Футболан клуб "Лестер Сити" исторехь дуьххьара ингалс Премьер-лигехь чемпион хилла. Ингалс махкахь и клуб толамхо хир ю аьлла тешаш 5 эзарх 1 бен вацара. Клубан ловзархошна шаьш чемпионаш хиллий телевизоршна хьалха хиина Iаш хиира: Челси - Тоттенхем матчо толамхо билгал ца ваккхаро "Лестерх" чемпион йира Ингалс лиган чемпионат чекхъяла ши тур йуьсуш. Ткъа "Лестеран" тренера Раньери Клайдио цу хенахь шен нана цу хенахь 96 шо кхачарца декъалъеш вара Италехь.
Лестеран сюрприз
5
ШолгIа буьрка "Тоттенхэман" кевна чутуьхи. Цу голах Лестарерчу нехан чIогIахь самукъадаьллера, "Челсин" Стэмфорд Бриджехь" болчу нехал.
6
"Стэмфор Бриджехь", матч ерзош шок ма тоьхнехь, "Лестеран" фанаташ урамашка арахьевддира. Полицхошна а новкъа ца деара фанаташа шайн хазахетар сел жигара гайтарна.
7
"Лестеран" фанаташ а бара "Челси" - "Тоттенхэм" матче баьхкина. Цара цIахь ловзачаьрга доьхура "иза Раньерин дуьхьа" де бохуш. Раньери, ала догIу, цхьана хенахь "Челсин" тренер а хилла.
8
Ткъа Лестерехь фанаташ сахиллалц дIаса ца бовлура - хIара сурт толаман сийнна сахиллалц хилла синкъерам чекхбаьллачул тIаьхьа даьккхина. Дукхачара Лестеран толам спортан исторехь уггар инзаре толам бу боху.