ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмад: Нохчий бийца а, байъа а кIордо хан ю гIазакхашна


Оьрсийчоь – Кадыров цIарахчу тIайн тIехь баннер. Петарбух, Манг. 19.2016.
Оьрсийчоь – Кадыров цIарахчу тIайн тIехь баннер. Петарбух, Манг. 19.2016.

Цара бохург тергал цадеш дитира Iедалша. ХIинца иза билгало ю Нохчийчоь тIамех тоьлла хилар бохуш дIахьедарi деш бу оьрсийн политикаш а, журналисташ-пропагандисташ а зорбанан гIирсашкахь.

Полтавченкос Петарбухерчу тIайна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тиллина аьлла шаьш реза бацар гойтуш бара цхьа къеззиг нах, коьртачу декъана цу гIалин интеллигенци, шайна юкъахь кинорежиссер Сокуров Алксандр а, Яблоко партин цIарах гIалин низамаш дохучу гуламан декъашхо Вишневский Борис а, ткъа иштта депутат Резник Максим а волуш.

Ткъа хIинца хилларг Оьрсийчоь нохчашна тIамехь эшна хиларан билгало ю бохуш эргIад бахана дIахьедарш деш бу политикаш а, пропаганда еш болу журналисташ а, могIарера бахархой а.

Ткъа хIун ду цуьнан бахьана? И нах баккъалла а теша Нохчийчоь тIамехь тоьлла бохучух, я иза мекарло ю цу наха лелориг? И хаттар делира Маршо Радионо махках даьллачу Ичкерин Iедалан куьйгалхочуьнга Закаев Ахьмаде.

Закаев: - Царна дика хаьа вай ца тоьллий. Царна хаьа шаьш цу чохь лелийна харцо муха ю. Шаьш цу чохь цIий Iенийна хилар а хаьа царна. Шаьш дина зуламаш а, массо а хIума царна дика хууш ду. Амма царна юкъахь даиман а хилла а бу, болуш а бу, хир болуш а бу и дакъа эрчадаккха гIерташ болу нах. Дудаев ЖовхIарс элира-кх, оьрсашна цамегарг Дудаев ЖовхIар вац, оьрсашна цамегарг нохчийн къам ду аьлла. Иза дан а ду иштта.​

Нохчийчоь баккъала а йолу Оьрсийчоьнан дакъа дац бохуш а хуьлу Оьрсийчура политикаш а, журналситаш а, къаьсттина шаьш демократаш а, либералаш ду боху нах. Цу наха хIун Iалашо йолуш дуьйцу и тайпа хIуманаш?

Закаев: - Тахана вайгахь дерг иштта ду. ТIом дIабирзина бац. Оцу оьрсаша (Iедалан куьйгалхоша) дIаберзийтина а бац. ХIунда аьлча, царна тоам цахилла цунах. Путина тIом болош аьллера миччахь белахь а ша террорхой бу боху нах хIаллак бийр бу аьлла. Цу махкахь массара а къобул бина тIелаьцнера и тIом.

Нохчий Путина "замочить" бина аьлла цахета. Иза ду коьрта бахьана. Оцу тIайца балаболуш бац уьш. Цкъа а цара дицдийр дац цуьнан дас (Кадыров Ахьмад-Хьаьжас) аьлла долу 150 оьрси вийча хIора нохчийчо, тIаккха тIом дIабоьрзур бу аьлла.

Иза а ду, цуьнан кIанта аьлла долу ша дуьххьарлера гIазакхи 16 долуш вийна аьлла хилар а ду. И хIуманаш дицлуш дац, политикехь ларйоцуш дуьсуш дац уьш.​

Цу юкъана сих-сиха хеза Нохчийчохь кхолагIа тIом цабаьлча йиш яц бохуш. Хьанна оьшуш бу те и кхолагIа тIом?

Закаев: - Нагахь Нохчийчохь Iедалехь бу боху нах юьстах бевлла, я юьстах баьхна хIума цахилахь, оперативан агIор гIуллакх дерза цалахь, цара иштта тIом бийр бу. Нагахь уьш буьззинчу барамехь тIамца чугIортахь Европа юьстах яьлла Iийр яц. Кхун Европехь 200-300 эзар стаг ву нохчийн къомах волу. Нагахь цара цу чохь цхьаъ доладахь, кхузахь вай хIара дуьне гIаттор ду.​

Лаххара а 25 шо даьлла керлачу исторехь Оьрсийчоьнан Iедалша нохчашца дов латтон. (вай цадуьйцу тIаьхаьрчу 200 шарахь хилларг). ЦхьахIума билггала долуш ду нохчий хилар ду хIора денна Оьрсийчурча дахарна Iаткъам беш. Цхьа кхоччуш йист яьккхича паргIат бевр бара нохчий а, шаьш гIазакхий а олий хетало. ХIун гIулч хила еза аьлла хета хьуна иза?

Закаев: - Тахана оцу Оьрсийчоьнца йолу вайн юкъаметтиг билгал а яьккхина, гIуллакх цхьана хорша а дерзийна... билгаляьккхина бохург хIун ду аьлча, цара вайн махкахь, вайн пачхьалкхехь даха вайн йолу бакъо къобул а йина, цул тIаьхьа вай царца юха метта хIоттош йолxу юкъаметтиго бен вайн юкъара дов а, тIом а берзор болуш бац. ХIокху кхаа деа бIешеран чохь и нохчий байъа къордо хан а ю гIазакхашна, уьш бийца кIордо хан а ю гIазакхашна. Царна иза кIордор ду аьлла а хета суна. Иза кIордор цара вайна тахана схьагойтуш а ду.

Маршо Радион хаттаршна жоьпаш дерлларг вара махках даьллачу Ичкерийн Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад.

XS
SM
MD
LG