ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женева, Канны, Нью-Йорк, иштта дIа кхин а. НазарбаевгIеран исбаьхьа бахамаш


Алихан Сара,

Эккель Майк

Женеван ишало шен цIенчу тулгIенашца хоьсту тайна берд. Коммуна Аньер –хьолахойн, дипломатийн, банкирийн хIусамаш лаьтта меттиг.

Гериг йиллина цIаьлгаш лаьтта тхевнаш тIехь мансардаш, дозаллина хIиттийна бIогIамаш болчу виллашца цхьана могIара. Хаза кхаьдна го бу схьагуш, дечка четарш хьоьжу Юра-ломан раьгIнашкахьа.

Берда йистойх тесна лаьтта катераш, хинкеманаш. Дукхайолу гIопашна гонах лекха керташ лаьтта, видеокамераш ю хIиттийна – нахе бIаьргаш чу ца кхерзабайта.
Кхузахь цхьаьнхьа, 399 Route D’Hermance адресца, лаьтта кхузза тIекIелйина, гонах 3 200 квадрат километрах йолу гIап. Полланах тарбеш бина 25 метр беха ламеш. Йиллина-къевлина луьйчийла, спа, хьешан чоьнаш, террасаш. Гонаха лаьттачу гIопех уггаре езаниг ю хIара кху куьпахь. Швейцарин документаша бахарехь, долахо ю Кулибаева Динара, дуккха шераш Iедалан коьртехь лаьттинчу Назарбаев Нурсултанан йоI. Шен цIийндеца Кулибаев Тимурца цхьаьна Казахстанехь уггаре дукха бахам болучех ю Кулибаева Динара. Вилла эцна цара 2009 шарахь 75 миллион долларх.

Назарбаевн уллерчу а генарчу а нанах цхьа доьзал хилла ца Iа Малхбузехь оццул баккхий бахамаш болуш.

ТIаьххьарчу шина итт-шерашкахь Назарбаевн доьзало вуно хаза, деза-даккхий цIенош эцна бIеннаш миллионаш а луш Европехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а. Церан долахь ю тоьлла хIусамаш ишалшна гергахь а, Манхеттенан стигала дахна лаьттачу цIенош чохь а, Лондонна уллехь а, курортийн мехкашкахь а – Испанерчу Коста Бравахь а, масала.
Азаттык Радионо вовахтоьхна оцу хьокъехь йолу информаци – НазарбаевгIеран, мехкарийн а, берийн берийн а, вешин а гIопех дерг. Юьззина а яц и информаци, амма ойла йойтуш ю 2010 шарахь дуьйна «къоман лидер» шех олучу Назарбаев нурсултанан дахарх а, лехамех а. Цунна еллачу оцу статусо Iалашво иза а, цунан доьзал а муьлхха а бехктакхам шайна духьалбаккхарх. Iедал шегахь латточу «Нур Отан» партин лидер ву иза тахана.

2019 шарахь пачхьалкхан шахьаран Астана гIалин цIе хуьйцуш, аьлла цунах Нур-Султан.

Азаттыко бинчу талламо гойту мел даккхий ахчанаш дехкина Назарбаевн гергарчара бахаме, дерриг а дуьнентIехула тоьлла гIопаш оьцуш. Энергетикехь, банкашкахь, экономикан кхечу секторшкахь активаш латтор, Iедалехь куьйгалла дар бахьана долуш IаьIна НазарбаевгIеран карахь оццул дукха хьал.
6 пачхьалкхехь 785 миллион доллар – оццул бу шерашкахь НазарбаевгIеран доьзало кхиийначу гIишлойн-бахаман мах. Хенн йохалла цхьаболу бахам дIа а боьхкина доьзало – масала, Нурсултанан вашас Болата Америкехь эцна петарш. Оцу барамна юкъа ца йогIу КулибаевнИспанера хIусамаш – церан мах хаа хилира Азаттыкна.
Шаьш аьттонца леайо бизнес, политика яц цуьнан декъахь а бохуш, шерашкаь Назарбаевс тIекарло а е гулдина шайгара хьал цуьнан гергарчара.
Назарбаевн гергарчаралахь ву цуьнан нуц Кулибев Тимур – цо шен капиталаш доьзалан уьйраш бахьана долуш гулйина мехкдаьттан-газан секторехь, боху казахстанхоша. ГIуран-беттан 2-чохь Британерчу Financial Times газето довзийтира Кулибаевна ваха хаа, иттаннаш миллионашкахь хьал гулдан аьтто бина некъаш – Китайхь газ юьллуш лелла контракташ. Цуьнан адвокаташ харцдо Financial Times-о яздийриг. Жоп ца делира цара Азаттыко динчу хеттаршна.
Азаттыко гулбинчу хаамашкахь юьйцу цхьайолу гIишлош кхелашкахь къовсамехь лаьттина ю. Масала, зуда-майра къаьсташ а, Лондонерчу омранашца долара яьхна а, тIаьхьо долалла юхаделла а.
Советан Iедал доьхча, Казахстан ша яха йоьлча, кхиамашка йирзича дехкина НазрбаевгIара шайн аханаш дозанал арахьарчу объекташка. Пачхьалкх кхиамаш бохуш схьаеъна, цуьнца цхьаьна НазарбаевгIар а бахамех букъбелла. Бакъду, могIара бахархойн ца хилла и тайпа аьттонаш аьттехьа а – Iедалан коьртерачех олигархаш хилла, газеташкахь яздечу эладитанийн пресонажашка бирзина.
Казахстанан политика Назарбаев Нурсултана йитича, мила вогIур ву цуьнан метте, хIун хир ду гергарчийн бахамех, хууш дац – 80 шо ду политикан.
«Аьнгали санна оха тарлуш ю система. Назарбаевс кхоьллина политэкономи цхьана стагах йозуш ю», — боху Лондонерчу консультанта, Юккъера Азера дахар толлучу Миллинсон Кейта.
Назарбаевн герагарчара, «хиндерг шайна хууш дацаре терра, шайн бахамаш дозанал арабаьхна», аьлла хета Миллинсонна.
Казахстанерчу дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн, низамаш лардаран бюрон куьйгалхочо Жовтис Евгенийс дийцарехь пачхьалкхехь «хала ду Iедаллий, НазарбаевгIаррий шаьш-шаьш баьхна ган, иштта хала ду ала, мила вогIур ву Нурсултан велча цуьнан метте».

"И тайпа политикан ситемаш йолучохь хала ду хьо низамо Iалашвеш веха ала", — боху Жовтиса.

ИСПАНИ

Can Juncadella, Льорет Де Мар, Жирона. ХIун мах бу хууш дац. Долахо ву Кулибаев Тимур
Can Juncadella, Льорет Де Мар, Жирона. ХIун мах бу хууш дац. Долахо ву Кулибаев Тимур

ФРАНЦИ

23/24 Venue de la Tropicale, Канны. Эцна 34 000 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахой - Назарбаев Болат а, Курмангалиева Майра а
23/24 Venue de la Tropicale, Канны. Эцна 34 000 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахой - Назарбаев Болат а, Курмангалиева Майра а

ШВЕЙЦАРИ

No. 399 Route D’Hermance, Женева кантон. Эцна 72 000 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахо - Кулибаева Динара
No. 399 Route D’Hermance, Женева кантон. Эцна 72 000 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахо - Кулибаева Динара
Villa Galli, Via Cantonale 3, Мелиде. ХIун делла хууш дац. Долахой - Паколли Беджет, Кулибаев Тимур
Villa Galli, Via Cantonale 3, Мелиде. ХIун делла хууш дац. Долахой - Паколли Беджет, Кулибаев Тимур
Chateau de Bellerive, No. 25 and No. 27 Chemin du Milieu. Женева кантон Эцна 113 200 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахо - Кулибаева Динара
Chateau de Bellerive, No. 25 and No. 27 Chemin du Milieu. Женева кантон Эцна 113 200 000 Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн долларх. Долахо - Кулибаева Динара

АМЕРИКАН ЦХЬАЬНАТОЬХНА ШТАТАШ

10225 Collins Ave., Unit 1801, Bal Harbour, Флорида. Эцна 3 400 000 долларх. Долахой - Назарбаев Болат, Кесикбаев Данияр
10225 Collins Ave., Unit 1801, Bal Harbour, Флорида. Эцна 3 400 000 долларх. Долахой - Назарбаев Болат, Кесикбаев Данияр
2 Margo Way, Alpine, Нью-Джерси. Делла $20 000 000. Долахой - Кесикбаев Данияр, Курмангалиева Майра
2 Margo Way, Alpine, Нью-Джерси. Делла $20 000 000. Долахой - Кесикбаев Данияр, Курмангалиева Майра

Apts. 930 and 702, 55 Wall St., Нью-Йорк. $4 300 000. Долахой - Назарбаев Болат, Кесикбаев Данияр
Apts. 930 and 702, 55 Wall St., Нью-Йорк. $4 300 000. Долахой - Назарбаев Болат, Кесикбаев Данияр
Unit 1801, 768 Fifth Avenue, Нью-Йорк. $20 200 000. Долахо - Назарбаев Болат
Unit 1801, 768 Fifth Avenue, Нью-Йорк. $20 200 000. Долахо - Назарбаев Болат

ЧЕХИ

Myslivna, Sovova stezka 470/1, Карловы Вары. $1 400 000. Кулибаев Тимур
Myslivna, Sovova stezka 470/1, Карловы Вары. $1 400 000. Кулибаев Тимур
Villa Ahlan, Sadova 1075/53, Карловы Вары. $300 000. Боранбаев Кайрат
Villa Ahlan, Sadova 1075/53, Карловы Вары. $300 000. Боранбаев Кайрат
Hotel Corso, Stará Louka 460/38, Карловы Вары. Мах хууш бац. Катранова Зелина
Hotel Corso, Stará Louka 460/38, Карловы Вары. Мах хууш бац. Катранова Зелина
Hotel Mignon, Sadova 1049/55, Карловы Вары. $74 000. Боранбаев Кайрат
Hotel Mignon, Sadova 1049/55, Карловы Вары. $74 000. Боранбаев Кайрат
Hruskova спортан центр, Hruskova 2194, Соколов. $62 700. Боранбаев Кайрат
Hruskova спортан центр, Hruskova 2194, Соколов. $62 700. Боранбаев Кайрат

БРИТАНИ

215 to 237 Baker Street, Лондон. $214 500 000. Назарбаева Дарига, Алиев Нурали
215 to 237 Baker Street, Лондон. $214 500 000. Назарбаева Дарига, Алиев Нурали
41 and 42 Upper Grosvenor Street, Лондон. $92 200 000. Кулибаев Тимур
41 and 42 Upper Grosvenor Street, Лондон. $92 200 000. Кулибаев Тимур
Pine Hill, Суррей. $39 900 000. Боранбаев Кайрат
Pine Hill, Суррей. $39 900 000. Боранбаев Кайрат
Sunninghill Park, Sunninghill Park, Buckhurst Road, Аскот. $30 100 000. Кулибаев Тимур
Sunninghill Park, Sunninghill Park, Buckhurst Road, Аскот. $30 100 000. Кулибаев Тимур
The Hampstead Mansion, 33 The Bishops Avenue, Лондон. $140 000 000. Назарбаева Дарига, Алиев Нурали
The Hampstead Mansion, 33 The Bishops Avenue, Лондон. $140 000 000. Назарбаева Дарига, Алиев Нурали

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG