ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Хьасана ша бехке ца лору Норд-Остан терроран актан декъах хиларна


Норд-Ост терроран акт
Норд-Ост терроран акт

Нохчийчоьнан вахархочо Закаев Хьасана 2002-чу шарахь Норд-Ост терроран акт йинчу террорхойн юкъарлонехь ша хилларна бехке ца лору. И дIахьедар цо дира кхелехь тIаьхьара дош деллачу къамелехь. Закаевс дийцарехь, иза низамхойх лечкъаш вацара, амма чIогIа цецвеллера шена бевза нах лоьцуш телегойтиллашкахь гича. Иза тIаьхьара дош аьлла ваьллачул тIаьхьа, кхел ечу коьртачу судхочо элира Хьасанна ен йолу кхел кху беттан 21-чу дийнахь дIакхайкхор ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG