Ютюб видеохостинго блок тоьхна Украинан президентах Зеленский Владимирах лаьцна пароди еш яьккхинчу кхаа видеох цхьанна – цу чохь дакъа лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, блогера Комикадзе Максо а. Авторийн бакъонаш хедор хилла иза дIаяккхаран бахьана.
Блогерна кхаьчна йолу скрин-шотаца а догIуш (шен телеграмерчу канале хIоттийна цо иза), Евгений Панюта цIарца вазвина волчу пайдаэцархочо кховдийна бакъонаш хьешарна латкъам. Видеон дуьххьарчу секундашкахь бакъонаш хедор гина социалан машанна – блогеро дIахьедо, уьш видеостокехь эцна хилла хилар, тIаккха царах пайда эцар низамца догIуш хилар а.
Украинан президент аьшнаш веш, беламе видео Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналехь товбеца-беттан юьххьехь гучуелира. Хьалхарчу видео тIехь Зеленскийн вастехь волчу актеро "Украинан билламза капитуляцин актана" кIел куьйг яздо, оцу хенахь цуьнан белшаш тIехь Кадыровн куьйг хуьлу. ШолгIачунна тIаьхь – йийсаре а волий, Соьлжа-ГIаларчу резиденце вогIу иза, ша "Ахмат" батальоне дIаэцар доьхуш, кхозлагIчу видео тIахь – Iалашонна меттана гойту иза кадыровхоша герз кхуьйсучу меттехь, видеон чакхенгахь йоза хуьлу "тIаьхье хир ю кхин дIа".
Санкт-Петербургера блогер Комикадзе Макс ву 148 эзар стаг тIевазвелла шен ютьюбера канал лелош. ТIом болабелча схьадиллина цо иза. Ша Зеленский Владимирах тера хиларх пайда оьцу блогеро – президентах пародеш йоху, оцу вастехь чат-рулетка чу а волий, бевзаш боцчу нахаца къамел до политикан озаца. Амма комик гIарвелира интернетан арахьарчу сегментехь – цуьнан цхьайолчу пародех жоп дала дезна испанхойн зорбанашна хьалха Словакин полисхойн.
Комикадзе цхьаъ хилла ца Iа видеош йохуш дакъа лаца кхайкхиначех – цига кхайкхира бевзаш болу пранкераш Лексус а (Столяров Алексей), Вован а (Кузнецов Владимир а). Цара муха дакъа лаьцна а, муха барт бина балийнера уьш республике а – балхах ахча кхаьчний царна, мичара, муьлхачу барамехь кхаьчна – хууш дац.
- Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу юкъараллин фондо сепаратистийн "ДНР-ра" 26 берана а, кхиазхочунна а, оцу тобанца хилла волчу кхаанна а IPhone I3 PRO Max телефонаш елира. Уьш цига кхаьчнера Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан базехь хIоттийна йолчу дешаран сменехь дакъа лаца. Ишттачу смартфонан туькнара мах 150 эзар гергга сом бу.
- Хьалхо оцу баттахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан фондо Украине тIом бан хьежош болу пачхьалкхан йоллу регионашкара шайх лаамхой олурш кIиранчохь чекхбуьйлучу Гуьмсерчу спецназан университетана лерина ТР-301 кема ("кукурузник" санна девзаш долу Ан-2 кеманан модификаци ю иза) эцнера. Билггал муха пайдаоьцур бу кеманах - хууш дац.