ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юучун мехаш лакхадевр ду". Стенна эшна Китайна дуьнентIера ах кхача дIаэца


Китайн малхбузехь йолчу Урумчера кхачанан сурсатийн фабрика (архивера сурт)
Китайн малхбузехь йолчу Урумчера кхачанан сурсатийн фабрика (архивера сурт)

Китай сихдинна дIаоьцуш ю юуург дерриг дIуьнетIехула. 2022 шо юккъе кхочуш оцу пачхьалкхан долахь хир ю дуьнено гуйина 69% хьаьжкIаш, 60% дуга, 51% кIа – иштта ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн юьртбахаман миристралло довзуьйту терахьаш. Цкъа а ца хиллачу максимуме кхаьчна Китайно дIагулбина кхача, хаам бо ялта гулдечу Халкъан администрацин куьйгалхочо Цинь Юйюна. ХIун дан кечлуш ю Китай: тIамна, мацаллина дуьхьал, пандеми яхлахь хенера яла? Иштта ду Американна прессехь лаьтта хаттар. Бахьанаш толлуш ю Сибирь.Реалии.

2021 шарахь дуьненаюкъарчу кхачан мехаш кхаьчна рекорде, цхьацца болчу кхачан мехаш бистина 50%. Иштта нисделла логистикан мах лакхабаларна, аренашна детта молханаш даздаларна, ялтанаш хьийкъина цахиларна, эцархой совбовларна. Юучун коьрта экспортер ю Китай: цхьаццаболчу кхачанах цо шега дIагулйина дуьнентIера 50-70% юург. ТIаьххьарчу итт шера чохь кхача эцар лакхадаьккина цо 360 процентна. Китайн оцу политико бестийна массанхьа а кхачан мехаш, аьлла го хьал эксперташна.

"Путин – диканиг" – мохь бетта массара а

Пекин кхача эцарца жигаръялар цхьаболчара дузу Цхьанатоьхначу Штаташца шен нисъяла тарлучу конфликтехь цунна эша цалаарца. Хайнань гIайри тIехь ехачу Муравьева Светланас хаалуш дац шайн дахарехь и хьал, боху: Китай хинйолчу Олимпиадах ойла еш еха, бахархошлахь цхьа а вац оьшучул сов кхачанаш шайна цIехьа кхоьхьуш.

– Суна, бакъдерг аьлча, дуьххьал хезаш ду Китай массанхьара а юург оьцуш ю бохург. Билггал ду кхачан якъо яцар, тхан Хайнань гIайри тIехь долуш ду даима а дерриг а: лаьттах гIаж Iоттахь, иза а хьалаер ю кхузахь. Ца бистина юучун мехаш а. Карантин йолалуш, 2020 шеран бIаьста кIеззиг хьалабевлира мехаш, ца хаьара нахана, иза мел дахлур ду. Суна хетарехь, дерриг а дика ду. 13 шо ду со кхеза балха лела, ресторанашкахь мехаш шаьш хилларш бу. Соьманний, юананний йозаллаш хийцалуш лаьттина, Суна 10 юань тоьу дийнахь хIума яа, борщ ян оьшу – ас иза а лерина – нийсса I2 юань (I45 сом гергга – Ред.).

Кхузахь хьехош а яццхьа а мацалла я пандеми. ТIом хио бу бохуш а вац цхьа а. Олимпиада ларйо массара а. Хьаьнцца а ахь къамел деш, олу "Путин – хорошо" ("Путин – иза дика ву"). Мохь бетта муьлххачу а китайхочо: Яц цхьа а проблема. Ала дашна, америкахой а дукха бу кхузахь: студенташ, музыканташ, хьехархой. Американцаш бара аьлла, цаьрга олуш хIума дац, мелхо а ларам бо церан.

Китайра белхалой кхаштIехь
Китайра белхалой кхаштIехь

Оьрсийчуьрчу блогеро Таняев Виктора дийцарехь, пачхьалкхехь баккъал а дуьйцуш ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца конфликт яла мега, тIеман биста кхаччалц, бохуш. Китайра социалан проблемех лаьцна блог лелочу цунна хетарехь, Iедална уггаре хьалха луург ду шайн махкахь кхача хилийтар.

Таняев Виктор
Таняев Виктор

– Доккхачу декъанна халкъо къобалдо кхча гулбар. Керланашкахь даима юьйцу халкъан токхе, дуьйцу кхечу эшначохь мехкашна гIдан таро хиларх лаьцна. Коронавирусан эпидемино лахйо ялтан экспорт. Китайна ша кхабар коьрта ду, кхача латтор хьалхарчу метте хIоттийна гIайгIа бу. ХIора шарахь кхуьу барамаш, 2021 шарахь ялта кхиийна хьалхачул 2% сов. Iилман институташна ахча а ло ялтин керла кепаш юкъаяха, тоьлла ялта кхоллийта.

Вай Америкаца хила тарлуш болу тIом бийцахь, цунах цхьа а ца теша. Китайхоша шайн пачхьалкх лаккхарчу хьелашка кхаьчна, ницкъ, цхьаалла ца оьшуш, дика пачхьалкх лору. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн аьтто бер бац тIом боло, иза Китайх йозуш ю,Китайна ша оьшучул а алсам оьшу цунна Китай. ТIеман кхерамах лаьцна а ца дуьйцу керланашкахь. Кхачар мехаш цхьаъ бу биллина, хийцамаш суна ца го. Шина процентна стьмийн мехаш лакхабевлла ала мегар ду. Уьш а меттахIуьттур бу церан кхуьу хан тIееъча – хорбазаш, баьллаш, пастанаш. Туьканашкара еса гIопасташ гойтуш хилахь – иза пандеми лаьтташ хилар ду, наханна дихкина цIера арабийла, массийтта кIиранах Iийра цIахь, цундела наха хьалххе оьцура оьшу кхача, дуккха а оьцура.

"ГIаттамаш ца лелхийта гIерта Китай"

Иттех ш оду кхачан кхерамзалла Китайхь ларъен, боху Китайхула эксперт волчу Ульяненко Виктора. Мехаш дистича нах реза хир боцийла хууш оьцуш бу Китайно кхача, боху цо.

Ульяненко Виктор
Ульяненко Виктор

– Китайно цхьаццаболчу кхачанаш дIаэцна дуьненера 50%, амма ас дагадоуьйту, итт шо хьалха и терахь 40% дара. Аьлча а, тахана-селхана ца йолаелла и рачхьалкха юург алссам дIаэца, пхи шо хилла а ца Iа цо изза ден. Ламасте дирзина цуьнан шена кхача алссам гулбар. Гуш ду тахана и болх жигарбаьккхина хилар. 2022 шеран юккъехь 60-70% дуьненара кхача шена чу дIаIаIор бу цо. Иза дац, ас ма-баххара, тахана-селхана долийна, пардеми йолаелчхьана схьа а ду, Iедална хаьара дьнентIехь кхачан мехаш десташ дуйла. Уггаре йоккха проблема яра логистикехь, Китайн Iедало оцу тIехь бан оьшу болх болийра сихха.

Масала, иттех шо хьалха ресторанехь хIума юург юккъерчу барамехь долура 150 юань, пандеми йолаелчхьана схьа 350 тIе хьалабаьлла мах. Изза сурт ду туьканашкахь а.Хьал тергамехь латтадо Iедало, кхача ца тоьучу далахь, нах гIовттур буйла а кхетош. Ас кхеторехь, ца лаьа Китайн Iедална бахархошна психологин Iаткъамаш бан а, тийналла ца йохийта леладо дерриг а. Ларлуш юха а, юха а. Оцу политико бестор буй дуьнентIера кхачан мехаш? Вайна лаахь а, ца лаахь а, вай цхьана дуьнентIехь деха. Цундела Китайно кхача шена дIаоьцуш хиларо баккъал а лакхабохуш бу мехаш дуьнентIехь. Уьш кхин а бестар болуш бу, – боху Ульяненкос.

Цо дийцарехь, Китайн юьртбахамалла оьшшучул кхиина яц, шен ялтанца кхабалур бац цуьнга мохк. Китайн Коммунистийн партина коьртаниг ду тоъал ялташ хилийтар, делахь а Китай а йозу дуьненан экономиках, аьлла хета экспертна.

– Китайн долахь ду дуьнено охучу латтанех 10%, амма цигахь бу дуьненан бахархойх 22%. Ялта ца дуьйш, мукъа латта дан а дац Китайхь, шоръяла меттиг бац юбртбахаман. Ткъа Китай дукха заманахь дуьйна ю ялта, жижиг кхиош йолу пачхьалкх. Цул совнах, гIаланаша дIадоккхуш ду дуьйш долу латта, бехдарца довш, гIамарша талхош а ду латта. Амма ала деза, 1990 шарца дуьстича, жижиг кхузза дукха дуу китайхоша. Цундела жигардаккха деза арахьара жижиг эцар. Кхаба дезаш ду кхуьуш долу халкъ, - боху Ульяненкос.

Къаналла а, хип-хоп цамагор а

Китайн куьйгаллина коьрта ду нах резабар – тIекхочуш ду Чиллан-беттан 4-гIа де, Пекинера Олимпиада. Цул сов, 2022 шеран юккъехь хила беза махкана мехала болу кхин а цхьа беза хилам – Китайн компартин 20-гIа гулам.

– Куьйгаллина хьалха лаьтта коьрта Iалашо: 20-гIа гулам дIабахьар, цигахь даржан хан кхин цкъа а дIаяхъян мега Китайн халкъан республикан куьйгалхочун Си Цзиньпинан. Низамо билгалдаьккхина дацахь а, шозза бен Iаш дац оцу даржехь, ца догIу иза юхпязйина йолчу Конституцица а. Ларамца дIаяхьа еза Олимпиада а, гайта беза пачхьалкхо баьхна кхиамаш, – боху Москварчу Карнегин центран Iилман хьехамчас Умаров Темура.

2012 шарахь Iедале веъна волу Си Цзиньпин ян гIерта Китайх лаккхарчу технологийн пачхьалкх. Демографига болу хьажам а хийцабелла иза даржехь волуш: 2015 шарахь доьзалшна тIаьххьарчу 40 шера чохь дуьххьара магийна шолгIа бер дан, 2021 шарахь дуьйна мега кхоъ хилийта а.

Си Цзиньпин
Си Цзиньпин

– Йоккха проблема ю демографи, Мао заманара схьа. Иза тергонехь ю хIинца а. Социалан проблемаш лелхарна кхоьруш дихкинера доьзалш дебор. ХIинца кхин гучудаьлла – сиха къанлуш ду халкъ. Берриг а иза кхабаран гIайгIа тIебужу къахьега де долчу кегийчарна, гIеметтахIиттинчарна. Экономиканна гIело хуьлу, атта дац къаной кхаба, – дуьйцу Умаровс.

Китай йоьлла "цхьа доьзал – цхьа бер" концепцех, демографин политика ястарх гIуллакх хуьлуш дац. Iедалан пропагандо тIех беха латтийна бехкам, дуьйцу Ульяненкос.

– Халкъ къанлуш хиларо Iадийна Iедал: 200 миллион сов стаг ву Китайхь тахана 60 шо кхаьчна, 2030 шарахь хир ву 300 миллион, 2050 шарахь – 500 миллион къано. Хетарехь, атта хир дац хьал хийца. Китайхь дерриг до хIинца кегийнаш доьзалшна тIеберзош: ял лахйина, декретан мукъа хан яхйина кхаа баттера ялх батте, берийг ахча тIетоьхна. Амма ши чкъор кхиина цигахь, цхьа бер хиларо дахарна аьтто бо аьлла лоруш.

Пекинан урамехь хIоттийначу телевизионан экрано гойту Къилбасела Корейн лидеран Ким Чен Ынан Китайн гIантдеца Си Цзиньпинца Пхеньянехь хилла цхьаьнакхетар
Пекинан урамехь хIоттийначу телевизионан экрано гойту Къилбасела Корейн лидеран Ким Чен Ынан Китайн гIантдеца Си Цзиньпинца Пхеньянехь хилла цхьаьнакхетар

Си Цзиньпинь Iедалехь Iачу муьрехь идеологи а чIагIйина пачхьалкхехь, Масала, дихкина телегойтилашка "идеологин кхетамаш лахара" болу, "декадентийн къамелаш ден" артисташ кхайкха. Цундела бисина а бац Китайн медиа-майданашкахь хип-хоп артисташ, мегаш дац, масала, тату дегIа тIе хIитто.

Китайрчу телегойтийлашна магош дац айдол-шоу, реалити-шоу гайта, ткъа цигахь дара гоьбевллачу нехан бераш, яздо The Guardian газето Китайрчу хьостанашна тIе а тевжаш. Дихкина Iедало телевизоршкахула къоман хотIехь боцу, басарш хьекхна божарий гайтар, декхарейина телевизионаш борша стаг муха хила веза Iамо.

– Вайна тамаше хетахь а, Китайн Iедална гергахь, 20 шо хьалха лаьттина Iалашо лаьтта: хьал дика хилийтар, халкъ цхьаъ латтор, тийна, паргIат пачхьалкхера дахар гайтар. Иза кхочуш далур ду халкъ тидамехь латтадахь, аьлла хета таханлерчу Iедална. Социализман идеологи коьрта ю цигахь. Цундела эстрада а ю луьттуш, – дуьйцу Ульяненко Виктора.

"Америка а, Китай а оьшуш ю вовшашна"

Китайна а, Американ Цхьаьтоьхначу Штаташна юкъа тIом бола мегаш хилар цахьехор доьху эксперташа. Амма уьш къера бу экономикехь, политикехь болу къовсам церан бехха лаьттар бу, бестар а бу бохучунна.

Китайн а, Казахстанан а, Оьрсийчоьнан а хьалханчаш цхьаьнакхетта Астанахь 2017-чу шарахь
Китайн а, Казахстанан а, Оьрсийчоьнан а хьалханчаш цхьаьнакхетта Астанахь 2017-чу шарахь

– Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш толуш ю, го вайна. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца – мелхо а эгIаш лаьтта. Трамп дIавахначул тIаьхьа барт бац карор царна юкъахь, хIунда аьлча, проблема оцу президнтпх хилла яцара. Юьхьанца дуьйна лелачу системица йозу проблемаш. Экспертийн прогнозца, хьалха Советан Iедал – Америка санна хилла дар-дацарш кIарглуш, дехха лаьттар ду шина махканна юкъахь 2I бIешерачохь, – аьлла хета Умаров Темурна.

– Цхьанатоьхначу Американ Штаташца тIом хио бу бохург генара къамел ду, дестийна дуьйцу. Китай а, Штаташ а тIех чIогIа оьшуш ю вовшашна, тIом боккхучохь дац. Соьга хаьттича, беррига цакхетамашна бухахь ю технологийн, ирровацийн бизнесаш. Китайс тIаьххьарчу хенахь технологеш кхиоран некъ юьхьаръэцна, цундела иза ехха Iийр ю Америкерчу технологех йозуш. Цундела цо дIаоьцу, оьцур а ю уьш шена.

Китайно кхача шена дIаберзорца естайо Америкаца йолу конфликт бохург цхьана декъанна бух болуш ду. Къовсам латтар бук хин а бехха. Шина пачхьалкхан башхаллаш яккхий ю, къовсаман бкх бу иза а, амма царна вовшийн алссакм оьшу. Партнераш вовшашна боьлуш лела беза аьлла ма дацийн цхьаьнхьа а. Цхьа а соьца реза хир вацахь а боху ас, и ши пачхьалкх тIеман партнераш а ю. Шинне а мехала ду Къилба-Китайн хIордан регионашкахь машар хилийтар. Лаахь а, ца лаахь а баланс латто еза церан шайн юкъаметтишаца. Цундела тIом хьашт бац цхьана а агIонна, – тешна ву Ульяненко Виктор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG