ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юьртан бахаман хьакъйолу белхало" аьлла совгIат дина Кадыровс йишина


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишина Кадырова Зарганна "Юьртабахаман хьакъйолу белхало" цIе елла. Оцу кепара совгIат делира цунна регионан куьйгалхочо, Кадыровас Iуналла дечу мехкан Шелковскан кIоштарчу Новощедринская станице ахархойн-фермерийн бахаме хьажа веанчу хенахь.

Нехаш дIакхоьхьучу керлачу машенан догIанаш а делла Кадыровс иштта шен йишина, цо бахарехь, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан совгIат ду иза.

"Дуккха а шерашкхаь къахьегарна а, юьртабахам кхиорехь доккха дакъалацарна а цунна йогIуш ю иза", - аьлла ду инстаграмерчу Кадыровн официалехь йоцчу агIонехь совгIат дарх яздина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанас дена йина йиша ю Кадырова Зарган, иштта транспортан а, зIенан а министран Черхигов Рамзанан хIусамнана а ю иза. ТIаьххьарчу шерашкахь цо болх бира школазхойн дешарехула Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнча санна.

  • Хьалхо "Важные истории" (Оьрсийчохь арахьара агент лерина, амма ресурс цунна реза яц. -Редакцин билгалдаккхар.) хьосто, Росреестран хаамашна тIетевжина, яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан чуьрчу гергарчийн, церан декларацешкахь билгалъяьхна а йоцуш, Москварчу "Соколиное гнездо" премиум-классан комплексехь петарш ю аьлла
  • Кадыровн йишин Кадырова Зарганан 2004-чу шарахь дуьйна оцу комплексера 131,7 квадрат-метр йолу петар ю цIартIехь. Мехкан куьйгалхочун гIовсан дарже ялийна хиларе терра, иза декхаре яра шен ара-чу ца баккхалун бахам декларацехь язбан. Бакъду, Зарганан деклараци йиллинчу сайташкахь кара ца йина журналисташна.
  • Зарганан хIусамда, Нохчийчуьрчу зIенан а, транспортан а министр волу Черхигов Рамзан декхаре вара шен долара а, шен хIусамненан цIартехь болчу а бахамах хаамаш бан. Амма, 2012-чу шарерар 2019-чу шаре кхаччалц зорбане яьхначу декларацешкахь Черхиговс ца хьахийна "Соколиное гнездо" олучу, езачу меттигера шен зудчун петар.
  • Цул совнах, кхин а еза петар ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамненан Кадырова Меднин долахь. Мосфильман урамерчу "Воробьевы горы" олучу престиже меттигехь ю цуьнан 210 кв.м хIусам. 2016-чу шарахь хIусаман мах бара 200 миллион сом.
  • Кадыров Рамзана, 2020-чу шеран Марсхьокху-беттан 7-чохь шен официалан сайтехь зорбане яьккхинчу деклараци тIехь, 2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнера ГIуран-беттан 31-чу дийне кхаччалц цо даьккхина 147 997 849,29 сом. Оцу юкъанна, 2018-гIа шо довш цунна хилла пайда бара 7,58 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG