ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Freedom House: демократи хьешар генадолуш лаьтта


Петарбухара гулам дIасалоллуш, декъашхой лоьцуш ю полици, 5Сти2018
Петарбухара гулам дIасалоллуш, декъашхой лоьцуш ю полици, 5Сти2018

Iамеркарчу бакъоларъярхойн Freedom House юкъаралло хаамбарехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шорлуш ду демократин институташ хьешар. Ткъа оцо дерриг а дуьнентIехь эшон тарло политикан бакъонаш а, адамийн маршонаш а, боху хьукмато.

Фридом ХIаусо адамийн бакъоннех лаьцна ша шарахь цкъа арахоьцучу артиклехь билгалдоккху 68 пачхьалкхехь демократи лахъелла хилар а, ткъа 50 пачхьалкхо шаьш демократехьа дIагIертийла гойтуш хилар а.

Шинарийдийнахь арахецначу оцу документо маршонаш эшначийн могIарахь гойту Оьрсийчоь, ГIажарийчоь, Азербайджан, Черногори, Серби, Венгри, Советан пачхьалкх йоьхча Юккъерчу Азехь кхоллаелла республикаш. Фридом ХIаусо чIагIдарехь, 13 шо ду оцу мехкашкахь хьалхо лелла маршонаш лакъош лаьтта.

Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а Iедалш ду шайн мехкийн дозанашкара арабевлла, дIабахана мухIажирш, политикан эмигранташ, диаспораш схьа а лоьхуш, царна тIеIаткъам бечийн могIарахь. Иштачу наханна кIелонаш йо, уьш лечкъабо, бойу, леца кхайкхабо цIеяьхначу пачхьалкхаша, боху бакъоларъярхойн артикло.

Документан мужалта тIе тоьхна сурт иштта ду: дуьненна вевза массех политик-куьйгалхо ву "маршо" дош дагош латийначу цIарна гонах, хаьштиг а карахь лаьтта Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташ - Путин а, ЭрдогIан а.

Боккха меттиг дIалоцу артиклехь Iамеркан низамаш эшор далхочу агIонаша. Оцу маьIнехь авторша Цхьанатоьхна Штаташ нисйо демократех туьлуш лаьттачу Желтойчоьнан, Хорватин, Монголин могIара. Штаташкахьчул алсам ю демократи, Фридом ХIаусо бинчу талламо гайтарехь, Германехь а, Британехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG