ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йа Iазап, йа тIом: Нохчийчуьра вахархочунна кхерамаш туьйсу Украине хьажор ву бохуш


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

36 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо (цIе хийцина.- Билгалдаккхар) лаккхара экономикан дешар Iамийна ву. Кхо шо хьалха лецира иза, вовшахкхетта лелочу зуламашна дуьхьал къийсам латточу регионерчу урхаллин оперативан лехаман бюро (ОРБ-2) валийра, цигахь тIехь ницкъбина, наркотикаш яржош хилла ву аьлла, бехк тIелацийтира цуьнга. Арахь яккха тоьхначу хенал хьалха маьршаваьккхича, Бекхан полици тIевоьдура, низамехь ма-хиллара, куьйгъяздан. Амма Товбеца-баттахь цунна ультиматум хIоттийра: Украинерчу тIаме ваха веза кадыровхойн цхьахйолчу батальонехь, ца водахь, кхерамаш тесира цунна тоьхна хилла хан билггал чохь яккха хуьйцур ю шаьш, Iазапехь валлор ву аьлла. Бекхана дийцира Кавказ.Реалиига шен историх лаьцна, цIерашца бийцира, шена шантаж йина нах. Цо чIагIдарехь, нохчийн полицин белхахой бу уьш.

– 2019-гIа шо чекхдолуш суна кхел йира 228-чу Iедалан къепан 2-чу декъехь, бакъо йоцуш наркотикаш лелийна аьлла. Амма и гIуллакх шайггара кхоьллина дара. Со а, сан ши доттагI а дIалецира WhatsApp-н тобанехь жигаралла лелорна.

Чатехь шовзткъа гергга стаг вара, дукхахберш суна бевзаш бара. Кеп-кепара забаре суьрташ, видеош дIасатуьйсура оха. Абдурахманов Тумсон (оппозицин нохчийн блогер. – Редакцин билгалдаккхар) эфираш юккъера дакъош туьйсура ас, Тумсох кхаьрдаш забарш яра хьуна уьш а. Хетарехь, оцу тобанехь хиллачу моттбеттачара царах дIатоьхнера. Тхо кхоъ цхьана хеначохь лецира, Заводской кIоштан полицин декъе валийра.

Iуьйранна, со балха воьдучу заманчохь дуьхьалбевлира суна. Полисхоша лечкъа ца дора, оцу йозанаш тIехула дерриг хилар. Буьйса РОВД-хь яьккхира оха, Iуьйранна ОРБ-2, РУБОП-е дIадаигира тхо. Ницкъ беш хиларца Нохчийчохь евзаш йолу. ЙоьалгIачу гIат тIера тайп-тайпанчу кхаа кабинет чу охьаховжийра тхо, батарейх гIоьмаш а тухуш, дIа а лоцуш. Суна хезаш дара сайн доттагIашна йетташ, цара узарш дора, маьхьарий деттара. ТIаккха суна тIе бирзира. Лаьтта охьавиллира со, суна тIе кхо гIант диллира, пхи стаг царна тIе а хууш. Куьйгийн даккхийчу пIелгех серий дихкира коьртах противогаз а йоьллина, клапан дIа а къевлина, са дукъо буьйлира. Кхетамчуьра велира со.

Iуьйранна меттавалийра со ток а йоьттуьйтуш. Цхьана сахьтехь ницкъ бира суна. Ас хоьттура, соьгара хIун оьшу шуна, амма соьца къамеле волуш стаг а вацара. Цул тIаьхьа батарейх со дIа а тесна, дIабахара.

Хьуьнха а вигина, тоьпаш тухур ю

Цхьан хан яьллачу заманчхь тIеман барзакъ доьхна стаг веара, 55 шо хир долуш. ТIаьхьо кхелехь суна вевзира иза, Бабатиев Сайд-Мохьмад ву иза. Цуьнан погонашца хиира суна, майоран чинехь иза вуйла.

Соьга хеттарш дан волавелира иза, хьаьнца зIенехь ву, Нохчийчоьнан Iедална дуьхьал волу мила вевза бохуш. ДоттагIашца юкъахь цхьа тоба а кхоьллина, карчам бан гIерташ хилла тхо бохура. Тоьшаллаш ца даладора, амма со кхийтира, режиман дуьхьалончаш тхайх дан гIертий. Хьайн санна ойланаш йолу нах схьабийца бохуш, тIедожийра суна. Хаза дуьйцура цо. Со къар ца лора, рожан дуьхьалончаш сайна ца бевза, царна дан гIо дац бохуш.

ТIаккха цо дIахьедира, сан телефон чохь шеконе хIуммаъ а шайна карийна дац аьлла. ХIетте а, тхо кхуьй а хьуьнха а вигина, тоьпаш тухур ю, тхо гIаттамхой хиллера ала. "Дика ду, со хьуна гIо дан гIоьртира, амма хьо сох ца кхета, къамелаш дар эрна ду" аьлла, дIавахара иза.

Уьш кхетара, Нохчийчохь баккъал а гIаттамхой боций

Ас дийхира цуьнга, дIа ма гIохьа, соьга ладогIахьа, иза тешон хьийзара со, цхьана а хIуманна гунахь воцийла, ас дакъалаьцна доцийла дIахаийта. WhatsApp-ра группех кхетийра ас, забарен ши ролик теснера ас цу чу, цигахь Тумсох кхаьрдаш хIума дара, со политикан блогершка ладоьгIуш вац, йа сан доттагIий а бац, цIа а, болх а бен, кхин сан бала болуш хIума а дац бехира. ХIетте а дIавахара иза, буьйсанна полисхой юхабаьхкира, гIело латтийра кхин дIа а. Сайна йеттачаьрца хилла Бабатиев суна вевзира.

Юург, мерг йоцуш ши-дей-буьйсий даьккхира оха. Туалете дийнахь цкъа вуьйгура шина полисхочо, куьйгаш доьхкий, коьртах гали дуллий. ГIоьмаш схьа а йостий, туалет чу тоттура, цул тIаьхьа неIарех чекхадаха дезара куьйгаш, гIоьмаш дIатасийта.

ШолгIачу дийнахь Бабатиев веара со волчу Джабаев Ахьмад цIе йолу белхахо а валош. Важа могIарерчу нехан духар доьхна вара, тIехьаьжина шовзткъе итт шо долуш хила тарлора иза. Массара а нохчийн мотт буьйцура цара. Хьо дIахоьцур ву, элира цо, нагахь санна, шина доттагIчунна дуьхьал ас тоьшалла дахь, царна кхел ян тарлучу кепехь. Со дуьхьал хилира. ТIаккха со Iехон гIиртира уьш.

Шина кIиранна шаьш маьршавоккхур ву бохура, ткъа ас полицина болх бан безара, гIаттамхошкахьа, йа радикалашкахьа волу, йа Шема ваха лаам берг милла а царна дIавийца везара ас. ТIехула тIе царна хууш дара, Нохчийчохь баккъал а гIаттамхой боцийла.

Европехь гергарнаш буй хьан, хаьттира соьга Сайд-Мохьмада. Шайна оьшучу нахах лаьцна цаьргахула цхьаъ хаа лууш бара уьш. ХIун нах, ца дийцира цара. Ас элира сан шичой бу Австрихь а, Францихь а. Со Франци вахийтарх лаьцна дийца буьйлабелира полисхой. Ойла а йина, реза хилира со. Европе дехьа валахь, юха вогIур вац аьлла сацамбира ас.

Йиттинарш а, гIора дайнарш а

КхозлагIчу дийнахь батарейх тесначуьра схьаваьстира со, хьалхарчу гIат тIе охьаваьккхира, юург а елира. Кеп-кепарчу камерашка дIасаваьккхинера сан ши доттагI а. Сайчунна дуьххьал яра талламан чоь, Бабатиевс цу чу кхайкхира со.

Европех лаьцна къамелаш деш дацара. Суна Iаткъам бан волавелира иза, лецна латточу шина доттагIчунна дуьхьал цхьаъ дийца бохуш. Хьох лаьцна цара даредина, хьуна 20 шо хан кхачайо бехира. Со ца тийшира, суна хаьара, Iедалшца сайн проблемаш йоцийла. Кхин дIа Бабатиев дийца волавелира, кхечарех лаьцна дуккхаъ а дийцинарг, шаьш дIахоьцур ву аьлла. Со реза ца хилча кхерамаш тийса волавелира, тхо Джалке (Кадыров Рамзанан доттагI, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам веха, цхьаболчу хаамашца, цигахь ю къайлах набахте. – Редакцин билгалдаккхар) йа Ханкала, оьрсийн федералийн базе дуьгур ду бохуш.

Юха камери чу дIавигира со. Эхашарахь чохь валлош волу виъ стаг вара соьца. Бара царлахь йиттинарш а, гIора дайнарш а. Масала, Черноречьера кIанта шен шичина ахча дахьийтина хиллера, иза лехамашкахь вуй а ца хууш. Терроризмана гIо латийна ву аьлла, бехкевора иза. Важа провокацех Iехавеллера. ЙоI ю ша а бохуш, «ВКонтактехь» цуьнца йозанаш деш хиллера РУБОП-н белхахочо. "ЙоIа" шеца Шема вола бохуш, дехарш деш хиллера цуьнга, вовшахкхета меттиг билгалбаьккхинера, цига хIара тIевеъча, лаьцнера иза.

Кхечу камераш чохь доккхачу декъанна латтош бара экстремистийн хьежамаш болу нах. Къуй, талорхой цигахь банне а бацара алара тарлора.

Оцу йоллу хеначохь сан гергарчара лоьхуш хиллера со. Лулахоша аьллера цаьрга, бевзаш боцчу наха машен чу а тоьхна, цIенна хьалххара дIавигира. Сан дас-нанас дIахаийтира, со лачкъийна вигина аьлла. Со дIавигинчу машенан марка а, номерш а дIайийцинера цара, амма цхьана а кепара реакци ца йира вукхара. Лаьцначул тIаьхьа цкъа бен соьга нене телефон ца тохийтира РОВД-ра, цул тIаьхьа зIенера вайнера со.

РУБОП-н изолятор чохь со волчу хенахь, ненаца а, вешица а цхьанакхетийтира со оперативан белхахо юккъахь а волуш, дохку бехкаш ас царна хьалха тIелаца дезаш а дара.

"Кхин да хиндерг, хьуна хууш хуьлу"

Кхин а пхи де даьлча Джабаев веара. Иза реза вацара, шайна оьшу информаци оха цаяларна, цхьана шогачу Iедалан къепехула тхо чудохка деза хIинца бохура цо. Нагахь санна, тхаьш мукIарло дина, тIе а даьхкина сурт хIоттадахь, арахь яккха хан тухур ю элира.

Со реза хилира, ас куьйгъяздира, Пятигорскехь психотропан молханаш дохьуш, уьш моьлуш, духкуш вара со аьлла. Соьца "юкъахь хиллачу накъосташа" а куьйгаш яздира. Кхелехь тхо дохкодоьвлла, талламца цхьана болх беш ду, таIзарна реза а ду баха дезаш дара тхо. Чернокозоверчу колонихь даккха диъ-диъ шераш кхайкхийра тхуна.

Сан дуккха а бевза-безарш Украине дIабаха – бертаза бахийтинера уьш, белла юхабаьхкира

Колонихь эххар а сайн доттагIашца цхьаьна нисвелира со, вовшашца къамелаш дойла а яра. Чернокозовехь адамаллин хьелаш ду. Цигахь йетта а ца йетта, гIело ца хьоьгуьйту, гIажца хьийза а ца во. Кху шеран Дечкен-баттахь хенал а хьалха маьршаваьккхира со. Полисхочунна тIе а воьдуш, куьйгъяздан декхаре вара со.

РогIера Мангал-баттахь [2022-чу шеран] куьйгъяздан со тIевеача, соьга хьоьжуш герз карахь цхьа стаг вуйла хиира суна. Ша оперативник ву элира цо, Украинерчу цхьана лерринчу операцехь ас дакъалаца дезар ду элира, ца лацахь - суна тоьхна хилла хан биллгалчу хенаца хийца а хийцина, Нохчийчохь ца вуьтуш, генна Оьрсийчу дIахаьжор ву элира. Сан могушалла дика яц, йа суна герз лело а ца хаьа аьлла, дуьхьало йира ас.

Сайн дагчохь со гуттар а дуьхьал вара оцу спецоперацина. Цу тIе дуккха а сан бевза-безарш Украине дIабахара – бертаза бахийтинера уьш, белла юхабаьхкира. Дийна цхьа наггахь верг бен ца виссира царех.

Дуьйцуш ду, шен лаамехь вахана, цигахь вийнарг, дика дIавуллу. Бертаза бахийтинарш, царна тезет ца хIоттадойту, тапъалий дIаволла олу волчаьрга. Суна вевза цигахь лазийна цхьаъ. Иза цIа веана, цунна гIо дан дуьхьал хуьлу массо а меттахь. Шена дарба дан ахча гулдан декхаре ву иза хIинца. И ца хилча а, со тIамна дуьхьал ву. Динан агIор а, адамаллин агIор а, и тIом бакъбойла дац.

Кхин некъ банне а бац, резахилар доцург, ойла яй, хIума де аьлла, хан елира суна. Товбеца-баттахь соьга телефон туьйхира Бабатиев Сайд-Ахьмада. Шеца цхьанакхета аьллачу цо, ас тоххара лайна бала хIуммаъ а йоцург хетар ю суна, нагахь санна, сайн лаамехь со цига ца водахь бохуш, кхерамаш тийса вуьйлира иза. Нагахь санна, тIамтIе воьдий, сан аьтто хир бу Iедалан бIаьргаш чохь диканиг хила а, ахча даккха а. Со къарван гIертара, кхин а цхьана шина йа кхаа баттахь бен тIом лаьттар бац, цул тIаьхьа официалехь балха хIотта а йиш хир ю бохуш.

Ас дуьхьало йича, цо элира: "Делахь юха а тхан каравогIур ву-кх хьо. Кхин дIа хIун хир ду, хьуна хьайна а дика хаьа". Со кхеравелира, оцу сохьта со лаца а лаьцна, бертаза дIавигарна, цундела реза а хилла, масех де дийхира ас, кечам бан. Цхьахволчу сайн доттагIчуьнга телефон туьйхира ас. Иза а реза хиллера Украине ваха, кхин дан амал дацара цуьнан. ШолгIачу доттагIчуьнга сан телефон дIа ца кхийтира.

"Лаца а лаций, гIора а эшадай, ве-кх"

ГIуллакх нахаладаккхар – оцу цхьана хIуманах бен пайда хир бац. Дан амал доцчу хьолехь виссина со. Со лоьхуш ву, со лечкъаш лела. Бакъоларъяран «Вайфонд» организацино оцу доллучух а лаций журналисташка дIадийца аьлла, хьехнера суна.

Цкъа дагадеара суна Украине а вахана, церан караваха, украинхойн агIор дехьавала, Iедале сайна тховкIело еха. И дан дагахь вара со. ТIаккха кхийтира со, ас и дахь, Нохчийчохь беха сан гергарнаш лачкъйина буьгур бу цара, уьш кхерамна кIел буьссура.

ХIетте а шеконашкахь вара со, амма дукха хан йоццуш украинхойн йийсархочунна тIехь ницкъбина, иза воIуш, вуьйш видео гира суна. Оцу видеоно са кхачийра сан. Со кхета, цхьана заманахь федералаша а изза лелийна Нохчийчохь. Амма хьо хьожучу хенахь, хьан ойла цхьа кхечу кепара хуьлу. ЧIагIо хиилира сан, лаца а лаьцна, суна тIехь Iазап хьегийтина, валар гIоле ду, амма со цхьанхьа а гIура вац, сайх хIуъа хилахь а аьлла.

Нохчийчохь со лехамашка велла хир ву, сайн кехаташца со аравалалур вац, нагахь санна, блокпостехь сацавахь аьлла хета суна. Гергарчаьрца латтош уьйраш а яц ас, амма цхьана генарчу нахехула суна хаьа, ницкъахой тхан цIа баьхкина хиллий. Сан нанна кхерамаш тийсина, жимахволчу вешин проблемаш хуьлуьйтур ю шаьш аьлла, нагахь санна, со цIа ца вагIахь. Иза кхечу регионехь вехаш ву, амма иза цигара цIа вига йиш ю церан.

Цуьнан кхерамзалла ларъеш, вешица зIене волуш вац со, тешна ву, цхьа олйа йина хир ю цо, царех ларвала. ГIо доьхуш, цхьангга а орца ца доьху ас, нахана сингаттам ца баккха. Массеран а телефонашчухула дуьйцучуьнга ладугIийла ю церан. Сайн аьтто хилча, Оьрсийчуьра дIагIур вара со.

Оьрсийчоьнан гIуллакхаш тIамтIехь эшаре терра, Нохчийчохь нахана тIаьхьабевлла лелар бу уьш

Бертаза Нохчийчуьра бахархой Украине бохуьйту цара. Къаьсттина, полицих боьзнарш бахийта аьтто болу церан. Кхел йина, йа уьш тIаьхьабевлла лелла нах. Церан кхин харжам бац. Массарна а ца ло ойла ян хан, нах вовшахтухучу Джалкерчу пункте дIабуьгу маса. Бертаза мобилизаци йолийна хьийза полици.

Йозанашца а, аудио хаамашца а кхайкхамаш дIасакхоьхьуьйту мессенджерашкахула а, чаташкахула а, ша цхьанхьа кечам бан йиш ю хIораннан а, тIеман ницкъийн могIаршка дIаоьцуш нах бу бохуш. Масала, ницкъаллин структурашкахь болх бечу гергарчаьргара герз а эций, Iама, автомат вовшахъяккхар а карадерзаде бохуш, хьоьху. Нах буьйлу оцу тIехула.

Инстаграмерчу шайн статусашкахь полисхоша мехаш язбо – йохийначу техникех, вийначу мостагIчух, вийначун доьзална а лун болу мах хоуьйтуш. Иштта къаьстина билгалдоккху, конкурс а йоцуш, контрактхойн берийн аьтто хир бу лакхарчу доьшийлашка дIахIитта бохуш. Иштта Кадыровн го а, церан нах а Iедална гергахь хьестабала гIерта, шайн авторитет хьалаяккха Iалашонца. Къовсам бу дIабоьдуш, хьенан ка яьлла дуккха а нах герза буха хIиттон бохуш.

Дешна боцу кегийрхой Iехабо ахчанца а, перспективашца а. Украинера цIа баьхкинчул тIаьхьа дикачу балха хIиттор бу аьлла. Амма ишттанаш дукха хьелур буй хаац тIамтIехь.

Дас-нанас сагатдо, шайн бераш цхьа "хьаштдоцчу хIумане" хьовсарна, шайна тIе цара шеко озорна. Царна хаьа, нагахь санна, стаг политикех интерес кхетта, бакъдерг цунна хаахь, хIун кхерам лаьтта цунна. Политике йолчу интересна бекхам бо Iедало а, доьзало а. Цундела кIезиг бу вайна юкъахь хууш болу нах. Хьолах кхеташ берш даим Iаткъамехь а, лаца кхерамехь а бу. Бу иштта, со санна лечкъарш а.

ТIаьххьарчу заманчохь ас къамел динчу божарша кхин дуьйцуш хIума дац, бертаза тIамтIе бахийтарх лаьцна доцург, заьIапхо велахь а, кIелхьара ца волуьйту бохуш.

Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан гIуллакхаш тIамтIехь эшаре терра, Нохчийчохь нахана тIаьхьабевлла лелар бу уьш. [Iедалша] керла батальонаш кхуллур ю, салтий оьцур бу (буьйцурш бу контрактхой) 70-на тIера 100 эзарна тIе кхаччалц алапаш лур ду, тIамтIе дуьгур дац а бохуш. Амма вайна хууш ма дуй, 70 эзар-м стенна дуьйцура…Iай нехан газ дIахадайо цара 500 сом декхар ду олий. Ткъа батальоне нисвеллачул тIаьхьа, валал иза омрана тIех. Вала а, вола а меттиг боцу хьал ду хIара. Украина тIамехь толахь бен хийцалур доцуш.

***

Кавказ.Реалиин корреспонденто телефон тоьхнера полицин белхахочуьнга Бабатиев Мохьмаде. Цо бакъ ца дира, шена Бекхан вовзар а, бертаза мобилизацихь дакъалацар а.

"Суна хезна дац цунах лаьцна. Хьуна нийса информаци ца елла, со талламхо вац, оцу гIуллакхех лаьцна суна хууш хIума дац, хьо нийса ца кхетийна. Оцу тайпаниг хилла дац. Вербовка лелош вац со. Ас муха лелор ду бертаза хIуманаш? Беламе ма ду иза. Сан номерца цуьнга телефон тухийла дац. Со ОБР-ехь болх беш воцу а ю дуккха а хан. Хьо цхьаммо Iехийна", - дIахьедира телефонехула хиллачу къамелехь Бабатиевс.

Нохчийчуьрчу бакъоларъяран кхечу органашкара комментареш эца аьтто ца белира Кавказ.Реалиин: цара жоп ца делира редакцин кехаташна.

  • Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкхаь а, Украинан дуьхьал тIемаш бечийн могIарш дузархьама, къайлах мобилизаци ю йолийна. Зазадокху а, Оханан а беттанашкхаь дIаязбелла бевлла шайн "лаамехь" берш. Доккхачу декъанна уьш бара ницкъаллин структурашкахь белхаш бинарш йа тахана а церан могIаршкахь берш. Цига баха луучийн къоьлла лаьтта хIинца, хIора баттахь эскархошна алапаш лур ду бахахь а. Кест-кеста латкъамаш хеза тIамтIера юхабирзиначаьргара, оьшу тIеман барзакъ доцуш тIама юккъе кхийсара шаьш, шайна хьалхара, юург ца латтайора бохуш.
  • Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара Оьрсийчоьнан Украинанан дуьхьал болийначу тIамехь дакъалоцуш Оьрсийчоьнан тIеман министраллин 40 дакъа ду. Дукха хьолахь уьш тIетаIийна къилбан агIор, хаамбора «Проект» ресурсо. Дуьненаюкъарчу InformNapalm юкъараллин аналитикаша билгалдоккху, оцу дакъошкара дукхахболу эскархой 2014-чу шарера схьа дуьйна бара Донбассерчу тIамехь хиллачу сепаратистийн агIор.
  • 77 шо долу Хасав-Юьртан кIоштарчу Эндирей эвлара 77 шо долу вахархо Амаев Алимпаша Германехь веха масех шо а ду. Оьрсийчохь МВД-н а, ФСИН-н а белхахошкара Iазапаш лайна, хьийзийна, ша дина доцчу зуламна тIехула дуккха а шераш набахтехь текхначул тIаьхьа дIавахара иза даймахкара. Къано а волуш, бIаьрса а дайна набахтера араваьллачул тIаьхьа, Амаев гIоьртира нийсо лаха, оцу тIехула кхерамаш тийсира цунна ницкъахоша. Кавказ.Реалиино къамел дира Амаевца, цуьнан историх а, бакъонашкахьа латтийначу къийсамех а лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG