ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Басурманин мостагI эшош, летта иэга доьлху тхо"


Репин Ильян "Туркойн султане кехат яздеш бу запорожхой" сурт.

please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:04:41 0:00
Линкана тIе

"Баьццара" партин Адыгейрчу декъан векалша кхайкхам бина Краснодаран мехкан низамаш дохучу гуламе, шайн гимнана юкахь хийцамаш бахьара я керланиг тIеэцахьара аьлла. Адыгашна хетарехь, цу гимно къаьмнийн а, динийн а барт бохабо. Уьш иштта тешна бу краснодархойн гимно цу регионехь къаьмнашна юкъахь цабезам кхуллуш хиларх.

Юьйцург ю 1995-чу шарахь Краснодаран Iедалша шайн мехкан гимн ю аьлла тIеэцна йолу «Хьо, ГIуба, хьо тхан Даймохк» цIе йолу йиш. Иза кхолларан истори иштта ю.

Кавказерчу хьалхарчу гIалагIазкхийн полкана хьажийна байт язйина хилла цу тIеман декъан мозгIаро Образцов Константина. Иза хилла 1914-чу шарахь, Хьалхара Дуьненан тIом боьдуш оьрсий а, туркой а дуьхь-дуьхьал лаьттачу фронтехь.

Ма дарра аьлча, иза хилла, гIалагIазкхаша цIерачу гIубанхошка стихашца яздина маршаллан кехат. Цара дагалоьцу шайн маьрша станицаш - ден цIа, шайн синош ца кхоош, леташ а бу уьш «мостагIчуьнах - басурманинах, хьоме даймохк бахийта».

Ты, Кубань, ты наша Родина,
Вековой наш богатырь!
Многоводная, раздольная
Разлилась ты вдаль и вширь.
Из далеких стран полуденных,
Из заморской стороны
Бьём челом тебе, родимая,
Твои верные сыны.
О тебе здесь вспоминаючи,
Песню дружно мы поём,
Про твои станицы вольные,
Про родной отцовский дом
О тебе здесь вспоминаючи,
Как о матери родной,
На врага, на басурманина,
Мы идем на смертный бой
О тебе здесь вспоминаючи,
За тебя ль не постоять,
За твою ли славу старую
Жизнь свою ли не отдать?
Мы, как дань свою покорную,
От прославленных знамён
Шлём тебе, Кубань родимая,
До сырой земли поклон.


Дуьххьара и йиш цхьана жимачу тобанна бен хууш ца хилла. Амма шо далале иза яьржина тIамехь болчу массо а гIубанхошна юкъахь. Оьрсийчохь махкахойн тIом боьдуш «Хьо, ГIуба, хьо тхан Даймохк» официалан гимн хилла ГIубанан Радан а, ГIубанан Халкъан Республикан а. Ткъа ШолгIа Дуьненан тIом боьдуш а лоькхуш хилла иза гIалагIазкхаша.

Дуьххьара кубанхойн гимн бахьана долуш халахеттарш бара Дагестанан куьйгалхой. Иза хилира 2013-чу шарахь ГIадужу-баттахь, Краснодарехь «Анжи» а, «Кубань» а футболан тобанаш ловзуш меттигерчу цхьана накъосто Дагестанан байракх ягийначул тIаьхьа. Хилларг бахьана долуш Краснодаран мехкан а, Дагестанан а Iедалийн дов иккхира.

Цул тIаьхьа Дагестанан депуташа шайн тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана, царна хетарехь, "басурманашца" тIаме кхойкхуш йолчу.

Экстремизм а, къаьмнашна юкъахь цабезам кхоллар а гира Краснодаран мехкан гимнан текстана юкъахь Дагестанан парламентан гIантдена Шихсаидов Хизрина. ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь Халкъан кхеташонан рогIерчу сессехь цо тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана.

ХIунда оьшу "басурманинах" лата доьлху боху дешнаш гимнана юкъадетта, бохуш хоьттуш вара оьгIазе Шихсаидов. Нагахь цу тайпаниг далахь Конституцин кхеле дилла деза и гIуллакх аьлла, дIахьедар дира шен агIор Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Цо дехар дира говзанчашка цу гимнан мах хадабахьара аьлла.

Дукха хан ялале Къилбан Федералан университетан зорбан сервисо хаам бира, цу университетан эксперташа толлур ю Краснодаран мехкан гимн аьлла.

Iилманчаш лоруш волчу меттан говзанчо Даль Владимира хIоттийначу дошамца а догIуш, "басурманин" бохург керстан динехь воцу, кхин дин лелош волу стаг ву, цабезаман чулацам шеца болуш волу. Цундела Дагестанера куьйгалхошна цатайнера цу кепара цу дешах пайда ээцар.

Делахь церан эргIадбахар дисира цхьа а тIаьхьало йоцуш. ХIинца и гIуллакх шайна тIеэцначух тера ду адыгаша. "Дуккха а къаьмнийн векалш бехачу Краснодран кIоштан" депутаташка доьху цара, цу къаьмнийн векалш шаьш хиларе терра, цу гимнан чулацам хийцар я цуьнан керла текст тIеэцар.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG