Мангал-беттан 20 чохь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино Дуьненан МухIажиран Де даздеш дара. ДIадаханчу шарахь, Организацино билгадаккхарехь, къаьсттина дукха бевлла шайн цIийнах-цIарах дуьнен чохь.
МухIажирш дуьненан массо маьIIехь
1
Шина тIамо дуккха а Нохчех мухIажирш бина, амма, халонашка а ца хьоьжуш, дукха нах шайн гIуллакх деш бу. 16 шо кхаьчна йолу Залихан, масала, маре йоьдуш ю шен четар чура 07Марс2000
2
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн мухIажарийн агенталло дечу хьесапца, 2011 шарахь 42,5 миллион адам даьлла цIийнах. Царах 15,2 миллион кхечу мехкашка бевдда, кхин а 26,4 миллион шайн мехкашкахь боьхна хIусамех, ткъа 895 000 стага тховкIело ехна пана мехкашкахь.
3
ГIалгIайчохь хилла йолу Спутник четарийн гIала (26Дечк2000)
4
Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкара ЦIен Беттаса олучу гIоьналлин вовшахтохаралло керла четарийн туп еш ю Либера бевддачу мухIажиршна.