ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юристан Нохчийчохь дIабигинчу гергарчех цхьаберш маьршабаьхна


Гайтаман сурт

Де хьалха Нохчийчохь лечкъийначу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" къилбаседанерчу филиалан юристан Янгулбаев Абубакаран гергарнаш бехачу хIусамашкахула чекхбевлла бакъоларъярхой - цхьаберш цIа бахкийтина. Хьалхо юристо дIахьедира, 40 гергга шен ненахой а, дехой а дIабигина аьлла.

"Соьлжа-ГIаларчу цхьана адресца чохь нах хилла, амма ваханарг со цахиларна, неI йиллинчара шьаш ца довзийтина, уьш муьлш бу билггал хууш дац. ШолгIачу адресца бахча - цхьа а цIахь ца крийна. ГIойтахь беха гергарнаш а цIахь хилла. Оха багарбина бац, йа билггал хаа а ца хаьа, маса гергара стаг цара дIахецна", - дийцина Кавказ.Реалиига Янгулбаев Абубакара.

Зорбанашкахь гIарадаларна, шен нах маьршабаьхна хир бу аьлла, дузу юристо.

"Суна хIинцале а хууш ду хиндерг, видеош йохур ю, хилла хIуммаъ а дац, профилактикан къамел дан тIекхайкхинера шаьш, цхьанна а дина зен дац аьлла. Иштта даим а хуьлуш ма ду", - аьлла хета юристана.

Нохчийчохь шайн гергарнаш, йа бевза-безарш дIабигина хIума нислахь, маса заорбанашка, бакъонашларъярхошка дIахаийтар а, официалан органашка дийлар а хьоьху Янгулбаев Абубакара.

"Бакъонан механизмах пайдаэца беза, и ца дахь, лечкъийнарш кхолха кхерамехь буьсу, царна тIехь хIуъа а дан тарло. Шайн гергарнаш бигинчул тIаьхьа тийна дукха мел Iий, сов бала хьега тарло цара", - дерзийна шен къамел Янгулбаевс.

ТIаьххьарчу шина дийнахь Нохчийчуьра дIавахначу пхеа оппозиционеро дIахьедира, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Ву царлахь - Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон исс гергара стаг (цхьаберш тIаьхьо дIахийцира, амма лачкъийна Тумсон стуннана а, стунйиша а). Германехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан цIийнах болу нах а бигина, билггал хууш дац маса стаг вигина, Европехь болх бечу бакъонашларъяран "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергара кхо стаг, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ворхI герагара стаг, Германи дIавахначу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран куьйгалхочун Арцуев Асланан цIийнах виъ стаг а.

Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG