ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко Нохчийчохь лата кечлуш ву


Оьрсийчоь-- Оьрсийн латархо Емельяненко Александ, Москохорчу кхелехь, Зазадоккху-баттахь 19, 2015
Оьрсийчоь-- Оьрсийн латархо Емельяненко Александ, Москохорчу кхелехь, Зазадоккху-баттахь 19, 2015

Александр Емельяненкон векало Олег Раевскис тахана билгалдаьккхира, гоьваьлла ММА латархо тIебогIучу Стигалкъекъан-баттахь Нохчийчохь летар ву, аьлла.

Хьалхе хаам ма-барра, Емельяненко кхузза летар ву WFCA лигехь, цу 3-ах хьалхара латар Стигалкъекъан-баттахь Соьлжа-ГIалахь хир ду.

- Саша летар ву Нохчийчохь, ткъа хьаьнца летар ву, хIинца а билгалдалаза ду. И хир ду Стигалкъекъан-баттахь, даладо Раевскин дешна “Р-Спорт-о”. -Саша чIогIа дикачу хьолахь ву, кечлуш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG