ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха эшало рак. Шаро елла пхи дегайовхо


2018-чу шарахь 9,6 миллион стаг велла онко-лазарех. Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино (WHO) бахарехь, хIора ялхалгIа дахар дIахадориг ю рак. Талламийн институташа, фармакологин компанеша, пачхьалкхаша миллиардашкахь ахчанаш дойу оцу цамгарна дуьхьал дарба лохуш.

ХIун дан делла дуьнене шера чохь? Рак-цамгарна дуьхьал яха аьтто баьллачу гIулчех лаьцна рогIера тептар арахецна Iамеркарчу клиникан онкологин юкъаралло (ASCO).

Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхоьллина молханаш

1. Iамеркарчу клиникан онкологин юкъаралло (ASCO) кхиамийн меха дуьллу ракан наггахь нислучу шатайпанарчу цхьана кепанна дуьхьал дарба карор. Ах бIе шо дара хьорзамха (щитовидная железа) лоцучу ракан кепна (BRAF V600Е) дуьхьало ца яло. "Дабрафениб" а (аптекашкахь Tafinlar олу цунах), "Траметиниб" (Mekinist) а молханаш арахеца долийна оцу кепанна дуьхьал. Зераша гайтарехь, и молханаш муьйлучу цомгушчех 61% нехан дестар лахдала доьлла.

2. ДегIа тIехь гучудуьйлу рак-дестарш (саркома) лоьраша тергаме эцначу 87% нехан лахдина Сорафениб (Nexavar) молхано.

3. Чуьйрех, хьерах лета рак (цунах велла, масала, Apple кхоьллина волу СтивДжобс) эшон аьтто ло зарратан изотопца кечдечу "177Lu-дотатат" молхано – 79% ю цуьнан эвсаралла. Европехь а, Израилехь а массех шо ду зарратан изотопашца дарба леладен. Оьрсийчоьнан могашаллин министралло а долийна даржон и дарба.

4. Зударийн цамгаршца йоьзна рак юхайоккхуш ечу "хиимица" цхьаьна лелон долийна Трастузумаб (Герцептин) молха – эха лазархошна дарба дина цо.

5. Доккхачу декъанна кегийнаха атта лоцу кеп ю дегIан дIаьхках, хьорзамах кхета рак. Цунна дуьхьал "Пексидартинибом" молха кхоьллина Iамеркарчу Iилманчаша. Ракан дестар лахделла лоьраша динчу 37% зерашкахь.

ЦIий теллича а карайо рак

Генаялале карийча, атта ду рак юхаяккха. Амма хала гучуйолу иза юьххьехь. Дарба лелон атта хир дара хьалххе карош хилча. И проблема даима а ю Iилманчийн тидамехь.

Дукха хан йоццуш аьтто баьлла, цIий а теллина, ракан цхьайолу кепаш Iораяха.

1. Юкъабаьккхинчу CancerSEEK талламо ракан 8 кеп гучуяккха аьтто бина – биомаркершца до и зераш.

2. Некхан, чуьйрийн, ахкаргийн рак схьакаро аьтто белла Австралерчу говзанчаша юкъадаьхначу ДНК-зераша.


Имунитетан дарба: толамехьа гIулч

Швецерчу Каролинска институтехь Iилманчаша Джеймс Аллисона а, Тасука ХIонйос а имунитет талларца рак схьакаро некъ баьккхира стохка – Нобелан преми елла царна.

Iамеркарчу клиникан онкологин юкъаралло хаамбарехь, иммунитет талларца массийтта некъ карийна рак лаха а, цунна дуьхьало ян а. Иштта, кхоьллина имунететехула ракна дуьхьалоен молханаш: атезолизумаб, пембролизумаб, кхин массех а. Ала деза, тIех деза ду цкъачунна царех цхьадерш.

Ракца къийсам латтон маьIна долу керла-керла некъаш лоьху Iилманчаша. Адамца еха микробаш а толлуш, уьш муьлхачу декъехь алсамйовлу, муха кхуьу хьаьжжина диагностика ян шарлуш ю медицина кху муьрехь.

Карарчу муьрехь жигара пайдаоьцу лоьраша химица рак эшорах. Амма оцу кепо долаоьцу цомгушчун дерриг а дилх. Керла ду ракан дестар гучудаьллачу дилхан декъанна тIеIаткъам а беш, дарба дар. Оцу кепехь лоьралла до осимертиниб (Tagrisso), абемациклиб, Verzenio, венетоклакс, Venclexta молханашца.

Сатийсам

Рак къаръян бечу талламех цхьаберш бен ца боьрзу толамца. Керлачу дарбанех дерраш а дац эвсара, я лазар эшош. Цундела ала дац адам кестта паргIатдер ду онкологех. Дукха хьолехь деза-доккха хабар а хуьлий дуьсу Iилманчийн дIахьедарш.

ШолгIа проблема – керла молханаш, цара баккъал а гIодеш делахь, тIех деза духку. Дуьненаюкъарчу могашаллин хьукмато дийцарехь, раках нах уггаре дукха ле къен ехачу пачхьалкхашкахь, къен бехачу доьзалшкахь – дарба лелон таро яцарна.

Дала маршалла дойла!

Рак юьззина эшон аьтто ца баьлла цкъачунна. Цундела боху Дуьненаюкъарчу могашаллин хьукмато: 30-50% хьелашкахь эшало рак, адамаша шайн дахар лартIадалийча.

КхидIа хьоьху Хьукмато:

- дIакхосса цигаьрка! Иза ю массо а хIуманал кхераме ю;

- меттахдаккха дегI, кест-кеста вада, волало, жигара ваха, дукха ма мийла къаьркъа, сов ма даа жижиг, алссам баа стоьмаш, хасстоьмаш;

- хеннахь деттийта гепатитна, кхечу уьне лазаршна дуьхьал мехий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG