ТIекхочийла долу линкаш

Юхайовла дагахь яц "Маьрша Кавказан" батальонаш


Украина -- Шайх Мансуран цIарах йолу дуьненаюкъара машарбаран батальон, 2017 шо.

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь 73 шо кхочуш ду нохчийн къам дохийна махках даьккхина. Шераш дIаэхарх вайн гIийлачу дайша-наноша бала Iевшина и хан дагара ца йолу. Цул тIаьхьа яьллачу заманчохь вайн къомо лайна халонаш а, ши тIом а беза ца хета и ирча зама санна.

Цундела нохчашна тIехь йина геноцид дагайоуьйтуш тIедогIучу кIиранах Малхбузерчу Европерчу пачхьалкхашкахь митингаш а, пикеташ а, кхин йолу акцеш а дIаяхьа кечлуш бу «Маьрша Кавказ» юкъараллан политикан болам.

Цу боламан векало Мусаев Ильяса дийцарехь, церан акцеш хир ю коьртачу декъана Оьрсийчоьнан векалаллашна хьалха.

Мусаев: "Тхайн цхьа план а хIоттайой, ара а довлий, оцу Оьрсийчоьнан векалаллашна хьалха дIа а хIуьттий, тхуна хIара дицделла дац шуна, Кавказан къаьмнашна тIехь йинарг геноцид ю шуна, оха иза дицдийр дац шуна олий, дуьненаюкъарчу организацешка дехарш до оха, хIокху хIуманна мах хадабахьара олий.

Дани, "Маьрша Кавказан" акци.
Дани, "Маьрша Кавказан" акци.

Тхайн ма хуьллу иза диц ца далийта гIерташ хуьлу тхо. Вайн цIахь 23-чу дийнахь цхьана а тайпа митинг а яц вовшахтухуш, адам арадолуьйтуш а дац, иза хьахадойтуш а дац. Цундела оцу нахана тхо гича синтем хир бара-кх олий, и де вайна дицделла ца хилар гойтуш беш гуламаш бу-кх оха".

"Маьрша Кавказ" болам кхоьллина 8 шо кхаьчна кху деношкахь. Цуьнан коьрта Iалашонаш иштта билгалйоху Мусаев Ильяса.

Мусаев: «Тхуна лууш дерг, кху дуьнентIерачу Кавказерчу диаспоршца зIе а тесна, тхо Iаш долчу Данехь боккха гулам бийр бу вай, цу гуламехь урхалла а кхуллур ю вай аьлла дара. Кавказехь хуьлучу къийсамашкахь а, Оьрсийчоьно юкъадоьхкинчу питанашкахь а болх беш хIума а дийр ду вай аьлла яра тхан коьрта Iалашо.

Важа Iалашо яра Оьрсийчоьно Кавказера хьал дуьйцуш яржо харцо гучуяккха а, вайн бакъо йовзийта а, маршонехьа къуьйсучу къаьмнашна тхайгара информацин агIор гIо дар а».

Киеверчу Майданехь.
Киеверчу Майданехь.

«Маьрша Кавказ» олучу боламах лаьцна шуьйра хиира Украинин малхбалехь Оьрсийчоьно тIеман конфликт кхоьллинчу деношкахь. Мусаев Ильяса иштта дуьйцу шаьш Украинерчу хиламашкахь дакъалацарх лаьцна.

Мусаев: «Оцу Евромайданехь и гулам болуш ладоьгIуш дара тхо. Украинехь болу къийсам вайн къийсам бу, Кавказан къаьмнийн маршонна цунах гIо хир ду аьлла, масийтта стага цхьаьна а кхетта, дуьххьара кхайкхам бира оха, Украинерчу къоманна массо а агIор гIо дийр ду оха аьлла.

ГIо деш батальонаш кхоьллича дика хир ду аьлла, лууш верг дIаязло аьлла тхайн Chechennews.com сайт тIехь кхайкхам бира оха. Дуккха а наха къобул деш тIеийцира иза».

Мунаев Iийса Украинехь. 2014
Мунаев Iийса Украинехь. 2014

Дудаевн цIарахчу батальонна хьалхавелира «Маьрша Кавказ» боламан куьйгалхо Мунаев Iийса бохуш, кхин дIа а дуьйцу Мусаев Ильяса.

Мусаев: "Хьалхара батальон, Дудаев ЖовхIаран цIе а тиллина, Мунаев Iийса хьалха а ваьлла, цу (Украине) чуяхийтира оха. Мунаев Iийсас элира, тхайн декхар дIадала даьхкина ду тхо аьлла. Вайна дагадогIу украинахой вайна гIо дан баьхкина. Вайна юкъара гергарло чIагIделира-кх иза дар бахьана долуш".

Украинехь, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна тIе а хIиттина, тIом беш бара Нохчийчура бахийтина "кадыровцаш" олу эскархой. И бахьана долуш вуно во буьйцуш бара нохчий Украинехь. Амма Мунаев Iийса а, цуьнан накъостий а Украине дIакхаьчначул тIаьхьа нохчех йолу ойла хийцаелира меттигерчу бахархой, бохуш вара «Маьрша Кавказ» боламан векал Мусаев Ильяс.

Тахана а ю Украинин малхбалехь дIатарйина «Маьрша Кавказ» боламан Дуьненаюкъара машарбаран Чеберлоевский Муслима куьйгалла деш йолу Шайх Мансуран а, Осмаев Адама куьйгалла деш йолу Дудаев ЖовхIаран а цIарах йолу ши батальон. И шиъ дIатарйина меттигаш ю тIеман дозанна уллехь.

Церан хьалханча Мунаев Iийса кхалхаро, дог дохийнехь а, ца хийцира "Маьрша Кавказан" батальонийн декъашхойн Кавказан маршонехьа а, демократехьа а къийсам дIабахьа болу лаам. Украинехь кхоччуш машар хIотталц цигахь биса дагахь бу шайн накъостий бохуш вара Мусаев Ильяс.

XS
SM
MD
LG