ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу бизнесехь къахьоьгучу нехан терахьан рейтингехь тIаьххьара йу Къилбаседа Кавказ


Дагестан
Дагестан

Жима а, юккъера а совдегараллин субъекташкахь къахьоьгучу белхахойн терахьца хIоттийначу рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкахь нисйелла Къилбаседа Кавказан республикаш. Масала, Оьрсийчохь юккъерчу барамехь жимачу бизнесехь дакъалоцуш кхо стаг валахь, амма Къилбаседа Кавказехь цхьацца ву. Иштта хаамаш гойту экономикан кхиамийн министралло.

2022-чу шарахь цхьана бизнесан субъектехь къахьоьгучу нехан терахьца уггар вон хьал Нохчийчохь хиллехь – 0,9 стаг, амма гIадужу-баттахь аутсайдер Тыва хилла (1,33 белхахо). ШолгIа тептарехь Дагестан йу (1,5 белхахо), кхин дIа: ГIалгIайчоь (1,33 белхахо), ГIебарта-Балкхаройчоь (1,7), Нохчийчоь (1,8). Рейтингехь ворхIалгIачу меттехь ГIалмакххойчоь нисъелла (1,8 белхахо), уьссалгIачу меттехь – Кхарачойн-Чергазийчоь (1,9), цул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчоь ю, бизнесан цхьана субъектехь 2,2 белхахочо болх а беш.

Уггар кхиъна бизнес Волгоградан а (2,9 белхахо), Ростовн а, Астраханан а (шиннан а 2,7 белхахой) мехкашкахь йу.

  • Импорт, таможнийн гIуллакхийн жигаралла лахйалар, бахархоша дойъу ахча лахдалар, тIаккха церан тIаьхьалонаш санна, валован регионалан сурсаташ лахдалар, юккъерчу классера дуккха а нах махкара дIабахар, фронтехь эзарнаш болхбан де долу божарий кхалхар – Украинаца болийна тIом бахьанехь Оьрсийчоьнан экономикана хиллачу зенех цхьадерш бен дац уьш. Кхиъна инсдустри а, ресурсаш йахар долчу регинех вуно къаьсташ йолчу Къилбаседа Кавказан республикшна тIехь а гучуйер йу и тIаьхьалонаш тIейогIучу хенахь.
  • 2021-чу шарахь Нохчийчуьра бахархоша оьцу алапаш 5% лахделира, оцу юкъанна республикерчу хьаькамийн а, финансийн сферера белхахойн а алапаш уггар лакхара ду.
  • Гезгамашин-бутт бовш дуьйнна Нохчийчуьра зударий 11 процент кест-кеста балха кхийкха болийна, беттан юьххьехь хиллачуьнга хьаьжча, хаамбина Кавказ.Реалиига HeadHunter рекрутинган онлайн платформехь. Оьрсийчохь кхайкхийначу мобилизацица дузу иза эксперташа.
  • 2021-чу шеран жамIашца Къилбаседа Кавказан йалххе а республика къоман дахаран дикаллин рейтингехь аутсайдершлахь нисъелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG