ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зерашна тIера гIаттамна тIекхаччалц. ХIун ду БуьритIерачу набахтехь хилларг?


Тутмакхаш стенна гIевттина Къилбаседа ХIирийчуьрчу луьрачу хьелийн №I колонехь толлуш ду. ГIаттам бирзича, айдина лецначара къепедацарш лелорца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Бехкенаш бу луларчу регионашкарчу набахтешка дIасабоькъуш. Гергарчу хенахь таIзарш дан тарло пачхьалкхерчу набахтийн урхаллин Къилбаседа ХIирийчуьрчу декъан белхахошна–зуьйш бу церан болх.

Дуьххьара иккхина тутмакхийн гIаттам Къилбаседа ХIирийчохь. Кхул хьалха девнаш лелхарца ерзара конфликташ. Масала, зуламаш дарна чохь бохкучу кхиазхойн БуьритIерачу дешаран хьукматера ведира кхо кIант – хьаькамаша мага а деш, кегийрхой хьийзор, "сте бар" ду шайн набахтехь даьржина, аьлла дара цара дина арз.

ГIадужу-беттан 15-чохь БуьритIерчу Лесзаводехь (иштта олу бахархоша №1 набахтех, хьалха хьун хьокхуш хилла оцу меттехь – редакцин билгалдаккхар) гIаттам эккхале девнаш лаьттина цигахь. Ши кIира хьалха долийра тутмакхаша цигарчу хьелашна бакъоларъярхошка аьрзнаш дар, ткъа тIаьхьо администрациний, лецначарний юкъадоьлла дов кIаргделла: хьаькамийн шогалла ца товра цхьаболучарна, ткъа "курачу" тутмакхаша ("блатные") ца дора куьйгалхоша аьлларг.

Ца тов тутмакхашна набахтешна тIехьожуш волу Моравец Владимир а, цуьнан гIовс Орлов Александр а

Набахтин белхахоша тIетуьйсу белхан хьелаш сов шога ду, бохура тутмакхаша. Хьалха Оренбург-махкарчу набахтешкахь болх бина Шишкин Евгений БуьрийтIерачу набахтин коьрте хIоттийча шагдала доьлла цигара хьелаш, леткъа тутмакхийн гергарнаш. Ца тов тутмакхашна Къилбаседа ХIирийчуьрчу набахтешна стохка гурахь дуьйна тIехьожуш волу Моравец Владимир а, цуьнан гIовс Орлов Александр а.

Дуьхьалонан акцеш йолийра тутмакхаша деношкахь. ТIехьожучубелхахоша гIуданан изоляторе – ШИЗО - хьажийра массех стаг, ткъа оцу дов марсадаьккхира. Хьаькамаш эккхарна кхерра гIаттам дIаболабелира.

Набахтийн урхаллин версица, къепедацарш дIадолийна тутмакхаша ШИЗО-хь латточарна тIехь лехамаш дIабаьхьча. Цу чохь воллу шиъ дуьхьалваьлла, шайна дина омра кхочуш ца деш, оцо дарбина кхиболу тутмакхаш а. ГIаттам болабелла пIераскана, делкъал тIаьхьа. Хьаькамаша бахарехь, тутмакхаш набахтин бахам хIаллакбан буьйлабелла – тергоен камераш, чоьнашна юкъара оганаш, цIе а тесна цхьана чоьнехь. Баьхкинчу цIеяйъархоша сихха бохамах хьалхаяьккхина набахти, дуьхьало ца йина тутмакхаша.

Оццу юкъанна набахтин белхахоша, къепе меттахIотто гIерташ, етта йолийна тутмакхашна резаьнкин гIошмаш. Тутмакхаш, протест къадош, буьйлабелла шайн межеш цеста.

ГIаттамна духьалтесна набахтин леррина урхаллера ницкъаш, уьш чIагIбан яхана полици а, Росгварди а. Некъан урхаллийн ницкъаша дIалийцира некъаш, набахтина гобина лаьттара эскархой – кхоьрура тутмакхаш бовдарна. Росгвардин бIаьхой чубахара лаьцна кхобучу 600 стагах 200 протесте ваьллачу набахтин керта. Цхьаболу гIаттамхой къовлабеллира чоьнаш чохь, ницкъхой герзаш а детташ чухьалхарна кхоьрура уш, амма оперативан штабо и некъ ца лорура коьрта.

Къилбаседа ХIирийчуьра луьрачу хьелийн №1 колони
Къилбаседа ХIирийчуьра луьрачу хьелийн №1 колони

"Ма хьийзабайша уьш!"

Набахтехь гIаттам иккхинийла хиина БуьритIерачу бахархошна сарахь исс долуш, цхьана инстаграм-агIоно хаам а, суьрташ а даржийча. Сиха цига дIахьаьлхина тутмакхийн гергарнаш, уггаре хьалха наной. Набахтина герга Рогвардин машенаш тIе мел йогIу а дестара церан резадацарш. Официалехь дацара хилларг довзуьйтуш – набахтийн урхаллин пресс-векало схьа ца оьцура журналисташа етта телефон, оцо дестадора кестта ницкъаша хьаша болор бу гIаттам бохуш даьржна хабарш. Цу тIе, араюьйлура кертара орцам медицинан машенаш. Нах, шаьш полицино набахтин керта ца бахийтича, гIертара ницкъаша цу чу кхача, шайн гергарчаьргара хьал довзархьама. Зударийн делегаци яхийта набахти чу, доьхура гулбеллачара, амма ла ца дуьйгIира Iедалхоша.

Чохь бохку нах ишта а бу таIзарна кIел, шаьш динчу вонах жоп долуьйтуш ду цаьрга. Ма хьийзабайша уьш!

Оцу юкъанна гергарчех цхьаьнна аьтто белира чохь воллучу цхьана тутмакхца телефонехула вистхила. Набахти чохь гIеххьачул тийна ду, хиндерг лардеш Iа шаьш, бохура чуьрачара, хаийтира шаьш-шайна чевнаш йиначарна тутмакхаша гIодина хиларх лаьцна.

К. Фатимин (юьззина цIе ца йоккх цуьнан дехарц –ред.) воI ву набахтехь хан токхуш. Цо дийцира Кавказ.Реалиига, №1 набахте керла хьаькам веъча чIагIделла цигара хьелаш, аьлла.

"ХIора баттахь лецнарш ган йолу бакъо дIаяьккхина тхоьгара. ХIинца кхаа баттахь цкъа бен ца магадо иза. Сов шога луьтту чулуш болу кхача а. Хьалха 27 кийла магара дIабала. ХIинца ца мега", - реза яц Фатима.

Къаьсттина вон лору зудчо набахтийн урхаллин буьйранчин гIовс Орлов Александр – цо шагдина, боху, тутмакхашна дуьхьаллаьтта хьелаш.

"Чохь бохку нах ишта а бу таIзарна кIел, шаьш динчу вонах жоп долуьйтуш ду цаьрга. Ма хьийзабайша уьш низамо бохучул сов! ", - доьху Фатимас.

Цхьаболчу журналистийн аьтто белира тутмакхашца къамелаш дан: шаьш тIехьожучу белхахошка шайна цаеттийтар доьху, лаьа набахтехь лаьтта хьал журналисташна довзийта, бохура.

"Шаьш резадоцийла хаийта гIертара уьш"

Тутмакхашца бертан къамел дан набахти чу ца вахийтира Къилбаседа ХIирийчохь адамийн бакъонашна тIевиллина волу Цгоев Тамерлан бен. Набахтерчу ницкъийн ши векал а волуш вахара иза чу, амма лецначара ца магийра цуьнца болучарна шайна тIекхача – омбудсмено ша цхьаъ вахара чу.

"Тхан къамел парггIат дара. Тутмакхашлахь лоруш болчу нахаца дагавелира со. Шайна тIехь ницкъ барна дуьхьал ду шаьш, бохура, тIелеткъара набахтийн урхаллин цхьаболчу хьаькамашна, тIаьххьарчу деношкахь къасттина къиза бу уьш лецначаьрца, бохура. Ткъа белхахоша шаьш низамаш талхочарна доггIу таIзарш бен юкъа ца дехира боху – ши стаг ву цара валхош", - дийцира Цгоевс.

Низам чIагIдан долийна тIаьххьарчу шина бетта чохь, цунна реза бац цхьаболу тутмакхаш

Цо бакъдо набахтехь тIаьххьарчу муьрехь хьал чIагIдина хилар, амма иза низамца догIуш го цунна.

"Шерашкахь низамца ца догIу хIуманаш лаьттина, уьш юхадаьхна. Набахтехь боьлла нах шайлахь лела хьал кIаддаларх, низам малдаларх. И стенна мегна - иза ду хатта дезарг. Низам чIагIдан долийна тIаьххьарчу шина бетта чохь, цунна реза бац цхьаболу тутмакхаш", - дийцира омбудсмена Кавказ.Реалиига.

Цгоевс бахарехь, тутмакхаш реза бац набахтера сувенираш арахоьцу пхьалгIа дIакъовларна. Ткъа администрацино дийцарехь, лецначара къайлах юьстах а йохуш, дIаюхкуш хилла сувенираш. ПхьалгIа дIакъовларо естийна ишта а кхуьуш лаьтта тутмакхийн протест. Болх ца беш, юхахьабевлларш къастабелла тутмакхашлахь, ткъа уьш карцерашна чубохка болийна. Ткъа уьш йоьхна ю, тоян езаш, амма ахча дац меттахIитто, боху Цгоевс.

21 сахьт даьлча кхетта Цгоев тутмаккхашца цхьаьна, 40 минотехь цаьрца къамел деш Iийна. Нах леткъа имуннодефицитан вирус а, туберкулез а кхеттачу наханна дарбадеш дацарна. Тутмакхийн массо а аьрзнаш оперативан штаб дIакхачийна омбудсмена.

Шоьтан Iуьйранна, 6 сахьт даьлча, набахтин кертан чухуларчу йистошца дIахIиттира ницкъхой, турсашна тIе резаьнкин гIожамаш етташ. Тутмакхаш парггIат арабийла буьйлабелира чоьнаш чуьра. Цгоевн дешнашца, царех 70% нах арабевлла, бисинарш, "резабоцурш", Iийна ницкъхой чоьнаш чухула баржжалц.

"Иза нийса сацам бара [арахь дIахIиттар]. Зенаш дукха хир дара шина а агIор. Инцидент диканца йирзина ала мегар ду", - дерзийра Цгоев Тамерлана къамел.

"Шаьш-шайна вон дина"

ГIатамна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна Къилбаседа ХIирийчоьнан Талламан комитетан урхалло. Амма къастийна бац талламо бехкахой, ткъа набахтийн урхалло таIзарш ду деш жигархошна. 40 гергга тутмакх дIасахьажийна Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а набахтешка.

Саратоврчу набахтин дарбан цIийнехь леллачу харцонех, къизаллах болу хаамаш дIакхаьчна тутмакхашка

"Цара шаьш-шайна вон дина. Лесзавод, аьр вай, луьрачу хьелийн набахти ю, амма шаьш хьелаш дац цигахь низамо ма-хьоьхху шога. Тутмакхашкахь телефонаш хилла, гIаттам иккхича суьрташ, хабарш кхехьийтина цара гергарчаьрга, журналисташка. Цундела зуьйш ду цигара хьал. ХIинца шаьш боьлла метиг дIатосур ю жигархоша", - элира Кавказ.Реалиига ницкъхойн волчу цхьана белхахочо.

Санкцеш йохур ю набахтийн урхаллин куьйгалхошна дуьхьал а. Оьрсийчоьнан федералан набахтийн урхалло комисси хьажийна БуьритIе, цо билгалбохур бу бехкенаш.

"Керла скандалаш хьашт яц набахтийн хьаькамашна"

"Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочунна Аламов Мохьмада бахарехь, гIаттам – иза Къилбаседа Кавказерчу набахтешкахь лелла доцург ду. Цо шеконе а ца дуьллу тутмакхаша набахтин низамо къастийнна таIзар лан дезаш хилар.

"Суна ца хета гIаттам кавкахойн менталитето айбайтина аьлла, амалан сихалло дина хила а тарло иза. Тхоьгахь йолчу информацица, набахтийн урхаллехь хьаькамаш хийцабелча йолаелла тутмакхийн протест. Гарехь, Саратоврчу набахтин дарбан цIийнехь леллачу харцонех, къизаллах болу хаамаш дIакхаьчна тутмакхашка. Протест йижош, зераш дан долийна БуьритIерачу набахтехь. Цхьана тутмакхо бахарехь, ца йиттина цхьана а. Делахь а, хаанза дуьсуш ду, мила ву гIаттам эккхарна бехке.", - дуьйцу Аламовс.

Нохчийчу а, Дагестане а дIахьовсийначу тутмакхаша сов тIех шогалла лан мега аьлла хета Аламовна. Делахь а "теша лаьа, Саратовхь лелларг масале а дуьллуш, керла скандалаш ца йийлийта гIертар ю набахтийн урхалла, ца оьшу царна уьш хIинца".

"Основа" газето бакъдо гIаттамхойх 36 стаг Дагестане кхачийна хилар. ГIадужу-беттан 16-чохь бина и хаам.

Baza телеграм-канало бахарехь, и нах Нохчийчу хьовсор бу аьлла дара, амма хийцина сацам – Оьрсийчоьнан цхьацца регионашкарчу набахтешка дехьаваьккхина БуьритIера 150 тутмакх.

Къилбаседа ХIирийчоьнан набахтийн урхалло хIара материал араяллалц йолчу ханна бина бац тутмакхийн гIаттаман хьокъехь цхьа а хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG