ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женевехь дуьххьарлера цхьаьнакхетарш хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а делегацийн марафонан


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта Рябов Сергей а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатин пачхьалкхан секретаран когаметта Шерман Венди а (архив)
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметта Рябов Сергей а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатин пачхьалкхан секретаран когаметта Шерман Венди а (архив)

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Рябов Сергейс а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатин пачхьалкхан секретаран когаметто Шерман Вендис а шина сахьтехь къамел дина Женевехь белхан суьйре ярехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн герзаш дIадахаран Конференцехь волчу векалан резиденцехь, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо. (Герзаш дIадахаран Конференци даиман болх беш йолу дийцарш дIадахьаран дуьненаюкъараллан форум).

Associated Press (AP) агенталло бинчу хаамца, цхьаьнакхетар долор ду Дечкен-беттан 10-хь дуьйлалучу Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а делегацийн дийцарийн.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а делегацийн цхьамогIа дийцарийн куьлминаци хир ю цхьана охьахевшина а, виртуалан а масех цхьаьнакхетар Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, цуьнан бертахойн а цхьана агIор а, Оьрсийчоьнан официалан векалийн – вукха агIор а.

Дипломатин контакташ жигарйовлар тIаьхьарчу деношкахь а, кIиранашкахь а доьзна ду Оьрсийчоьно Украинина Iаткъам барца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG