ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом, нохчийн... керла тIом


Шема -- Асад Башаран эскарна доьхьало ечу Маьршачу Эскаран декъашхой, Димашкъана йистехь, 23Ман2013
Шема -- Асад Башаран эскарна доьхьало ечу Маьршачу Эскаран декъашхой, Димашкъана йистехь, 23Ман2013

Масех кIира хьалха бусулба шейхаш Шемахь дIадоьдуш джихад ду, цигахь дакъалаца массо а бусулба декхарийлахь а ву, аьлла, фатва арахецча дуьйна схьа лакхадаьлла Шеме тIаме оьхучу бIаьхойн терахь. Европехь бехачу нохчийн мухIажарийн доьзалшкара кегий нах а бу царна юккъехь.

Нохчий Шемахь тIемаш беш бу боху хабар даьржина-м шо сов хан ю. Делахь а, цхьана муьрехь и дацаре дора, угарре а хьалха Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьно хIоттийначу Iедало а, иштта дукхахболчу нохчаша шаьш а.

Цхьанна а ца лаьара генарчу Шемахь шайн боцучу тIамехь, тIехула тIе шайн Даймахкахь хIинца а дIабоьдуш тIом а, дела денна аьлча санна, цу тIамехь оьгуш шайн къомах болу нах а, цу тIеман а, цу тIеман чаьлтачийн къизалла а, церан гIело а ловш къоман цхьа доккха дакъа а долуш, цхьанхьа ширачу дийцаршкарий, телегайтамашкарий бен юьйцу а ца хезначу Шемахь тIом бан бахана вайн махкахой бу бохург.

Цу тайпанчу ца лааран кхин цхьа а бахьана а ду. Вайнах Iемина бу, кху лаьттахь мичча маьIнехь даьлла а цхьа тата далахь, Оьрсийчурчу Iедалша а, церан аьшпенечу къайлахчу сервисхоша а оцу сохьта цу татана бехке нохчий беш хиларна, цхьа а балош я бух а, я тоьшалла а доцуш. Ткъа цул тIаьхьа и цIарна цIеяхана йолу „нохчийн лар“ массо а нохчочунна бале йолуш хиларна а, хIунда аьлча террорхойн, зуламхой цIе, харц-бакъ, бехке я бехказа къастош а доцуш, хIора а нохчочунна тIе кхуллуш хиларна.

Амма масех бутт хьалха цхьана хьенехо, шен цIе Абу Iумар Шишани а ю, ша Шемехь тIом бечу нохчийн тобан буьйранча а ву, аьлла видеогайтам интернетухула баржийначул тIаьхьа и хIума кхин дIакъайла кхехьа гIертар а маьIне доцучу делира. Цхьацца питанечу радикалан сайташкахь, шаьш шайн доьзалшца кхерамазаллечу дозанал арахь дIа а тарбелла, Шемара тIом могIарерачу нохчийн тIаме берзон гIерташ къахьоьгучу „интернетерчу джихадан баьччаний“ саьхьаралла тидаме эцча-м муххале.

Масех кIира хьалха Шемахь вевзаш волу нохчийн режиссер Музаев Мурад кхелхина, аьлла, коста кхаьчча эххар а кхеташ хилира, и тIом радикалан исламан хьежамаш болчу нехан дозанашкара ара а баьлла, йоллучу юкъараллин юккъехула чекхболуш буйла. Цунах йистах вуьсуш воцийла я кхоллараллин белхахо а, я Нохчийчуьрчу тIемаша чахчийна болу зеделларг долу тIемалой а.

Амма нагахь санна хIинцалца схьа Шема тIаме вахар хIора а бусулба стеган шен-шен лаам а, сацам а хилла хиллехь, ши кIира хьалха Мисар- махкахь вовшахкхеттачу баккхийчу вайнзаманахьлерачу бусулба Iелам-наха фатва арахецна, хIора кхиинчу бусулба динерачу стагана Шема а вахна, цигахь Асадан режиман дуьхьал тIом бар – иза декхар а ду, Шемахь дIадоьдуш дерг джихад а ду, ткъа Асадан Iедал а, цунна белшашгIорточу пачхьалкхенаша а дIахьош берг бусулба умматана дуьхьал тIом а бу, аьлла. И фатва арахоьцуш декъа вара дуьненна а вевзаш волу шайх Кардави Юсуп а, цхьа могIа кхин а баккхий шейхаш а.

ХIетахь дуьйна хаъал лакхадаьлла, бохуш, дуьйцу аналисташ доллучу дуьнентIера а Шема тIаме оьхучу кегирхойн терахь. Дукха бу царна юккъехь Европехь бехачу нохчийн мухIажарийн доьзалшкара кегий нах. ХIинцале а масех нохчийн жимстаг, еккъа цхьана Европера, цу тIамехь кхалха а кхелхина. Царна юккъехь вара тIаьхьарчу шерашкахь Швецехь Iаш хилла Музаев Мурад а.

Нагахь санна Европера нохчийн кегирхой, шайн кадаьл-даьллачухула кхайлаха Шема тIаме баха сатуьйсуш белахь, хIун дуьйцу те ханна мелла а баккхийха болчу Европехь бехачу нохчашлахь цу хьолах лаьцна? Цу хаттарна жоп луш ву Берлинехь вехаш волу нохчийн жигархо Душуев Рахьман.

Душуев Рахьман: „Нохчашлахь дуьйцуш а, хьахош а хуьлу и хIума, цхьаъ вахнера цига, я боьлхуш бу боху, олий. Мила ву бохург цIерашца дуьйцуш ца хуьлу, къайлах и хIума лелош хиларна. Бусулба наха, Iелим наха, и хIума ма-дарра дийца йиш йолчара, цунах лаьцна цхьацца кхайкхамаш беш ма гой вайна интернетехула а.

Цу Шемахь хир болуш тIемаш буйла жайнашкахь хьахийна а ду. Вай цIахь долу хьал тидаме эцча а, вайн адам кIеззиг хилар тидаме эцча а, и кегирхой жиммаъ дебар бацара те, аьлла хеташ, уьш жимма алсам бер бацара те, олий, уьш цига баха ца лууш а, ца бахча гIоле хир дара, аьлла, хеташ берш хуьлу дуккхаъ. Делахь а, и кхайкхамаш бечу нахана, муьлха а къомах белахь а, бусулбанаш цхьаъ болу дена, шен бусулба дог-ойла, шен майралла а, доьналла а дерг воьду цига. Массо а ма ваций иштта и майралла йолш“.

Дуьхьарлера оьрсийн - нохчийн тIом болабелчахьана кху дийне кхачалца нохчийн деалгIа долу дакъа дийна, лахделла долу къам хIинца а цу тIемийн чевнех дарба хила ца кхиъначу хьелашкахь, тIамах, - шайн цIерчу тIамах, - кIелхьарбаьхна шайн доьзалш а бовдийна, Европе схьадаьхкинчу дайн-нанойн хIинца-хIинца когаирахIиттина долу божаберш Шеме тIаме а дахна, йигахь кхалхар – бийцина ца валлал бохам бу иза, и кIентий болчарна.

Бакъду, гIаж такхолла верг Шемарчу гIазотехь дакъа лаца декхарийлахь ву, аьлла, фатва дина болчу Iелам наха цу категорешца ечух тера дац ойла, ах миллиарде кхаччалц Iарбой дуьнентIехь хиларна делахь а. Я стенна делахь а. Уьш ца кхета, цхьа кIант кхалхар а нохчийн къомана мел бохам бу бохучух.
XS
SM
MD
LG