ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жоьпаллехь стаг цахиларна арахьара паспорт ца делла Соьлжа-ГIаларчу йахархочунна


Паспорташ схьадалар, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архивера сурт
Паспорташ схьадалар, Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Архивера сурт

Кхиъна йолчу Соьлжа-ГIаларчу йахархочунна арахьара паспорт схьадала дуьхьал хилла цуьнан жоьпаллехь стаг цахиларна, хаамбина "СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархоша. Меттигерчу миграцин урхаллина дуьхьал латкъам хьажийна йоIан адвоката.

Бакъоларйархоша бахарехь, Нохчийчохь дуьххьара тIеIитталуш дац и хIума – паспорт схьалуш цуьнан жоьпалхо хила веза бохург низамехь дац. Шен латкъамехь и билгалдаьккхина адвоката, оцу йоIанна цхьа дехкарш доцуш паспорт схьадалар а доьхуш. ЙоIан цIе ца йоккху цуьнан кхерамазалла ларйархьама.

Нохчийчохь зударшна паспорт схьаэца хала хиларх лаьцна дуьйцура Daptar зорбано. Журналисташа бахарехь, хIусамдегара, йа дегара жоьпалла дехар – иза Нохчийчохь гуттара а лелош, амма низамехь йоцу практика йу. Цул сов, цара шайца ур-атталла кхечу оьрсийн регионе дIадуьгуш бер далахь, иза лачкъийна дуьгуш цахиларан тоьшалла дан деза.

  • Украинера тIом болабеллачул тIаьхьа паспорташ схьаэцарца проблемаш йуьйлайелира нохчийн божарийн. Хьалхо Кавказ.Реалиин редакцино дуьйцура, божарша миграцин урхалле шайх жоьпаллехь волу стаг вало везара, иштта военкоматера кехат дан дезара. Юристаша а, бакъоларйархоша а и практика низамца йогIуш йац элира, регионера бахархой хила мегачу мобилизацих идар сецо лаам бу иза бохура.
  • Мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь шайн йарташкара дIабахначу нехан тептар хIотто долийра, бакъоларйархоша бохура, арахьарачу мехкашкахь лела паспорташ даха кехаташ чулуш хиларх дукхачу наха – царахь цхьаберш лечкъийна бохуш дуьйцура.
  • Официалан хаамашца, 2022-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц кхечу пачхьалкхашка дIавахана Нохчийчуьра 948 вахархо – и терахь кхузза сов ду, стохка оцу хенаца дуьстича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG