ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ямадаев верна бехкелерийначунна бина сацам хийцина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

14 шо хьалха "Восток" батальонан экс - буьйранча Ямадаев Сулим вийна аьлла бехке лоруш вара Нохчийчуьра вахархо Мазаев Зелимхан. ХIинца Оьрсийчоьнан Талламан комитето боху: "Мазаев Зелимхан Сирехь "низам дохош г1аттаммхойн тоба" вовшахтухуш ца хилла. Цо шен накъосташна зуламаш кечдарехь гIо дина."

"Талламхоша дийцарехь, 2014-чу шарахь Мазаевс "Исламское государство" экстремистийн - тобанна ахчанца гIо лаьцна. Йуьхьанца цунна тIейаздинарг -"низам дохош г1аттаммхойн тоба" вовшахтохар дара( таIзар - набахтехь даккха 20 шо). Талламан чакхенгахь цунна бехке дуьллург: террор-зулам дан леринчу нахана ахчанца гIо дар. Ткъа цу зуламна догIу таIзар 2010-чу шарахь Бехк-такхар кодексехь бинчу керлачу хийцамашца 10 шо бен хир дац,- боху "Коммерсанто".

Мазаевн адвокато и хийцам "жима толам бу"элира. Вуьшта а, шаьш цунна тIера бехк "тоьшаллаш цахиларна" дIабаккхийта хьовсур ду аьлла, тIетуьйхира.

Дубай гIаларчу прокуратуро "Восток" батальонан экс-буьйранча верехь шаьш бехке лору хьо аьлла хаам бира Мазаевга. Ямадаев Сулим вийра 2009-чу шарахь. Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь (ОАЭ), цIенна уллорчу машен дIахIоттучу паркехь. Iарбойн Эмираташкарчу талламхоша а, кхело а герз тухуш и вийнарг Мазаев Зелимхан ву аьлла, сацам бира. Амма цара ша дIалацале, Мазаев цу махкара дIаваха кхиира.

  • И хиллачул тIаьхьа сих-сиха Москварчу полицино Мазаев сацавеш нислора: 2011- чу шеран гурахь ресторанехь "Стечкин" тапча "йицйира" цо, 2012-чу шеран йуьххьехь ша шен коганна герз туьйхира. 2015-чу шеран дечкен-баттахь шен накъосташца инкассаторшна тIелата хьаьжира. Эццехь дIалаьцна, 6 шо чохь йаккха хан туьйхира цунна. Амма цо 3 шо, 9 бутт бен ца баьккхира. Цу хенах дукхах йерг - талламан изоляторехь.
  • Ямадаев веран хьокъехь ОАЭ - Iарбойн Эмираташкарчу Iедало 7 Оьрсийчоьнан вахархо лахар дIахьедира. Царна йуккъехь вара РФ Госдуман депутат Демельханов Адам а, Мазаев Зелимхан а.
  • Ямадаев Сулима оьрсийн нохчашца хиллачу тIамехь маршо кхайкхинчу Ичкерина тIехIоьттина, тIом бина ву. ШолгIачу тIамехь - Оьрсийчоьнехьа, "Восток" батальонан буьйранча волуш. 2009чу шарахь Дубай гIалахь вийна ву. Ямадаев Руслан, Сулимин ваша - (2003-2007ш. Госдуман депутат) -2008чу шарахь Москвахь вийна.
  • Ши Ямадаев (вежарий) дIаваккхале хьалхарчу муьрехь Кадыров Рамзанан полит-конкуренташ лоруш бара. "Новая Газета"- хаамашца, ши Ямадаев 2006-чу шарахь Политковская Анна йерехь дакъалаьцна хила мегаш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG