Дуьненан Хьалхара ТIом болабелира 100 шо хьалха, Товбеца беттан 28 чохь. Оцу тIамехь дакъа лоцуш йолчу Австро-Венгрин империно "feldpost" олу пошта юкъаяккхар бахьана долуш, салтийн аьтто бара шайн цIахь болчарца зIе латто. Оцу хенара пошт-картанашший, кехаташший гойту салтийн тIамца боьзна болу синхаамаш. Бис Ярослав - Малхбален Богемехь йолчу Высоке Мыто гIалара салти вара тIом боьдучу хенахь. Цуьнан косташа гойту цуьнан хьийзаш долу са, шен вевза-везачуьнга болу безам. Ярославан кхоллам тера бу саьнгарш чохь бала Iийшина болчу кхечу салтийн а. Италехь тIом бинчул тIаьхьа, коьртана чов а йина, и цIа воуьйту 1916-чу шарахь. Чов бахьанехь цхьана бIаьргана са ца гуш хуьлу и. 1920-чу шерашкахь коьртана могуш боцчу нехан хIусаме хьажаво иза. Бис ле 1937-чу шарахь. Валаран бахьана - хилла йолу чов ю, олий, яздо лоьраша. ХIара кехаташ Чехийн цхьана доьзалан архивера ду. Уьш зорбане дуьххьара дохуш ду оха.
Дуьненан Хьалхара ТIом: фронтера косташ

1
Бис Ярослава цхьана пошт-картин агIо. Дукхах долу кехаташ шен зудчуьнга, ХIеленега, дахьийтинера цо. Чиллан-бутт, 1915.

2
"Кхузахь сан дог хьоьгахьа болчу безамо хьегош ду. Цзьа де догIург хир ду-кх, вайша юха а вовшахкхеташ."

3
"Тхуна тIе гранаташ ю кхуьссуш кхузахь!" Яздо Биса, тхов тIехь даьндаргаш кхетта меттигаш билгал а йохуш. Бухахь яздо: "Сайна ма-гарра, диллина ас сурт."

4
"Сан хьомениг! Со хьалха ма-варра ву. Ший а гIутакх схьакхечира соьга. Даггара баркалла боху ас хьоьга."