ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

60 шо кхаьчна «Яблоко» парти кхоьллинчу Явлинский Григорийн


Орсийчоь --Яблоко парти кхоьллина волу Явлинский Григорий, Маршо Радио, Москох бюро, 16Дечк2012
Орсийчоь --Яблоко парти кхоьллина волу Явлинский Григорий, Маршо Радио, Москох бюро, 16Дечк2012

Экономист дешна волчу Явлинский Григорийс шозза дакъа лецира Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь. КхозлагIа а дагахь вара иза Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнан дарж къовса кху шеран Зазадоккху-баттахь. Амма Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссино регистраци ца йира цунна. Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш цу тIаманна дуьхьала вара Явлинский. И сацо гIерташ а вара иза. Маршо Радионо интервью йина Явлинский Григорийца, цуьнан 60 кхачарца доьзна.

Маршо Радио: Реза вуй хьо, хьайн дахарехь айхьа баьхначу кхимашна?

Явлинский Григорий: Дерриг а чулаьцна аьлча, со ирсе стаг ву. Со дог реза ву сайн башха дика доьзал болуш а, сайн дуккха а доттагIий болуш а. Ткъа уггара коьртаниг, цу агIора аьлча, ду со реза хилар сой ма-варра виса сайн аьтто баьлла. Суна иза дан хала дара наггахь.

Маршо Радио: Ткъа хьан белхан политикан жамIех лаьцна аьлча, хIун эр дара ахьа?

Явлинский Григорий: Суна хетарехь, жамIаш дан хIинца а хьалхе ду. Амма хийцамаш инзаре бу. Цу хийцамийн чхо вуно чолхе ю. Иза ерриг а эзар шарахь юстуш йолу истори ю Оьрсийчоьнан.

Къаьсттина кху тIахьарчу синтемаза 100 шеран истори. 1917-чу шарахь хилла болу карчам, экстремисташ-большевикаш Iедал дIалацар. Цо чолхечу даьккхира и хийцамаш хилар. Цундела иза еха а, чолхе а процесс яра.

Маршо Радио: Иза нахера баркалла хир долуш болу болх бу, аьлла, хетий хьуна? Дохко-м ца ваьлла хьо, 20 шо хьалха политикана юкъавахарна?

Явлинский Григорий: Иза харжамах доьзна хаттар дац. Иза дахарх доьзна хаттар ду. Со сатесна вара мохк маьрша баккха, уггара хьалха экономикан агIора. Суна лаар цуьнга уггара кхиинчу пачхьалкхашна юкъахь шен хьакъ долу меттиг дIалацийта. Со сайн махках а тешаш ву, халкъах а тешаш ву.

Амма оьшуш йолу экономикан механизмаш кхолла еза. Суна хетара, иза политика а йоцуш, далур дац, аьлла. Тоьаш дац еккъа программаш кечяр, тоьаш дац беккъа хьехамаш бар, тоьаш дац хьакаме цхьаъ хийцахьара, бохуш, деккъа дехарш а деш Iад Iан. Цьа а хIума хир дац.

Со цунах кхийтира. Цундела маьрша экономика хилийта а, нехан долахь хьал хилийта а, конкуренци хилийта а политикан къийсам дIабахьар бу сан белхан чулацам.

Маршо Радио: Хьо политике веара 80-гIа шераш чекхдовлуш, хIинца 10-гIа шераш ду. Оьрсийчоьнан юкъаралла нийсачу агIора дIайоьдуш ю аьллла, хетий хьуна? Цхьанаметтехь лаьтташ ду дерриг, я юхадоьдуш ду?

Явлинский Григорий: 21-чу бIешаро массо а хIума хьалха тоьтту. Кхин хIума ду коьртачу декъана Оьрсийчоьнан Iедалш а, Оьрсийчоьнан юкъаралла а йогIуш ца хилар, замано боьхучу цу хийцамашца. Юккъехула аьлча, иза дуьненан масштаб йолу проблема ю. Амма Оьрсийчохь иза гуттара чIогIа гуш ду.

Оьшуш йолу реформаш ярехь тIаьхьадисар а, хIун дан деза бохучух кхетарехь Iедалш тIаьхьадуьсуш хилар а, корпоративан лаамаш ларбан гIертар а, Iедалехь болу нах шаьш ларбан гIертар а, реформаш а, юкъаралло доьхург а кхочуш дечу метта. Иза ерриг а, дера, догIуш ма дац 21-чу бIешаран лехамашца.

Маршо Радио: Масех шо хьалха ахь яздира, Оьрсийчоь цивилизацин кепара тIаьхьа йиса мегаш ю кхечу пачхьалкхашна, нагахь сихха реформаш ца яхь, аьлла.

Явлинский Григорий: Иза бакъ ду. Дукха хан ца йисина цунна. Суна хетарехь, диснарг ду 5-10 шо. Оьрсийчоьнна гIо деш дерг ду дерриг а дуьнено шен болар лахбина хилар.

Уггара экономикан кхиина йолчу пачхьалкхаша цкъадуьххьара кризис лайра, ткъа хIинца рецесси ловш ю уьш. Цулсовнаха кхузаманахьлерчу Малхбузерчу юкъараллан вуно яккхийн проблемаш ю, шайна юкъахь политикан проблемаш а йолуш.

Цу гIулкхо гIо дан мегара Оьрсийчоьнна ша ца деш дитинарг деш царна тIаьхьа кхиа. Амма Оьрсийчоьно иза деш дац.

Оьрсийчоьнан куьйгалхошна моьтта церан халонех шен пайда эца аьтто бера бу кхин Iалашонаш кхочуш еш, аьлла. Царах уггара хьалха лаьттачерах ю Iедалехь йолчу тобанийн бахам алсам боккхар. Цу агIор аьлча, вайна дуьхьала лаьтташ йолу халонаш вуно яккхийн ю.

Маршо Радио: Кху тIаьхьарчу 20 шарахь Оьрсийчохь хилла йолу ерриг а политика хьан цIарца йоьзна ю. Офицалан Iедалша а, Оьрсийчоьнан хьалхарчу куьйгалхоша а хьо винчу денца декъал вийра ву, аьлла, ладоьгIуш вуй хьо?

Маршо Радио: Вац, дера! Со цу гIуллакхе дукха башхалла йоцуш хоьжу! Аша соьга ца хаьттинехьара, суна дага а догIур дацара иза.

Маршо Радио: ТIаккха хаьтти-кх оха хьоьга иза, ладоьгIуш вуй хьо?

Явлинский Григорий: ХIа-хIа! ЛадоьгIуш вац.

Маршо Радио: Могашалла муха ю хьан? Президентан харжамийн кампани дIайирзинчулла тIаьхьа дарбанцIийне кхаьчнера хьо?

Явлинский Григорий: Дика ву со-м. Сан лоьраша, шаьш шайн болх дика хууш хиларе терра, оьшург дерриг а дира. Дог-ойла сан дика ю. Цхьа а кхерам болуш хIума дацара. Амма суна Дела реза хилла ала лаьа, сох дог лозуш хиллачу нахана. Со чIогIа дог дуьзна ву шоьх. Иштта баркалла шуна со винчу денца къобул варна а.

Маршо Радио: Муха хир ю хьан кхане? Политик санна виса дагахь вуй хьо, эр вай, кхин а цхьана-шина президентан циклехь?

Явлинский Григорий: Нагахь санна ша доьхучух юкъаралла юха ца ялахь, нагахь санна юкъаралла политиках дIахадо Iедалийн аьтто ца балахь, гергарчу 5-6 шарахь иза талхо, аьтто ца балахь, со, цхьа а шеко а йоцуш, вуьсур ву оьрсийн политикехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG