ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала сийлалле яккха догΙу, чΙагΙдо нохчийн парламенто


Нохчийчоь -- ТIамо йохийна Соьлж-ГIала, 25Деч1995
Нохчийчоь -- ТIамо йохийна Соьлж-ГIала, 25Деч1995

Нохчийн парламент хьалханча а йолуш, юха а дийца даьккхина махкахь Соьлж-гIала керлачу дарже яккхар, аьлча а, цунна «ТIеман сийлаллин гIала» цIе тиллийтар. Цу хьокъехь, хIинца дуьххьала а доцуш, нохчийн парламенто рогIера дехар хьажийна Оьрсийчоьнан президенте.


«Кхин хIумма а ца хилча а,- яздо депутаташа,- марсабаьлла боьдуш Сийлахь Даймехкан тIом а болуш, 1942-шеран чиллана беттан 6-чу дийнахь Соьлж-гIалин мехкадаьттан заводана Къинхьегаман ЦIе байракх орден яларо тоьшалла до соьлжа-гIалахоша гайтинчу хьуьнарийн а, турпалаллин а.

Хууш ма-хиллара, иза дуккхаза а билгалдаьхна тIеман историкаша-говзанчаша а, Гитлеран Германица тIом боьдучу шерашкахь, пачхьалкхан 90 % кеманаш Соьлжа-гIалин мехкадаьттах дохучу сурсаташ тIехь болх беш хилла", - боху кехато.

Нохчийн парламенто толаман де тIекхача герга долуш Москох хьажийначу кехат-дехарехь иштта яздина ду кхин дIа. «100 эзар сов соьлжа-гIалахоша а, кIошташкарчу бахархоша а къахьегна цу халачу хенахь, мостагI тIе ца кхачийта гIалин го чIагIбеш, цуьнга еза техниках пайда ца эцийта, Теркаца кIорга саьнгарш охкуш. Цул сов ала догIу, цу луьрчу тIамехь вайнехан 40 эзар сов векало дакъалаьцна хиларх а. Нохчийн коьртачу шахьарна "ТIеман Сийлаллин гIала" аьлла цIе ялар, тхуна хетарехь, хIетахь махкахоша хьегначу къина а, гайтинчу хьуьнарийн а нийса мах хадор хир ду».

Цу кепара хьажам болуш бу нохчийн парламентан декъашхой. Вуьшта аьлча, и кехат тидаме эцар, я тергамза дитар – цхьаъ дар тIедоьжна Кремлана. Ала дашна, Нохчийчохь хIинца дуьххьала хIоттош дац Оьрсийчоьнан президентана хьалха и тайпа хаттар, бакъду, юкъараллехь Iора а доккхуш, жоп делла дац хIинццалц схьа.

Делахь а тIеман истори кIорггера зе а зийна, юххера евзаш болчу цхьаболчу историкашна хетарехь, цу тайпанчу сийлаллин дарже кхачо хьакъйолчех ю Соьлжа-гIала. Иштачех ву Теркйист кIоштера историк Юсупов Руслан. Цу кепара совгIат дала догIий-те Соьлжа-гIалина, аьлла, хаьттича цо элира:

« И хIун къамел ду? 1942-чу шарахь Гитлеран шен кхеташонехь аьлла ду-кх, массарна а хаа а хууш. Исторехь яздина ду-кха и. Хьалхара алашо Соьлж-гIалин мехкадаьтта схьадаккхар, шолгIаниг - Баку, тIаккха СССР гола хIоттор ю, аьлла.

1942 –чу шарахь августехь Новр кIоштан Ищерина а, Мундар-юьртана а гергахь хилла дуьххьала тIематасадалар. Ас чIогIа истори кегийна оцу хенах. Сехьа бовла гIиртина немцой. Цу хенахь боьдуш Сталинградехь тIом бу. Нагахь санна кхузара бахархой ледара хиллехь, хIун хуьлу хууш а ца хилла. Кхузаш дуьххьала чекхбовла гIерташ хилла. Массара а герз кара-м ца эцна, амма гIалахь мел верг, махкахь мел вверг ара а ваьлла, дуьхьало йина мостагIчунна».

Соьца къамел деш волу историк Юсупов Руслан тешна ву, нагахь санна Соьлж-ГIалин мехкадаьтта немцойн карадаханехь, тIеман жамIаш нисса бIостанехьа хийцалур дара аьлла.

Юсупов: «Нагахь санна 42-чу шарахь мехкадаьтта церан карадаханехь, Сталинградан тIеман а кхин чаккхе хир яра. Немцой Уралехула дIабахна а хир бара. ЙогIу бохург дан а дац. Дукха хан яра и яла езаш йолу. Ца луш стенна латтийна? Нохчий мостагIий а хилла, обаргаш а хилла, берзалой а, акхарой а хилла, бохуш, цхьацца ярлыкаш тIе а оьхкина, пал лелийна… сийна цIарх къам дага а дина, ткъа нах эзарнашкахь белла, мехкадаьтта Iалашдеш, цIерш йойуш.

ЙогIу бохург дан а дац. Сайн ницкъ кхаьчча, ас дашо седа лур бара ГIалина. Нохчий, оьрсий, эрмалой, жуьткий - массо цхьабосса дIа а хIоьттина, ларйина ГIала а, цуьнан хьал-бахам а. Истори хаа ма хаьа вайна. И елча, къоман а, мехкан а ларам бар санна хIума хир ду-кх».

Дерзош аьлча, рогIера кехат дIакхаьчна президенте, амма хууш дац цуьнан жамI муха хир ду. Цхьаболчу тергамхоша билгал ма-даккхара, хIинццалц схьа нохчийн парламенто Москоха кхехьийтина цхьамогIа дехар-леткъамаш санна, тIаьхьало йоцуш диса сахьт дац рогIера кехат а.
XS
SM
MD
LG