ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIап стаг хьийзорна шайна къинтIерадовлар дехийтина нохчашка 


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Шина нохчочунга камерана хьалха шайна къинтIерадовлар дехийтина заьIап стаг хьийзорна. Хьалхо цара нуьцкъаха нехаш кхуьйсучу яьшка чу воккхура иза.

Baza телеграмерчу канало яздарехь, иза хьийзош гойту видео оцу заьIапхочун "баккхийрачу вежаршна" гина хиллера. Уьш кара а бина, бехказа бийлийтира. Нехаш кхуьйсучу яьшкаш чохь стегарша мукIарло до, цомгаш волу стаг а хьийзош, "томехь доцург дина" шаьш, олий, шайна къинтIера бовлар доьху тIаккха.

  • Марсхьокху-беттан юьххьехь зорбане яьккхира бехказа вуьйлучу стеган видео – Москван кIоштахь Строгино эвларчу пляжехь герзаца лаьттачу Нохчийчуьрчу вахархо видео тIе ваьккхинера цо.
  • Гуш-хезаш бехказа бийлийта декхаре бар а, "бехке берш" сийсазбар а шуьйра лелош ду Нохчийчохь. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьера Умаров Джамбулата дIахьедира, бехказа бийлийтаран практика ерриг Оьрсийчоьнехула яржон еза, аьлла. Аьнашбаран видеош яхийтар "исбаьхьа практика ю" аьлла хьаькамо, тIетоьхна цо, стагера баьлла бехк видео тIе дIаязбина балахь "кхин а оьшуш ду иза", аьлла. Юкъараллин жигархочо Мамаков Салавдис бахарехь, Нохчийчоьнал арахьа диаспорашкарчу нохчаша лоьху Оьрсийчоьнан бахархойх болу, шайн мехкан куьйгаллина а, Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а вон дешнаш олуш болу бахархой.
  • Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо лаамаза юкъараллин белхаш дайтарца кхерамаш тийсира республикал арахь а бехаш, "шайн къам юьхьIаьржахIиттош" лелачу нохчашна. Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутатаца Делимханов Адамца хиллачу цхьанакхетарехь цо тIедиллина, "лела ца хууш болу" махкахой цIаберзор.
  • Чиллан-беттан 10-хь Москварчу Машаран проспектерчу маьждигна хьалха йоьхьаш духкуш хиллачу Юсупхаджиева Салимина тIелеттера Закускин Александр. Юсупхаджиевас бахарехь, цуьнан яьшки тIе мийра бетта волавеллера Закускин, ша "Нохчийчу депортаци йийр ю" а аьлла, цул тIаьхьа бурчан баллон юьхьтIе тоьхна хиллера – зудчун бIаьргаш дагийна. Закускине телефон тоьхнера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу Делимхановс, цунна "урод" а олуш къамел динера цо, цул тIаьхьа шена гечдар доьхуш видео а дIаязйира вукхо, тIаккха Юсупхаджиева йолчу а вахана, цуьнга къинтIера ялар дийхира, зезагаш, мерзалгаш а кховдош.
  • 2020-чу шарахь Челябинскан махкарчу росгвардихочо Куприн Дмитрийс гуш-хезаш нохчийн къоме бехк ца биллар дехна, ша эфирехь аьллачу аьшнаше дешнашна. Бехказа вуьйлуш видео арахецначу YouTube-каналан авторо билгалдаьккхира, Купринца цуьнан бевза нах цхьанакхеттера, тIаккха "чайн кад а молуш", ладуьйгIира бехкечу стаге.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG