ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герзаца а, "йоллу гIаланаш схьаяха" а кхерам тесна Украинана Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан эскарша Украинехь тIелатар дIахьош хиларх а, Киев схьаяккха Iалашонех а лаьцна дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Мариуполехь хилла ца Iаш, кхечу гIаланашкахь а, нах бехачу меттигашкахь, гIаланашкахь, эвлашкахь тIелатаран болх хир бу", - боху Кадыровс шен телеграм-каналерчу видео тIехь.

Цо бахарехь, Луганск а, Донецк а маьршаяккхаран Iалашо – коьртачех ю, цул тIаьхьа планашкахь "Киев а, кхинйолу гIаланаш а схьаяхар" ду.

Иштта, Оьрсийчоь тIамца Украине гIортарх дуьйцуш, Кадыровс хьехна тIом баран шен кепаш: "Сайга хаьттича, ас дуьххьара Луганск а, Донецк а цIанйийр яра, тIаккха кхин дIа болх бийр бара. ДIахьедийр дара, нагахь санна, йолах лаьцна цхьа салти Украинехь хилахь, тактикан зарратан тохар дийр ду билгалъяьхначу меттигашка, цаьрга забарш ца яйта".

ТIамехь шина а агIор дакъалоцуш нохчий хилар, билгалдоккху. Украинехь дуьхьало еш ю Дудаев ДжовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарах батальонаш, иштта ВСУ-на муьтIахь, кхин цхьаъ а шайн лаамехь вовшахкхетачех тоба ю кхуллуш.

  • Зазадокху-беттан 4-чуьра схьа дуьйна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зза дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полкан дакъоша а, Росгвардино а юкъаерзийна украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Охан-беттан 11-чохь – 47-гIа де ду тIом боьду. Спутникан суьрташ тIехь гуш ю, Изюм гIала дIагIерта Оьрсийчоьнан тIеман техникан йоккха ковра. ТIом болабелчхьана Украинехь 177 бер делла, 336 сов ду чевнаш йина. И хаамаш нахалабехира Украинан Коьртачу прокуртуро. Украинехь пачхьалкха чохь дIасабьхначйин терахь 7,1 миллионе ду ООН-н лараршца. Хьалхо организацино хадийначу мехаца 6,5 -нна тIера 6,7 миллионе гергга стаг вара. Украинхойн иччархоша билгалдаккхарехь, Украинан малхбалехь тобанашка бекъалуш бу Оьрсийчоьнан эскархой, цул тIаьхьа Харьков йолчу агIор дIабаха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG