаьжкΙа, иштта дазделла кΙа.

Дуьненан банко бахарехь, бохам цхьана Штаташнахилла ца Ιа, оццу хьолехь ю Оьрсийчоь, Украина, Европан доккха дакъа – йочанаш ца тоьъна дукха а мехкашна. Мацалла йосса тарло Африкерчу а, Юккъерчу Ιаьмеркан а мехкашка.

Кхачан мехаш бестар тΙеΙаткъам беш хир ду дуьнентΙерачу юкъарлонийн дог-ойланашна а, дахаре болчу хьажамна а. Дагадаийта догΙу, «Ιаьрбийн бΙаьсте» - Малхбалера революцеш – йолийнарг а дара кхачан мехаш бестар. Оцу хьоло арабаьхнера нах Ιедалца лата Тунисехь, ша-шена цΙе тесна базархо вагарца болабелира цигахь карчам.

Оцу хьокъехь боху, мехаш бестар хΙун ду хуучу банкхочо Томпсон Ричарда: Ιедал мецачу стаге санна сиха ца дохадало цхьаьнгге а, мацалло вуно сиха гΙайгΙане дуьгу адамаш а, Ιедалш а.

Дуьненаюкъарчу кхачан программин векал ю Мак Гиффин Рене. Иза йогу мацалло миллионаш адамаш лацарх, ОвхΙанистанера Эфиопина, ГΙажарийчоьнна, ГΙиргΙазой-махкана тΙекхаччалц.

Мак Гиффин Рене: «Мехаш лакхабовларо, уьш цхьабосса ца хиларо тΙеΙаткъам бо пачхьалкхийн бахамашна хьовха, тхан и кхача сагΙабан хуьлучу таронна а – алсам долу тхуна оцу гΙуллакхна оьшу ахча а. Даим лучул 200 миллион сов долларш дΙадала дезаш хуьлу сагΙа дан кхача оьцуш. Цу тΙе, цΙеххьана совбовлу тхоьгара гΙо оьшу нах а».

ДуьнентΙехь Ιалам хийца ца дилийта бечу балханна тΙекхета хΙинца пачхьалкхаша юьртбахаман политика юкъахь йийцаре ян дезар а. Иштта ахча таса деза цара ялташна хиш дахка а, якъонехь кхуьу ялтанаш лабораторешкахь кхолла а, боху Томпсон Роберта.

Иштта бу Маршо Радион Вашингтонерчу корреспондента Солаш Ричарда кечйинчу артиклан чулацам.
XS
SM
MD
LG