ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юристан Янгулбаевн нана лачкъор тидамеэцар тIедожийна Оьрсийчоьнна Amnesty International организацино


Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацино кхайкхамбина Оьрсийчоьнан федералан Iедалхошка, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема Нижний Новгородера лачкъийна йигарна катоххий юкъагIорта аьлла. Бакъоларъярхошна хетарехь, нана лачкъор - жигархочунна тIеIаткъам бар ду.

"Оьрсийчоьнан федералан Iедалхоша хIинца а жоп доцуш дуьтур ду-те Нохчийчохь лелориг, шайн критикаш совцорхьама, уьш зуламашца кхерош, церан гергарнаш лечкъош хьийзар шайна ца гуш санна?" , - аьлла ду Amnesty International организацин сайтехь диллинчу дIахьедарехь яздина.

52 шо долу Мусаева Зарема диабет йолуш ю, кхин а цхьа могIа лазаршца а, иштта коронавирусан ун долуш ю, нохчийн ницкъхоша шен хIусамера лаьцна йигина иза яхначу буса. Юьхьнаца цуьнан хIусамда а Янгулбаев Сайди а Нохчийчу дIавига ойла хиллера церан, амма иза федералан кхелахочун болх бина хиларна (2015-2017- чу шерашкахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелехь болх бина ву иза), муьлхха а талламан барамаш Инарлин прокуроран а, Лакхарчу суьдхойн квалификацин коллегин санкцешца бен лело бакъо цахиларна витина. Цундела Соьлжа-ГIала цхьа Мусаева бен йигина яц.

Курхаллаш лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула теш санна, хеттарш дан юьгуш ю аьлла иза формалехь, талламан урхаллин талламхочо Хусаиновс куьйгъяздинчу кехатца. ГIуллакх айдина хилла 2019-чу шарахь, ткъа 2017-чу шарахь дуьйна Мусаева Зарема а, цуьнан цIийнда а Нохчийчохь дехаш дац, йоллу цуьнца хилла контакташ дIа а хедийнера, дийцина Кавказ.Реалиига Янгулбаев Абубакара.

Цо бахарехь, карарчу хенахь хууш дац Мусаева Зарема йолу меттиг. Цунна хетарехь, цуьнан нана юьгуш боьлху полисхой хIинца а новкъахь хила тарло — Нижний Новгородна а Соьлжа-ГIалина а юкъахь 1 800 километар некъ бу, де-буьйса дала тарло неккъаца.

Бутт гергга хьалха Нохчийчохь леца болийра, Нохчийчоьнан куьйгалхочун режимна критика еш болчу жигархойн а, блогерийн а цхьа могIа гергарнаш. Шаьш блогерш даймахкал арахьа бехаш бу, цундела ницкъхоша сацамбира Нохчийчохь бехачу церан гергарчаьргахула Iаткъам бан. БIе гергга стаг лаьцна бохуш, яздора хаамашкахь дукхахберш дIахийцира, царлахь бара бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненехула а, дехула а гергарнаш а. Кадыровс дIахьедира, уьш лечкъийна хила тарло, цара [блогерша] сийсазбинчара.

Нохчийчоьнан Iедалхошна хетарехь, Абубакар а, цуьнан ваша Янгулбаев ИбрехIим а хила тарло оппозицин IАДАТ боламан модераторш. Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь видео тIехь боху иштта Нохчийчу юхаеанчу, цхьана хенахь Ичкеригахьа лаьттина, дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалшна шога критика еш хилла Мицаева Рубатис.

Лечкъийна нах ГIуран-беттан 21 -25-чу деношкахь, буьйсанашкахь ерриг а Нохчийчухула. Доьзалца шен зIе хаьдда хилар журналисташна хаийтинчех хьалхарниг вара Турцехь веха блогер Халитов Хьасан – шен да а, ваша а вен кхерам бу, бохура цо. Гергарнаш шен а, шен зудчуьн а бовдийна, хаам бира оппозицехь волчу блогера Абдурахманов Тумсос а. Иза ша а ву 2020 шеран Чиллан-баттахь Швецерчу Евле гIалахь Оьрсийчоьнн бахархоша Мамаев Руслана а, Шапиева Эльвирас а динчу тIелатарехь валанза ваьлла. Йинчу кхело 10 а, 8 а шераш кхайкхийра зуламхошна. Европерчу леринчу ницкъаша Iорадаьккхина тIелатарна тIехьа лаьтташ Оьрсийчуьра Iедал хилар.

Шен куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергарнаш лачкъорах лаьцна хаам баржийра адмийн бакъонаш тергалъечу "Вайфонд" цхьанакхетаралло. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна орца кхайкхийра Германерчу блогера Мализаев Микаила а, бакъонашларъярхочо Янгулбаев Абубакара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG