ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йа каш дац, йа джихIад дац". Нохчийчуьра бахархой – тIеман пропагандех


Мариуполян цхьахйолчу кIоштахь бу кадыровхой

Социалан машанашкахь «Оьрсийчоьнан коьрта военкор» аьлла, цIе яхначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана денна шен телеграм-каналехь дуьйцу Украинерчу тIамах. Украинхошкахьа тIемаш бечарех «шайтIанаш» а, «бандеровцаш» а олу цо, ткъа Оьрсийчоьнан эскаран могIарехь долу нохчийн дакъош, цо бахарехь, тIемаш беш бу «вайн даймехкан, халкъан, доллу адамаллин а мостагIашца».

Кадыровн хьехамчана Шахидов Адамна хетарехь, Украинера нохчийн эскархой – "Делан некъа тIехь къахьоьгу муджахIидаш" бу (исламан терминологехь "тIемалой"- Редакцин билгалдаккхар), ткъа цигахь белларш – "шахIидаш" ("динан тIамехь"- джихIадехь эгнарш.- Редакцин билгалдаккхар.).

Украинехь кадыровхой тIемаш беш бу "йилбазан тIаьхьенца", шайн къам а, дин а Iалашдеш бохуш, дуьйцуш волу Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волу Делимханов Адам а цо бохучунна реза ву.

Украинера тIом "джихIадан" бу боху Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедо, нагахь санна лаамхой ца хилахь, "НАТО-ца цхьаьна Оьрсийчу йоллу боьхалла а, дино ца магош дерг а кхочур ду".

"Европан гIиллакхашна а, кхинйолчу боьхаллина а дуьхьал» лаьтташ бу Украинехь нохчийн бIахой

Цунна тIаьххье къоман политикан, арахьарчу зIенийн, информацин, зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIакхайкхийра, нохчийн эскархой "Европан гIиллакхашна а, зударий, божарий вовшашка маре эхарна а дуьхьал" лаьтташ бу аьлла.

Украинехь Оьрсийчоьно тIом болийна кхо бутт баьлча, "Левада-центро" бинчу хаттаман жамIашца, 81 процент пачхьалкхан бахархой тIетов цо йинчу агрессина. Оцу юкъанна, тIаьххьарчу хенахь Украинера тIом бакъбеш йолийна кампани кхин тIе а жигара яьллачу Нохчийчуьрчу бахархоша дийцира Кавказ.Реалиина, хуьлучух ма-дарра шайна хетарг.

"БархI шарахь барт бан а мегар дара»

Муслим, 40 шо, хадархо, Шела кIоштара Сиржа-Эвла:

– Пхи шо а ду со оцу зомбояьшке хьоьжуш воцу. Цигара схьа ду эхь доцу харцдерг а, факташ хьийзор а. Бераш муьльфильмашка хьоьжу телехьожийлехь, вуьшта даим а дIаяйина ю тхан и. Амма сан доттагIашлахь бу Киселевн а Соловьевн а, «Грозный» телеканалан информацех а тешарш, сайн ма-хуьллу цаьрца политика ца йийца хьийза со. Цу тIе кху заманахь башха тешаме а дац. Амма бакъду, со дуьхьал ву Украинехь бечу тIамна! Муха бакъдийр ду шайн суверенитет йолчу пачхьалкхана тIелатар, муха бохур ду маьрша нах бойурш – АллахIан некъа тIехь бу?

Аслан Ш., 38 шо, балхахь вац, Шуьйтан кIоштара Борзой эвла:

– Сан кIоштахь интернет цхьацца меттигашкахь ледара ю, цундела телехьожийла юьсу коьрта информацин хьаст. Интернет чохь эзара документалан тоьшаллаш ма ду Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал йинчу агрессин, дуккхаболу тхан кIоштан бахархой а баккъал а тешаш хуьлу, Путинна кхин биссина некъ бацара, Украинехь тIеман гIишлошна тIе бен йетташ яц бомбанаш, маьрша нах тоххара пачхьалкхера арабаьхна бохучух. Амма уьш аьшпаш бу! Агитаци яр даьржаш ду хIора денна. Пропаганда дукха хиларна, сан мелхо а цабезам гIаьттина Оьрсийчоьне а, тIамехь болчаьрга а. Тхан кIоштара бахана а бу дуккха а Украинехь, лазийнарш а бу. Дукхахболчийн декъий гергарчарна дIадохка схьаделла а дац. Шайн 300 эзар дIатекхна – каш дац, йа джихIад а дац!

Зелимха, 30 шо, бакъоларъяран органийн белхахо, Соьлжа-ГIала:

Кхана Украине гIо алахь, оцу дийннехь балхара дIавер ву со

– Сан йиша Украинехь марехь ю. Цуьнан марнана украинхо ю, сан йишин берийн пхенашчохь украинхойн цIий а ду. ХIара джихIад делахь а, со цкъа а гIур вац цига герз эцна. Масех шо хьалха сайн хьекъал ца тоьъна тIеман структурашка балха хIоьттина со, амма кхана Украине гIо аьлла, сайна омра дахь, оцу дийннехь балхара дIавер ву со. Набахтехь хан яккхар гIоле хета суна сайн йишин берийн бIаьргаш чу хьажа эхь хеташ лелачул а. БархI шарахь мегар дара бартбан, дипломатехь доллу хетттарш листа, амма Путинна хIара тIом оьшуш бара.

Анзор М., 25 шо, таксхо, Хьалха-МартантIе:

– Тхан цхьаболчу кегийрхошна муфтий – авторитет хета. Со таксхо болх беш ву, ца ваьллачу денна къамел тасаделча кхета со, мел доьхна хьал ду… Кхиъна даланза кегийрхойн коьртеш Iехон атта ду, амма дуккха а тоьшаллаш ма ду, уьш харц хиларх. Оьрсийчоьнан салташа, церан могIарехь кадыровхой а, Бучехь, йа Ирпенехь лелон къизаллаш ган аьтто бу, Мариуполь гIалех хилларг ган а йиш ю… Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь Кадыров Ахьмада кхайкхира нохчий гIазоте, и бахьана долуш мел дукха кIентий хIаллакхилира. Тахана цуьнан кIентан цIарах Нохчийчоьнан муфтий ву кегийрхошна керлачу тIаме баха провокаци еш. Украина оцу тIамехь хIуъа хилахь а тоьлар ю, ткъа вайна бале дер ду.

Заурбек, 45 шо, физкультурин хьехархо, Веданан кIошт:

– Украинехь боьдург тIом бац, «спецопераци» ю бохуш, тхо тешон гIерта, ткъа оцу юкъанна джихIад- динан тIом болуш санна, кхайкхамаш бо. Наггахь дан хIума цахиларна хьожу со нохчийн телехьожийле. Цхьана сарахь хезира суна Шахидовс "нохчийн эскархой вай дин бехдан гIертачарна дуьхьал тIемаш беш бу" олуш. Ма гена бевлла уьш!

ИбрахIим, 23 шо, программист, Веданан кIошт:

ТIеман хенахь а, теллинчул тIаьхьа а, харжамаш хиллачул тIаьхьа а бен ца буьтту иштта дукха аьшпаш

– Вевзаш волчу Бисмарка ма-аллара, тIеман хенахь а, теллинчул тIаьхьа а, харжамаш хиллачул тIаьхьа а бен ца буьтту иштта дукха аьшпаш. Со хIунда теша везаш ву украинхоша шаьш шайна тIе бомбанаш етта, цIерш туьйсу, хIара тIом бац, "спецопераци" ю, Украинехь берш бохург санна "бандеровцаш" бу бохучу къамелех? ХIаъ, Оьрсийчохь дIакъевлина йоллу йозуш йоцу ресурсаш, цо а ма до тоьшалла, информаци цхьана агIор бен схьалуш цахиларан. Ас хIинццалц схьа а йоьшу кхин йолу зорбанан гIирсаш, факташ юста, мах хадо, сайн цхьа ойла хилийта. Украинехь шайн белла тIемалой дIабухкуш гича а кхета хьо, мила ву бакъ. Суна гира, шайн белларш тIаьххьара новкъа бохуш голаш тIе охьалахбелла бара уьш, ткъа вайн беллачийн декъий а дац ур-атталла схьалуш. Церан цIераш къайлайоху, церан дахаран мах хадабо итт эзар соьмаца.

ДжихIад ду йа джихад дац?

Къобалъязчу Ичкерин хьалханчас Закаев Ахьмада "цхьа а доцург" а, "цIена Оьрсийчоьнан пропаганда а ю элира Межиев кхайкхам.

"Муфтиятан дIахьедар бакъдерг санна тIеэцар – Оьрсийчоьно цхьана Iалашонца дIахьош йолчу пропагандаца тайна хилар ду, джихIадан а, Пайхамаран а дуьхьа Украине бахна нохчий бохуш, цхьа агрессиве нах санна уьш гойтуш. Цхьа а доцург ду иза исламехь а, исламан бакъоне а диллича», -элира Закаевс.

Iаламат дукха информаци яьржинчу заманчохь хала ду агитацих а, пропагандех а Iеха ца вала, аьлла хета исламан дин толлучу Ярлыкапов Ахьмада.

"Дукха хьолахь бусулбачу наха шайна цхьа авторитет хоржу, цул тIаьхьа цуьнга бен ла а ца дугIу. Цхьаболчара ладоьгIу СаIуда Iаьрбийчуьра авторитеташка, вукхара – Афганистанера, кхозлагIчара – Оьрсийчоьнан муфтийшка", - кхетадо эксперто.

Цунна хетарехь, Украинехь тIемаш бен эскархой тайп-тайпанчу бахьанашца нисбелла цигахь, амма "АллахIан некъа тIехь берш" царлахь Iаламат кIезиг бу.

"Дуккха а бу цигахь ахчана дуьхьа бахнарш, уьш экономика ледара йолчу Оьрсийчоьнан регионашкара бу, цара ойла янне а ца йо динан дайн хеттарийн, джихIад ду йа джихIад дац бохучу. Суна хетарехь, хIара джихIад ду аьлла, ойлаерш уьш башха дукха бац", - билгалдоккху Ярлыкаповс.

"Европерчу нохчийн Ассамблейн" куьйгалхо Албаков Шемал аьттехьа а реза вац, Украинера тIом джихIад ду бохучу бусулбачу динан дайшна. Цунна хетарехь, абсурд ю иза.

Цхьа а "денацификаци", "демилитаризаци" а, ламастан мехаллаш ларъяр цигахь хуьлийла а дац

"Со тешна ву, кIезиг процент ю цигахь динан ойланца арабевлларш, дукхахберш – ахчанца боьзна йа цхьа политикан интерес йолуш. ХIинца муьлххачу информацина тIекхочийла ю, массо а кхеташ ву хьаштдоцург дуйла хIара, Цхьа а "денацификаци", "демилитаризаци" а, ламастан мехаллаш ларъяр цигахь хуьлийла а дац, хIара ерриг а пропаганда ю, делахь а, цхьацца бахьанашца баха ма дезий церан", - боху Албаковс.

Оцу юкъанна аннекси йинчу ГIирмин Киево тIеэцначу муфтийс Рустемов Айдера кхайкхамбира Кавказан а, ГIезалойн а, Башкортостанан а къаьмнийн имамашка а, Оьрсийчохь бехачу бусулбанашка а. Цо дийхира, "акха, вежарий бойу спецопераци" емалъеш, дистхила аьлла, ткъа Делах тешаш болчаьрга дийхира – военкоматера шаьш тIекхойкхуш оьху кехаташ тергамза дита, хIуъа а де, тIамтIе ца даха аьлла. Ткъа хIинцале тIемаш боьлхучу меттигашкахь нисбеллачаьрга кхайкхамбина Рустемовс, карагIо аьлла.

***

ТIамтIе боьлхучу "лаамхойх" денна бохург санна видеош зорбане йоху Кадыров Рамзана - цуьнан критикаша хьалхо чIагIонаш йора, меттигера бахархой бертаза хьийсош бу тIаме, ницкъаллин струткурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла, хьийзош болу нах а цхьаьна бохуш.

Бакъоларъяран организацеша дIахьедира Нохчийчохь божарий лоьцуш хиларх, нагахь санна, "лаамхо"» санна уьш Украине тIаме ца болхахь, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дохур ду шаьш бохуш. Доккхачу декъанна 1АДАТ оппозицин боламо хааме даьккхира, Нохчийчоьнан "кеп-кепарчу кIошташкара бIе [лечкъийначу] нахах".

Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра хьийсийначу кадыровхойн а, "лаамхойн" а цIераш тIехь тептар зорбане даьккхина Украинан тIеман министраллан талламан коьртачу урхалло. Ши эзар ах эзар гергга бу уьш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG