ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоккхачу туьканахь граната эккхийта кхерам тесна Нохчийчуьра вахархо лаьцна


Москварчу "Метрополис" йохка-эцаран центрехь граната эккхийта кхерамаш тийсина стаг лаьцна. Иза ву, хьалхо къола а, талораш а лелорна таIзар дина Нохчийчуьра 47 шо долу вахархо, яздо "Московский комсомолец" газето.

Бакъоларъяран органаша а, зорбанан гIирсаша а цуьнан цIе йоккхуш яц.

Бехкехетарг лаьцна хадархоша цхьахйолчу туьканахь къола дарна. Оцу мIаьргонехь гранатех тера шен кисанара цхьа хIума яьккхина хиллера цо. Туьканара нах арабаха дезнера.

"Ши сахьт гергга хан эшнера полисхошна зуламхо мила ву хаа, иза хилла 1974-чу шарера вахархо, иза лаьцна", - дIахьедина Москварчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло.

  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан парламенто лаам къадийнера Пачхьалкхан Думехь, зулам дина стаг хьахош, иза схьаваьлла къам довзийтар дехка деза, аьлла. Республикерчу Iедалхошна хетарехь, оцо цим тосу къаьмнашна юкъа. Нохчийн парламентареша чIагIдарехь, къомах я динах дозуш дац стага дина зулам.
  • Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а. ТIаьхьо къаьстира, зуламхойх яржийна информаци харц хилар.
  • Бакъонашларъярхой а, журналисташ а дуьхьал бу дуьйцу низам тIеэцийта.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG