ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жоп доцу безам. Кадыров а, кадыровхой а инстаграме юха стенна богIу?


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Оьрсийн лаккхара хьаькамаш инстаграмах а фейсбуках а дIахедарх – уьш долахь йолу Meta компани Москварчу Тверскойн кхело экстремистийн цхьакхетаралла лаьрра, цуьнан социалан машанаш Оьрсийчохь дIакъевлина – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гуоно жигара лелайо уьш хIинца а.

Телеграмехь шиъ, ах миллион тIевазвелларг воллушехь (цхьамогIа факташа гойту, царна юккъехь боташ хилар), политика инстаграм дIа ца тоссу, шен официалехь йоцучу агIонашна сих-сиха блокаш етташехь. Масала, Зазадоккху-беттан 11-хь "болх" сацорах дIахьедина долу Нохчийчоьнан куьйгалхочуньца доьзна ya_pomoshnik_kra_95 аккаунто, и пост дIа а ца йоккхуш, арахецарш дора Кадыровх а, Украинерчу тIамах а лаьцна.

Кадыровхошна инстаграм – мелла а карабирзина гIирс бу, билгалдоккху Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос.

"Телеграмехь Кадыровна ша шен меттехь ца хета. Цул сов, доза тоьхнехь а, инстаграм Оьрсийчохь шуьйра лелош ю хIинца а, цундела Кадыровга иза ца йитало", - тешна ву къамел дийриг.

Дозанаш деттаран тIеман турпалхо

Meta-н социалан платформийн гIуллакхаш лелор дихкина ду Оьрсийчохь Коьртачу прокуратуран орзана тIехула. ТIамехь дакъа лоцучу оьрсийн оккупанташна тIехь ницкъ баре кхойкхуш украинхойн пайдаэцархойн дIахьедарш дIа ца дохучу агIор фейсбукан хийцаеллачу политикаца доьзна дара доза тохаран формалан бахьана. Кхело кхетийна – и машанаш лелор "экстремизмаца" доьзна дацахь, иза низамца догIуш ду, тоьхна блок дIайостуш гIирсаш лелабахь а.

Кадыровс ша а дIахьедора, "хIора ша-шега ларам болчу нохчочо къобалбо" инстаграмна Оьрсийчохь доза тохаран сацам

Амма Зазадоккху-бутт болалуш иттанашкахь лаккхарчу хьаькамаша и платформаш "йиллинчу экстремизмана", "кIелонна", "оьрсашна дуьхьала йолчу политикана", "берриг оьрсашна биллинчу кепехь цабезамна" бехкейира. Кадыровс хьалхо ша а дIахьедора, "хIора ша-шега ларам болчу нохчочо къобалбо" инстаграмна Оьрсийчохь доза тохаран сацам.

Доза тухучу юкъанна, кхечу оьрсийн губернаторшца дуьстича, Нохчийчоьнан куьйгалхо гуш-хезаш шен инстаграмерчу агIонех дIа ца хедира, хIунда аьлча малхбузера санкциш бахьана долуш, цуьнан официалан агIо яцара. Амма масийттаза и дехкарна тIехула вала гIиртина иза, шен агIо неха йолуш санна кеп хIиттош.

Кадыровн агIонна дуьххьара блок туьйхира 2017-чу шеран Дечкен-баттахь, тIаккха инстаграмна бойкот кхайкхийра Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, республикера Оьрсийчоьнан думан депутаташа а. "КIиллойн диверсийн кибертIелатар" ду, аьлла кхетийра политикан гоно и блок тохар, амма тIаьхьо гучуделира – политик санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваккхарца иза доьзна хилар.

ТIаккха Кадыров Рамзана гайтира Нохчийчохь Эсханов Мохьмада йинчу америкхойн социалан машанан аналог - @Mylistory. Иза йинчу наха дIахьедора, инстаграмал эшна яц, бохуш, ур-атталла цул гIолехьа ю, олура, амма пайдаэцархошна нохчийн аналог кхерамазалле ца хийтира. ТIаьххьаре аппликаци шорттачу нахехула гIар ца елира, шен болх а сацийра цо 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь.

2018-чу шеран аьхка Кадыровс инстаграмехь агIо йиллира za_kadyrov_95 цIарца, амма и аккаунт а дIадаьккхира. ТIаккха Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, шен агIо дIакъовлар иза "америкхойн кегийрхошна ша беш болчу Iаткъамца" доьзна ду. Нохчийн политикан агIонаш дIакъийлира 2019-чу шеран аьхка, тIаккха – шозза – 2020-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь а. ТIаьххьара блок тухучу хенахь Кадыровца йоьзна йолу, бархI миллион стаг вазвелла йолу ya_pomoshnik_kra_95 агIо Чиллан-беттан 26-хь дIакъевлира, Украинехь тIеман тийсдаларш доладелчхьана.

Цул тIаьхьа Кадыровс забарш йира, агIо шен гIоьнчан Даудов Iумаран ю, "шен агIо гIар а яьккхина, ахча даккха дагахь вара" иза, аьлла цо. Амма оцу аккаунтера Кадыровн эфираш йора, хIинца цигахь тIехIоттийна цуьнан телеграмерчу каналана тIевуьгу линк ю.

Машанна доза тохар къобалдеш Нохчийчоьнан куьйгалхочо пост хIоттийнехь а, цуьнан "гIоьнчан аккаунт" хIинца а керланаш арахоьцуш ю, уггара хьалха кадыровхоша Украинехь лелочух лаьцна.

Делахь а тIаьххьарчу кIирнашкахь арахецарийн а, лайкийн а терахь лакхадаьлла америкхойн машанан нохчийн сегментехь – хетарехь, кадыровхой юха а гIерта цигахь гIарбовла.

Рамзан Ахматович воцург а

Шен инстаграмера агIо жигара лелайо республикера ЧГТРК "Грозный" телехьожийло. Цул хьалха цо дуьйцура, шаьш ца хилча Оьрсийчохь и маша лело йиш йоцу VPN-сервисех пайда эцар "кхераме" ду, бохуш. Арахецарш деш ю хIинца а "Грозный Информ" а, "Чечня Сегодня" хаамийн агенталлаш.

Шайн аккаунташ лелош ю иштта Нохчийчоьнан хаамийн, зорбанан, арахьарчу зIенийн, къоман политикан а министралла а, цуьнан куьйгалхо Дудаев Ахьмад а. Сацош дац арахецарш Оьрсийчоьнан думан Нохчийчуьра депутатан Саралиев Шамсаилан а, кегийрхойн политикан министран Ибрагимов Iийсан, вице-премьеран Умаров Джамбулатан, Кадыровн хьехамчан, думан экс-депутатан Селимханов Мохьмадан а, Курчалойн кIоштан куьйгалхочун Ирасханов Асламбекан а, транспортан, зIенийн министран Черхигов Рамзанан а, кхинболчу хьаькамийн а агIонашкахь.

Нохчийчохь болхш беш йолчу федералан хьукматийн инстаграмера аккаунташ а ду лелош – Роспотребнадзоран а, ГИБДД-н а.

Инстаграм а, тикток а – кадыровхоша пиар а, хайп а йоккху майданаш ю, и гIуллакх томехь ду царна, ткъа телеграмехь уьш "охьатеIабо", гIардаьхна аккаунташ а, эцна боташ балахь а, хета Великобританехь вехачу нохчийн жигархочунна, блогерна Iабдул-Маликна.

Таханлерчу Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а хуьлучух лаьцна бакъдерг дуьйцу каналаш а, аккаунташ а Телеграмехь алсамо ду  

"Со вуно цеваьлла вара кадыровхой телеграме дехьабевллча. Со тешна ву, церан аудиторина тIера контроль карара йолуш хиларх, хIунда аьлча, таханлерчу Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а хуьлучух лаьцна бакъдерг а дуьйцуш, оцу рожан бакъйолу юьхь гойту каналаш а, аккаунташ а телеграмехь алсамо ду. Меже хIоразза а меттах мел-йоккху, кхин а буха текхочу уьшал чохь биссина кадыровхой", - тешна ву нохчий жигархо.

Нохчийчуьра таханлерчу Iедална оппозицехь лаьттачу 1ADAT боламехь Кавказ.Реалиига шайн хетарг дийцина: Кадыров ya_pomoshnik_kra_95 агIоне юхаверза тарло, хIунда аьлча, иза гIардаккхарехь даккхийра ахчанаш хьежийна цо.

Масала, 2020-чу шеран гурахь Моргенштера дIахьедира Дудь Юрийна еллачу интервьюхь, КадыровгIеран доьзало социалан машанашкахь тIебазбеллачийн терахь алсам даккхаран конкурсехь дакъа лецира, хIора арахецарх 400 эзар сом а луш.

"Хьал беламе ду – "Американа кхераме волчунна", "КъорIанан а, Суннатан а хадархочунна", "воккха стратегна" Кадыровна сих-сиха иэхьечу кепехь блокаш туху инстаграмехь, амма хIоразза а, дехкаршна тIехула вала бахьанаш а лоьхуш, юхавоьрзу иза, аккаунт шен хьехамчан долахь ду, йа туристан порталан агIо ю, бохуш кепаш хIиттош. Цуьнан маьIна атта ду – Кадыровн комплексаш ю, цуьнан чIогIа самукъадолу бIеннаш эзарнаш лайкаш а, хьесталуш комментареш а шена язъеш", - билгалдоккху боламехь.

Нохчийчохь инстаграм лелор дехкар, тIаккха юха магийтар 1ADAT-хь гайтаме а, республикехь долу хьал схьагойтуш а хийтира.

"Дуьххьара Кадыровс массарга инстаграмера аккаунташ дIадахийтира, тIаккха эзарнаш бюджетан белхахой а, хьаькамаш а муьтIахь хилира. ТIаккха "паччахьан" дог-ойла хийца елира, хIинца цара VPN-гIирсаш хIиттабо, аккаунташ до, омра делча лайкаш а, комментареш а язйо. Инстаграмехула гуш ду таханлерчу Нохчийчохь муьлха низамаш ду лелаш", - билгалдоккху боламехь.

"Роскомсвободан" а, Digital Rights Center-н а юриста Истомин Никитас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, Кадыровх дерг аьлча, шен аудиторица къамел даран аналог, хетарехь, кхин яц цуьнан.

"Аудитори а, инстаграм лелоран кеп мух хийцаелла, ала хала ду, хIунда аьлча, яьлларг дукха хан яц, амма вайн билггал гур ду иза", - тIетоьхна Истомино.

Кадыровн инстаграме базбеллачарна юккъехь бакъйолу аудитори 0,3% бен яц

Леринчу программашца ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтана дайначу шеран ГIуран-баттахь анализ йича гойтура: оцу хенахь хилла волу 8,2 миллион тIевазвеллачух, жигара аудитори 1,3% гергга хилла. Ах эзар тIевазвелларг теллича гучудаьлла, бакъйолу аудитори (аьлча а, дIадуьзна аккаунташ долуш – аватаре хIоттийна сурт, мел-кIезга а 10 арахецар, тIаьххьарчу кхаа баттахь цхьаъ мукъане жигаралла а) 0,3% хилла. Аккаунтана тIеберзаран юккъера барам – жигараллин барам верриг тIевазвеллачийн терахьца буьстича – 2,5% хилла.

***

Нохчийн парламентан спикеро, республикан куьйгалхочун уллерчу накъостех цхьаъ волчу Даудов Мохьмада критика йира кегийрхошна, социалан машанашкахь къамелаш дарна. Оцу бахьанца Нохчийчохь онлайн-хадархой кхоьллина, "ламасташца ца йогIу посташ" леха езара церан, тиктокерчу онлайн эфирашна тIаьхь тидам латто кечвелларг ша Даудов вара.

VPN-сервисашна блок тохар тIечIагIдира Роскомнадзоро – оьрсийн пайдаэцархойн кхачамбацарш буьйлабелира Proton VPN сервисна тIетасбаларехь. Доза тохаран бахьана лору, низамаш хедор, хIунда аьлча оцу гIирсано аьтто ло, махкахь хьажа магийна йоцу хьостанашна тIекхача, царна юкъахь ю фейсбук а, инстаграм а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG