ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн ражца аудитан компанеша юкъаметтигаш лелорах лаьцна таллам арахецна


Иллюстративное фото
Иллюстративное фото

"Яккхийчарех лоручу йеа" компанина юкъайогIучу кхаанца Украинехь тIом болабаллац Нохчийчоьнан 1едалхойн юкъаметтигаш хилла аьлла, нидерландхойн йозуш йоцчу журналистийн Follow The Money тобано таллам зорбане баьккхина. Иза бIостане ду официалехь дIахьединчу корпоративан мехаллашца. Юьйцурш ю PricewaterhouseCoopers а, KPMG а, Deloitte а компаниш.

Иштта, Оьрсийчоьнан Украине чугIортар хилале кхо кIира хьалха KPMG-но хаамбира, республикехь стратегин индустрин кхоллархо хир ю ша аьлла. 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Исламан экономикан форум вовшахтоьхначех цхьаъ яра компани. Форум схьайоьллуш дакъалецира "чолхечу кепехь адамийн бакъонаш хьешаран" а, "Iазап латторехь дакъа лацаран" а бахьанашца 2019-чу шарахь дуьйна Американ санкцешна кIелахь волчу Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима.

Deloitte-н векалш Хучиевца Соьлжа-ГIалахь цхьанакхеттера 2014-чу шарахь, нохчийн зорбанаша бахарехь, "республикан инвестицин имидж кхиорхьама кхин дIа юкъаметтигаш лелоре дог доху" аьлла цара.

2017-чу шарахь оьрсийн PricewaterhouseCoopers Оьрийчуьрчу декъо "Нохчийн Республике инвестициш йаран хьехамаш" кечбира, шен юьххьехь Кадыров Рамзанан малхбузера компанеш Нохчийчу ахча дилла кхойкхуш, дешнаш а долуш. Карарчу хенахь и кехат тIекхочийлехь дац.

"Йоккхачу йиъ" компанина юкъайогIучу Ernst & Young-о хаамбира, Нохчийчохь ша болх беш яц, аьлла, амма жоп доцуш дитина хьалха лелийначух лаьцна Follow The Money гIирсо делла масийтта хеттарш.

Follow The Money-н материало гойту, корпорациша дIакхайкхош болчу хьежамашна а, цара баккъала а лелочунна а юккъера башхалла.

Иштта, KPMG-но дIахьедо, "уггаре лакхарчу этикан стандартна тIетайна хилар": "Оха тхайн клиенташка доьху, дуьненахь тIеэцна адамийн бакъонаш ларар. Адамийн бакъонех доьзна кхерамаш карийча оха иза луьсту". KPMG-н массочу дакъоша талла беза шайн хила мега клиенташ, цаьрца юкъаметтиг лелор этикаца догIуш хилар а талла деза.

Deloitte теша "инклюзиван культура кхиорах", ткъа PwC-но дIахьедо "шеконе репутаци йолчу клиенташца юкъаметтиг лелон дуьхьал хиларх".

ООН-ан "Адамийн бакъонийн аспектехь совдегаралла лелоран а, адамийн бакъонан а коьртачу принципех" дIакхетта ерриг кхоъ компани, царна компаниш декхаре йо "муьлхха адамийн бакъонаш хьешар гучудаха, юкъахдаха а, муьлхха а адамийн бакъонаш хьешар кIаддар а". Цул сов, PwC – Амстердамера гей-прайдан барамийн коьрта спонсор ю, иштта дерриг дуьненахь ЛГБТ-н бакъонаш ларъяран барамийн а.

Оцу гIуллакхо, билгалдоккху талламехь, новкъарло ца йина компанешна Нохчийчоьнан Iедалца юкъаметтигаш лелон. Республикан куьйгалла инзаречу кепехь адамийн бакъонаш хIаллакйарца девзаш ду, шен декъехь Кадыровн режиман критикашна а, ЛГБТ-н декъашна а хьокъехь Iазап латтор а, кхелехь доцуш нах байъар а долуш.

Follow The Money гIирсан таллам Стигалкъекъа-беттан 13-хь арахецна; хIинца цунна тIе тидам бахийтина Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-наханна гIо латтош йолу "СК SOS" кризисан тобано: церан векалийн комментареш оцу материална юкъа яхийтина.

  • Украинехь тIом болабелча KPMG-но дIахьедина, "Оьрсийчуьра бизнес дуьненаюкъарчу машанах ца юзуш юьту", аьлла. Иштта сацамбира PwC а, Ernst & Young компаниша а. The Wall Street Journal-н хьостано бахарехь, Deloitte жим-жима шен бизнес сацош ю, Оьрсийчуьра дIаяха дагахь ю иза Стигалкъекъа-баттахь.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто ша шарахь цкъа арахьарчу мехкашкахь адамийн бакъонашца долу хьал довзуьйтучу артиклехь къаьсттина хьахийна Нохчийчоь. Билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iедалхоша толлуш дац Нохчийчохь кхелаца доцуш ЛГБТ-н дакъашхой байъарх а, царна тIехь Iазап латторах а долу хаамаш, иштта тIе ца лоцура оцу тайпа нах республикехь хилар. Цул сов, хууш ду масийттаза нах лечкъор а.
  • Зазадоккху-баттахь оппозицин IADAT боламо таллам арахийцира СОБР "Ахматан" къайлаха набахтех лаьцна – цига чохь, жигархоша бахарехь, лачкъийна латточу меттигерчу бахархошна тIехь Iазап до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG