Футболан клуб "Лестер Сити" исторехь дуьххьара ингалс Премьер-лигехь чемпион хилла. Ингалс махкахь и клуб толамхо хир ю аьлла тешаш 5 эзарх 1 бен вацара. Клубан ловзархошна шаьш чемпионаш хиллий телевизоршна хьалха хиина Iаш хиира: Челси - Тоттенхем матчо толамхо билгал ца ваккхаро "Лестерх" чемпион йира Ингалс лиган чемпионат чекхъяла ши тур йуьсуш. Ткъа "Лестеран" тренера Раньери Клайдио цу хенахь шен нана цу хенахь 96 шо кхачарца декъалъеш вара Италехь.
Лестеран сюрприз

1
Италера тренер Раньери Клаудиос "Лестерх" чемпионан клуб йина, цара тоьллачу стилехь эшийра дуккха а лигин "грандаш". Сурт даьккхина стигалкъекъачу 1--чу дийнахь "Манчестер юнайтедца" (1:1) матчехь. И матч чекхъяьллачул тIаьхьа, шолгIачу меттигехь йогIучу "Тотенхеме" йисинчу матчашкахь толам бен баккха йиш яцара, "Лестерх" хенал хьалха чемпион ца хилийта.

2
"Челси" - "Тоттенхэм" матч чекх ма яьлла "Лестеран" агIончаш шайна дукха еза клуб ловзу "Кинг Пауэр" стадион гергга гулбала буьйлабелира. Кху фанатан кучана тIерачу йозано дагадоуьйту гурахь "Лестарх" а, Раньерих нагахь бен воцу стаг теша ца хилар.ХIинца "Лестер" чемпион ю, ткъа иза тулург хирг хиларх теша а тешна, пхиъ бен фунт дацахь а, и клуб тулур ю аьлла ахча диллинчарна масийтта эзар долар карадеана.

3
"Лестер Ситин" фанаташ шайн дукхаезачу клубан толам базбеш бу, ткъа сезонан юьхьехь цунна хьалха хIоттийна Iалашо Премъер-лигера ша ара ца кхоссийтар яра.

4
Матч "Челси"-"Тоттенхэм" толамхо воцуш, 2:2 жамI долуш чекхъелира, хьалхара тайм чекхъяьллачул тIаьхьа хьеший 2:0 хьалха хиллехь а.