ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Политковская Анна йийна 20 шо кхечи. Кадыров Рамзанна критика йора цо жигара

Политковская Анна
Политковская Анна

ГIадужу-беттан 7-чохь 20 шо кхечи "Новая газетан" журналист Политковская Анна йийна. 2006-чу шарахь тапча туьйхира цунна Москвара Лесная урамерчу шен цIенна хьалха. Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманахь федералан эскарша лелийначу зуламех лаьцна нахаладоккхура Политковскаяс, ишта йиллина критика йора Кадыров Рамзанна а, Путин Владимирна а.

Политковская йийна рогIера шо кхочуш дIахьедар арахецна зорбанан гIирсийн маршонехьа йолчу Коалицино, кехатана куьйгаш йаздина 32 пачхьалкхан векалша.

"Лахахь куьйгаш йаздинчу зорбанан гIирсийн маршонехь йолчу Коалицин декъашхоша кхайкхамбо Оьрсийчоьнан Iедалхошка иза йерна бехке мел верг жоьпалле озаве, ишта и зулам дайта сацам бинарш а цхьаьна. Журналисташна а, зорбанан гIирсийн белхахошна а дуьхьал дина зуламаш таIзар доцуш дита йиш йац", - аьлла ду хаамехь йаздина.

Ассоциацино кхайкхамбина Оьрсийчоьнан Iедалшка журналисташна маьрша дIасалела а, шайн болх бан а таро йита, бакъо йоцуш лецна латтош берш а, набахтехь хенаш токхуш берш а дIахеца, "журналистан белхана криминализаци йар сацаде" аьлла.

Москвара бахархоша дагалецира Политковская Анна, иза йийначу цуьнан цIенна хьалха зезагаш а дохкуш.

20 шо даьллачул тIаьхьа а и зулам дайтина нах карийна, билгалбаьхна бац. Политковскаян гергарчарна а, цуьнан хиллачу белхан накъосташна а хетарехь, оцу зуламца доьзна гIуллакх теллина а дац.

  • 2014-чу шеран мангал-баттахь Москва гIалин кхело велла дIаваллалц чохь йаккха хенаш туьйхира Нохчийчуьра Махмудов Рустамна а, Гайтукаев Лом-Iелина а. И шиъ бехкевира бехккъасторхоша Политковская Анна йерна. ТIаьхьо набахтехь кхелхира Гайтукаев.
  • Милцо хилла Хаджикурбанов Сергей и зулам дечу заманчохь йукъарло лелийна ву аьлла, бехкевира, цунна 20 шо хан туьйхира 2023-чу шарахь гучуделира, контракт йина Украинерчу тIаме ваха реза хиларна, иза маршаваккхарх. Политковская йен кечам бечу хенахь цунна тIехь терго латтийна ву аьлла бехкевинчу МахмудовгIеран шина вешина ИбрахIимна а, Джабраилна а 12 а, 14 а шераш кхайкхийра. 2024-чу шарахь Махмудов тоьхначу хенал а хьалха аравалийта реза хилира Соьлжа-ГIалара кхелахой.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира юстицин инарла-майоран чин делира, 2015-чу шарахь "Новая газетан" журналист Политковская Анна йерца доьзна гIуллакх теллинчу Шараев Владимирна.
​
XS
SM
MD
LG