ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев: Украинехьа тIом беш йолу нохчийн батальон бригадан бараме шорйан мега


Закаев Ахьмад (аьтто агIор)
Закаев Ахьмад (аьтто агIор)

Украинан интернационалан легионна йукъахь оцу пачхьалкхан гIаролехь тIом беш йолу нохчийн Къаьсттина йолу леррина батальон (ОБОН) бригадан бараме кхачалц шорйан мега. Цунах лаьцна дIахьедина къобалйанзачу Ичкери республикан арахьарчу урхаллин хьалханчо Закаев Ахьмада йоьалгIачу "ПостОьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форумехь". Гуттара а батальонна йукъабахка луучу нехан терахь кхуьъуш хиларх дIахьедина цо.

Ичкерин органаша Украинан тIеман министраллин цхьайолчу хьукматаца бинчу бартах лаьцна дийцина политико.

"Оха куьйгйаздинчу кехатехь хьахийна ду, леррина йолу батальон бригадин бараме шорйан йиш хиларх. И процесс дIахьош йу хIинца", - билгалдаьккхира Закаевс. Бартах лаьцна кхин хIумма а ца дийцина цо.

Нохчийн республика Ичкерин ТIеман ницкъийн ОБОН кхоьллира мангал-баттахь Закаев Ахьмадан омраца. Цуьнан буьйранча Хьажи-Мурад Зумсо хIоттийна. Дозанал арахьа бехачу йозуш йоцчу Нохчийчоьнан агIончаша Украинина гIо даккхархьама кхоьллинчех йоьалгIа тоба йу и хIинцле а.

Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкарчу эскархоша дIахьедира, Нохчийчохь Кадыровн ражна дуьхьал къайлаха тIеман болам кхолларх.

Хьалхо Кадыровс Украинерчу тIамехь болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхам бира. И диначунна цо маршо а, хьолан дахар а хьехна.

  • Стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий.
  • Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта ду Нохчийчоь, аьлла ГIадужу-баттахь сацам тIелецира Украинан Лаккхачу Радо, иштта "нохчийн къоманна йина геноцид" йемалйина цара. Цигахь хилла волчу 287 депутато реза хуьлуш кхаж тессинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG