Норвегера суртдиллархочун Мунк Эдвардан "ЦIогIа" цIе йолу сурт цIеххьана дийца долийна кху кIирнахь, дуьненчохь уггар деза сурт ду бохуш, аукционехь цунах сов беза мах беллачул тIаьхьа. Маршо Радио хьожуш ю инзаре-тамашийна дезачу мехех доьхкина долчу сурташка.
Дуьненчохь уггар деза сурташ
1
Сотбиз аукционан цIийнан белхахоша гойтуш ду Норвегера суртдиллархочо Мунк Эдварда 1895 шарахь "ЦIогIа" суртан къоламашца йиллина йолу верси. И сурт Лондонехь аукционе хIоттийнера Стигалкъекъа-беттан 2 чохь.
2
Суртах аукционехь цкъа а ца белла мах белира - 120 миллион доллар.
3
Уггар деза доьхкина сурт - Сезанн Полан "Кехатех ловзархой" (1890-92) ду. Стохка Кхатар-пачхьалкхера коллекционеро эцнера иза цуьнан долахочунгара $250 миллионах.
4
Австрехь Iийна хилла волчу Климт Густаван сурташ а ду вуно деза лоруш. 1907 шарахь цо диллина долу сурт "Адел Блох-Бауэр I" 2006 шарахь доьхкинера $135 миллионах.