ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмадан вашас видеокхайкхам дIаязбина политике Iедалшна критика цаяр доьхуш


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Хакаев Ахьмадан вашас Закаев Iелас видеокхайкхам дIаязбина, халкъ дика дехаш ду, Iедалшна критика ян оьшуш дац аьлла.

Закаев Iелин къамел зорбане даьккхина "Чечня Онлайн" инстаграмехь ГIура-беттан 1-чу дийнахь. Цул хьалха социалан машанашкахь видеокхайкхам баржийнера нохчийн блогеран Халитов Хьасанан ден ГIанин, тIекхачавелча иза сацо вийна а цхьаъх дийра дара ша аьлла волчу.

"Кавказский узел" сайто (Оьрсийчоьнан Iедалаш иза арахьара агент лаьрра; "Кавказский узел" цунна реза яц. – Ред. билг.) гочдина Закаев Iелин къамелан цхьацца долу дакъош.

"Ахь боху, [йозуш йоцу] пачхьалкх? Аш шина шарахь гайтира пачхьалкх муха хуьлу – шун [шина] стагана юкъахь а бацара барт. Аш иза гайтира. Ткъа [нохчийн] пачхьавлкх – хIица ю-кх пачхьалкх. Неха кхача бу. ХIун оьшу адамашна, дена а, нанна а? Бераш кхиор, царна кхачам бар, аьтто бан церан деша.", - чIагIдо Закаев Iелас.

Закаев Iелас иштта хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан цхьа дехар кхочуш дина хиларх лаьцна: "Суна тахана гIо дира, суна кхузахь вайн падчахьа гIо дира, вашалла дира, жоп делира сан дехарна. Делан лаамца, халкъ дика дехаш ду, халкъана оьшуш хIумма а дац. Дала диканиг дойла вайна".

  • Гезгмашин-баттахь хаам бинера, муьлш бу ца хуучу герзаца хиллачу наха Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна дIабигарх лаьцна. Царна юкъахь вара Закаевн ши ваша – Бувади а, Iела а, цаьршина хIусамнаной а, ткъа иштта йиша Зеза а. Суьйранна уьш дIахийцира, Закаевн цIарах критикан видеокхайкхам а язбайтина.
  • Нохчийчоьнан парламентан спикерца Даудов Мохьмадца цхьаьна йинчу эфирехь, Кадыровс кхерам тесира, "ша сийна цIе тесна вагор" ву аьлла.
  • Закаев Ахьмадан вевзаш волу нохчийн политик карарчу хенахь Британехь вехаш ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG