Шемин къилбаседа декъерчу набахтеш чохь воллу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанехь хилла 12 эзар стаг. Набахтешна тIехьожучу курдойн тIемалоша дийцарехь, тутмакхашлахь шемахой, иракъхой хилла ца Iа – бу 54 пачхьалкхера нах. Ши кIира хьалха Франс-Пресс агенталлин корреспонденто цигарчу цхьана набахтехь даьхна хIара сурташ.
ДаIишхой чохь кхобу набахти
5
Дукха бу тутмакхашлахь чевнаш хилла нах.
6
Тутмакхех дукхахболучарна лаьа шайн-шайн мехкашка дIабаха. Амма Малхбузе сиха яц ДАIИШ-ан могIаршкахь лелла шайн нах цIабита.
7
Шемин къилбаседа-малхбалехь ю хIара набахти. ДАIИШ-о массийтта шарахь шен карахь кхебира Шемин а, Иракъан а яккхий территореш. Дуьненаюкъарчу коалицино дIабаьхна цуьнгара мехкаш.
8
Набахтина тIехьовсучара дийцарехь, тутмакхаш маситтаза а гIиртина гIаттам баккха.