Журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а йиттича Iедалхошна хеттарг; дукха ваха ца лаьа Кадыров; дIахецна адвокат Идалов – цунах а, и доцчух дуьйцур ду Маршонан 18-чу подкастехь.
Лайкх хIоттайе хIинццехь, йа мах хадабе – цо гIо дийр ду подкастана кхин а ладогIархой тIегулбан.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Милашинина а, Немовна а йиттина Соьлжа-ГIалахь
Доьдучу кIиранан коьрта тема йара – Соьлжа-ГIалахь журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а герзашца дина тIелатар. Цу шинна къизаллица йиттира товбеца-беттан 4-чохь. Кадыровхоша стохка лачкъийна нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран вежарийн нанна Мусаева Заремина Соьлжа-ГIалахь кхело таIзар кхайкхочу догIуш хиллера и шиъ. ЯнгулбаевгIеран боллу доьзална хIаллакбийр бу бохуш, кхерамаш тийсира Кадыров Рамзана. Уьш "террорхой" бу элира цо, ткъа царех лаьцна дуьйцу журналисташ а, бакъоларйархой а, шайлахь Милашина Елена а йолуш, "террорхойн гIоьнчаш" бу бохура, ша уьш "хIаллакбийр бу" а элира цо.
"Кхин цкъа в вистхуьлу со бакъоларйаран органашка а, къайлахчу сервисашка а, Каляпинна [бакъоларйархо Игорь] а, Милашинина а, "Новая газетина" "Дождь" телеканалана а дуьхьал хIинца а бехкзуламан гIуллакхаш ца дохуш, шу хIун деш Iаш ду? Уьш террорхой а, террорхойн гIоьнчаш а хиларх кхин хIун тоьшаллаш оьшу шуна? Ас шуьга официалехь дIахьедо, уьш террорхойл а воха бу, уьш миччахь хиларх, мел чIогIа къайлабовларх, тхуна уьш схьакарор бу, оха уьш хIаллакбийр а бу – уьш террорхой бу", - дIахьедира Кадыровс 2022-чу шеран чиллин-беттан 1-чохь зорбане йаьккхинчу видео тIехь.
Милашинина а, Немовна а Соьлжа-ГIалахь йеттарх хууш ду цара шаьш дийцарца: Нохчийчу кхаьчна, журналист а, адвокат а такси ма хаъара, и шиъ тIехь долчу машенна дуьхьалбевлира туьтмIаьжгаш йоьхкина нах. Милашина а, Немов а ор чу а кхоьсина, куьйгашца а, мийрашца а, полипропиленан гIожмашца а царна йетта буьйлабелира уьш. Адвокатан когах урс тоьхнера, коьрте тапча а хIоттийнера, журналистан куьйгех йиттинера, шаьш пIелг боккхур бу бохуш, кхерамаш а тийсинера, цуьнга телефон йастийта. Милашинин корта а баьшна, баьццара коьчал тIейоьттинера.
Милашина: "Цхьа билггал шайна тIехь дерг кхочушдора цара, шайна хIун лаьа, шайгахь хIун лимиташ, стенна тIехдовла мегар дац – и дерриг а хууш бара уьш. Цундела со а, Саша [Немов] а кхийтира, цуьнан цIий дIаоьхучу хенахь, пхенах и Iоттаделлехь…Лоьраша бохура, тIелеттачарна хууш хиллера стенга тоха йеза, мича урс Iотта мегар ду, цуьнга дукха дуьхьало ца йайта дина хир дара цара и. И борша стаг волу дела, ткъа со? Со ма ю пхьид санна дIа Iуьллуш. ТIелеттачарна дика хаьара шайн таронаш а, шайна тоьхна дозанаш а, цхьа Iалашо йара церан саматфонийн а, техникан а паролаш хаар….Шаьш дIадоьлхуш бIенна тIе кхаччалц дагарде элира, тхо батош лаьтта а таIийна, соьга-м и латта а даийтира, тIаккха дIабахара. Со а, Саша а ду Iуьллуш, аса боху: "Саша, дIабахначух тера ду". ХьалагIотту тхойша, шиъ тIехьоду… И мIаьрго баккъал а халачух йара".
Милашинина динчу тIелатаран тIаьхье хууш йу хIинцале а: Москвахь цуьнга хьоьвсинчул тIаьхьа къаьстина цуьнан хьен туьта лазийна хилар а, куьйгийн пIелгаш кегдар, дуккха а чевнаш дегIа тIехь хилар – журналистан боллу букъа тIехь гIаж йиттина лараш йу.
Товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна конституцин низамаш кхолларехула а, пачхьалкхан гIишлош йарехула а йолчу Федерацин Кхеташонан куьйгалхочо Клишас Андрейс тIедожийна, “низамашлардаран органашкара шога жоп дехар”, ткъа пачхьалкхан думин хаамийн политикан комитетан куьйгалхочо Хинштейн Александра “зуламе а, чекхдалийта йиш йоцург” а ду аьлла дина тIелатар.
Де делкъене даьллачу хенахь бистхилира Кремелхь берш. Соьлжа-ГIалахь динчун мах хадон дуьхьал хилира президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий, делахь а цо хаийтира, оцу инцидентах президенте Путин Владимире дIахаийтарх.
Журналистана а, адвокатана а йеттарх талламбар тIедожийра Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра. Схьа а карабай, царна таIзар де аьлла, кхайкхамбира иштта президентехула адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьянас.
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а вистхилира мехкан шахьарахь къиза йеттаран хьокъехь, амма Кремло реакци йинчул тIаьхьа. "Къастор ду вай", - йаздира цо телеграм-каналехь, хIинцале а "компетенте сервисашна тIедиллина ша, тIелеттарш гучубаха хIуъа дай а" аьлла, тIе а тухуш.
Билгалдоккху, дахначу шерашкахь журналист Политковская Анна а, бакъоларйархо Эстемирова Наталья а йийча, Кадыровс иштта дIахьедира шен тергоне оьцур ду ша аьлла. Цу шина а гIуллакхехь эвсара таллам бина бац, чIагIдо бакъоларйархоша. Ткъа лакхахь хьахийначу президентан пресс-секретаро Песковс, "Новая газетаца" Кадыровн дов хиллачул тIаьхьа 202I-чу шеран бIаьста дIахьедира, "журналистийн кхерамзаллина тIекховда йиш йац" аьлла.
Милашинина а, Немовна а йиттинчул тIаьхьа бIостане комментарий зорбане йаьккхира Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада. Цо дIахьедира, Соьлжа-ГIалахь тIелеттачийн лелар “малхбузерчу къайлахчу сервисийн” кепех тера ду аьлла. Йаздира "и зуламе, инзаре низам дохош хIума дайтинарш а, динарш а схьалохуш, органаша дерриг а дийр ду" аьлла. Иштта бехкейира цо Милашина нохчийн эскархойн а, доллу нохчийн къоман а сий дайарна, журналистийн публикацешкахь махкахь адамийн бакъонаш хьоьшуш йу бохуш, йаздарна.
Нохчийчоьнан Iедалхоша шаьш талламбийр бу аьлла дIакхайкхийначул тIаьха, башха дукха хьежа а ца ийшира, хьалхара жамIаш гучудевлира. Махкара адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дIахьедира, (ала дашна, и вара йиттинчул тIаьхьа Милашина а, Немов а дарбанан цIийне дIадигинарг), тIелеттарш муьлш бу хаа цкъачунна аьтто ца кхочу ницкъахойн, хIунда аьлча, "номерш йоцчу машенаш тIехь лелла уьш хиларна" аьлла. Даржхочо йаздира, Милашина Нохчийчу эхар “къобал деш дац” бахархоша, цо бен болх бахьана долуш. Оцу йукъанна элира, журналистана а, адвокатана а тIелатар дар “боьха провакаци” йу Нохчийчоьнан Iедалан а, цуьнан куьйгаллин а “имидж талхон” Iалашонца йина аьлла.
Милашина тешна йу, адвокатана а, шена а динчу тIелатарх жоьпалла Нохчийчуьра Iедалхошна тIехь ду аьлла. Цунна хетарехь, Соьлжа-ГIалахь дIа ма хьедарра, и зулам кечдинарш цхьа “провокаторш” хиллехь а, иза атта талла йиш йу.
"Нохчийн Iедалхоша бахарехь, цхьа провокаторш хилла уьш (йоьлу). Хаац, царна уьш муьлш бу аьлла хета-м. Тхан версица, ас Нохчийчохь бечу балхаца а, Сашин [Немов] балхаца а доьзна ду и. Цунна йеттачу хенахь, цуьнга ала ма аьлла: "Ахьа дукха нах Iалашбо кхузахь, хьайн цIахь Iалашбе, кхузахь ахь ларван оьшуш цхьа а вац". Нагахь санна, хIара провокатаорша динехь, цуьнан тоьшалла дан атта хир ду, хIунда аьлча, уьш бовза хала хир дац, аэропортехь тхоьга хьоьжуш Iийна бу уьш. Аэропортехь дуккха а камераш йу, цу тIехь уьш бевзар бу – туьтмIаьжгаш а йоцуш ма лелла уьш цигахь. Цу тIе и лардеш лелон доза ду, аэропорт чохь хилла ца Iаш, арахь хIиттийна а йу дуккха а камераш", - элира Милашинас.
Соьлжа-ГIалахь герзашца динчу тIелатаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна товбеца-беттан 5-чохь. Зулам тидина Iедалан шина къепехь – хуушехь адаман могушаллина йуккъерчу барамехь а, дайн а зен дар аьлла. Оцу бехкашца пхи шо, ши шо кхачадо набахтехь даккха. ТIелатар церан балхаца доза реза ца хилла талламхой.
Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла йу гIуллакх толлург. Бехкеберш лацарх, йа цхьана кепара оперативан барамаш дIабахьарх хууш дац.
Соьлжа-ГIалара кхело Мусаева Заремина пхи шой, ахшой туьйхи колонихь даккха – оццул хан йоьхура прокуратуро а. Бакъоларйархошна хетарехь, 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан буха тIехь ду, адвокаташа масийтаза дIахьедира оцу гIуллакхехь харцонаш лелорах.
Мусаева лачкъийчхьана, цуьнан могушалла ледара йоллушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар а коьртаниг, со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
"Лечу хьолера" Кадыров а, "вийна" Делимханов а
Мусаевана таIзар кхайкхадале а, Милашинина а, Немовна а йеттале а хьала Кадыров Рамзан шен уллорчу накъостаца, Думин депутатца Делимханов Адамца суьйре дIахьош вара. Мехкан урхалхочо видео дIайазйира, стоьла гонах хиъна чай молучуьра. Иштта реакци йира Кадыровс цул хьалха ша цомгаш ву, лечу хьолехь а ву аьлла, баржийначу хаамашна.
Ша велла бохуш даржийна хабарш харцдар санна хилира Делимхановна а и видео – нохчийн депутат Украинехь вийна аьлла бутт хьалха хаамашкахь дийца даьккхира. Хиллачух Оьрсийчоьнан верси масийттаза хийцайелира: пачхьалкхан каналаша йуьхьанца дийцира, депутат лазийна аьлла, тIаккха дIахьедира, иза дийна а ву, могуш ву. Делимханов кхалхарх хаам гучубаьллачу дийнахь Кадыровс видео зорбане йаьккхира депутатаца йазйина, делахь а, билггал кестолгIа иза дIайазйина йу бохучух шеконаш хилира. Мухха делахь а, Кадыровн а, Делимхановн а видеоно а кхуллу хеттарш. Оцу видео тIехь Кадыровс, стенна делахь а, дуьйцу, хIунда гIоле ду доца дахар.
"Вай цхьа паргIат дехаш ду, сих ца луш деха - бепиг Iуьйшу. Тамашен ду дахар, ма-дарра аьлча, интересе ду дахар, иза доца делахь. Цундела дукха даха тхо иштта а дагахь дац".
Кадыровн векал Хизриев Ислам кхелхина
Тобвеца-беттан 5-чохь хаам хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера Хизриев Ислам кхалхарх – цунах лаьцна дийцира, схьагарехь, оьрсийн ницкъахошца йоьзначу телеграм-канало. Шайн хьасташна тIетевжина канало чIагIдо, Украинехь тохаршкахь йинчу чевнех Санкт-Петербургера дарбанан цIийнехь велла Хизриев бохуш. Оцу информацина тоьшаллаш кхечу хьасташкара дац, Соьлжа-ГIалахь Кадыровн бIанакъост валарх дуьйцуш дац.
Нохчийчоьнан Къилба-малхбузенан федералан гонашкара векалаллин хилла куьйгалхо ву Хизриев Ислам. Иза кхалхале бутт хьалха машанашкахь видео гучуйелира сепаратистийн "ЛНР-ехь" тракторш лечкъорна Хизриев лоцуш йаьккхина.
2021-чу шеран гIадужу-баттахь Санкт-Петербургехь лецира иза – кхо грамм наркотикаш шеца а йолуш. ГIуллакх долийра баккхийчу барамашкахь магийна йоцург лелорна аьллачу артиклехула. Хизриевна кхаа шарера итт шаре кхаччалц хан йогIура набахтехь йаккха. Украинана дуьхьал тIаме Хизриев кхаьчна хила тарло, боху, ЧВК "Вагнеран" дакъошца набахтер. ТаIзар цунна ца кхайкхийра, ткъа стохка гурахь СИЗО-ра дIахийцира иза.
Кардашов вийначунна хан кхайкхийна
Нохчийчуьра Нажин-Йуьртан кIоштан кхело товбеца-беттан 6-чохь набахтехь даккха бархI шо а, ши бутт хан кхайкхийна Соьлжа-ГIалара таксхочунна Омаров Сайд-Мохьмадна. Дагестанера аптекахо верна а, цуьнан бахам лачкъорна а бехк тIехь битина цунна. Кардашовн гергарнаш ца теша таксхо бехке ву бохучух, хьалхо цара дIахьедира иза верна бехке нохчийн ницкъахой бу аьлла.
Чиллин-бутт бовш дуьйна бехкзуламан гIуллакх луьстуш дара федералан суьдхочо Атаев Iадвана. Хьалхо прокуроро шогачу хьелашкара колонихь такха 10 шо дехнера Омаровна. ТаIзар кхайкхорах Кавказ.Реалии сайте хаийтина бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Организацин юристаш бара кхелехь вийнчун ненан, Якубова Цилин, интересаш дIахьош. Оцу сацамна латкъам бан дагахь бу уьш.
"Омаров бехкелоруш Кардашов верна хIара кхозлагIа бина сацам бу. Лакхарчу кхелаша дIатеттина, хьалха хиллачу шиннан жамI, хууш ма-хиллара, бехкбуьллу таIзарш дара уьш. Дуьххьара дIататтаро нийсонца кхел йийр йу аьлла, дегайовхо йитинехь а, хIинца и дегайовхо лахйелла. Дуккха а цхьана цадараш ду кхузахь, цара гойту жоьпе озийначо и бехк ша шена тIелаьцнийла", - боху Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.
Омаровс ша дарединчул тIаьхьа охьайийцина верси цхьана а кхачам болчу тоьшаллашца йуьзна йац- йа телефонан биллингаца, йа арахь видеокамераша дIайаздинчуьнца, дIахьедо къамел дечо. Кардашовн дакъа хIинца а схьакарийна дац. Бакъоларйархоша дийцарехь, Омаровна биллина бехк йуха талла безаш бу, ткъа цуьнан гIуллакх Росгвардин эскархойн Абдурашидовн а, Дукаевн а гIулакхах дIаэдан деза - цхьана кхелан процессехь таллийта.
Хасав-Йуьртара аптекин долахо Кардашов Алексей вайра 2017-чу шеран гурахь. Коьрта теш вара, иза машенахь дIавигина таксхо Омаров Сайд-Мохьмад. Дагестанера талламчашка йуьхьанца дIахьедира цо, Кардашов нохчийн ницкъахоша лачкъийна аьлла.
Дагестанера Нохчийчу талламбар дIакхачийча, Омаровс, хетарехь, тIехь ницкъбича, ша хьалхо аьлларг йухаийцира. Кардашов ша вийна элира цо.
Нохчийн адвокат Идалов аравалийтина изоляторера
Цхьаццца бехкамаш бина, талламан изоляторера араваьккхина Москван кхело нохчийн адвокат Идалов Тимур. Хьалхо прокурорна кхерамаш тийсарна бехктакхаман гIулллакх долийнера цунна дуьхьал. Кавказ.Реалии сайте ИдаловгIеран цIийнах волчо дийцарехь, адвокатана дихкина интернет а, телефон а лелор, иштта мегар дац цунна чуьра аравала буса итт сахьт даьлча Iуьйранна ворхI даллалц. Гезгамашин-беттан 12-чу дийне кхаччалц латтор ду дехкарш.
Стигалкъекъа-баттахь нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашван хIиттинчийн аьтто ца белира цуьнан лацар къовса – ФСБ-н а, МВД-н а белхахоша дIахьедира цуьнан терроран тобанашца а, нохчийн бандашца а уьйраш хила тарло аьлла. ТIаккха адвокаташ тIетевжира оцу шеконийн тоьшаллаш цахиларна а, цо дина зулам дацарна а. Идалов Iалашвечарех цхьана адвокато Мусаев Мурада дIа ма хьедарра, процессехь дакъалоцучу прокуроре хаьттинера цо: "Хьо капитан Каттани-м вац? Цунна тоьпаш ма тоьхна". Идаловс прокурорна кхерам тасар ду и аьлла, тидинера талламо цуьнан дешнаш.
Цу тIехь ас дерзадо. Аша ладуьйгIира Маршонан 18-чу подкасте. Нагахь санна, тхуна гIо дан шайна лаахь, хIоттайе лайк, шаьш ладугIучохь йазйе комментарий.
Йазло Маршо Радион подкасте: