ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Зеленский: ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори"


Украинин президент Зеленский Владимир
Украинин президент Зеленский Владимир

Украинин президентана Зеленский Владимирна хетарехь, Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма а, Донецкан а, Луганскан а кIоштийн территореш а Украино доладан юхаерзор – "хенаца доьзна хаттар" ду, хаам бо Свобода Радионо. Оьрсийн маттахь йолчу "Дом" телеканалана интервью луш Зеленскийс билгалдаьккхина, ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори" аьлла.

ГIирмах лаьцна дуьйцуш йолу видео зорбане яьккхина Зеленскийн телеграм-каналехь. "Оккупаци йинчу нахана цкъа а езар яц ГIирма, тхуна иза ма еззара", аьлла Украинин президента. Цо юха а билгалдабккхина ГIирма шайн латта хилар, ша жима волуш цига эхар дага а доуьйтуш.

"Иза церан латта дац, церан тIаьхьенаш кхуьур яц кхузахь. Церан бераш кхузахь дац. Уьш лийр а бац тхан латта бахьана долуш. Иза цкъа а хир яц оьрсийн территори. Хир яц-кх иза цкъа а", - дIахьедина Зеленскийс.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалийн аьтто хир бац истори юхаязъян. Масала, ГIирмера гIезалой цкъа а реза хир бац анекси ярна. Украинин президентана хетарехь, ГIирмин бахархой мацца бирзина а "шайн цIа боьрзур бу".

ГIирмина аннекси йира Оьрсийчоьно 20I4-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Украинехь президентан Янукович Викторан Iедал дохийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно эшен эскарш хьажийра цига. ТIеман ницкъаша урхалла а деш, шех дIатохарх лаьцна референдум йира ГIирмехь Оьрсийчоьно.

Зеленский Владимира дуккхазза а дийцина ГIирмах лаьцна хаттар дIадирзина ца хиларх лаьцна. Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедарш до ГIирма хьена ю боху хаттар дийцаре дийр доцуш дIадерзийна хиларх лаьцна. Иза шегара дIайоккхур йоцу территори хета Оьрсийчоьнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG