ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналистана Милашина Еленина критика ян админресурс юкъаозийна Нохчийчохь


Милашина Елена
Милашина Елена

Оппозицин IАДАТ телеграм-канало чIагIдарца, журналиста Милашина Еленас еллачу интервьюна критикан ян Iалашонца Нохчийчохь административан ресурс юкъаялийна. ЦIарца юьйцуш йоцучу урхаллан белхахошна дан дезарг хьоьхуш, мессенджерехула яржийна аудио Iораяьккхина жигархоша.

"Массеран а де дика дойла! ХIокху публикацина бухахь йитийша шайн комментареш. Шаьш реза цахилар дIахаийта, мехкан куьйгалхочуьнгахьа гIо даха. Дала гIо дойла вайна!", - боху аудио тIехь къамел дечу зудчо.

Карарчу беттан 4-чохь Собчак Ксенияна Милашина Еленас елла интервью зорбане яьккхира ютубехь. Цхьана 24 сахьтехь ахмиллион гергга наха ладоьгIнера цуьнга, 21 эзар лайк а хIоттош. Милашинас бечу балхах лаьцна яра интервью - Нохчийчохь адамийн бакъонашца долчу хьолах цо язъечу материалех.

Зазадокху-беттан 15-чохь "Новая газетан" журналисто Милашина Еленас зорба туьйхира, Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах ша бинчу талламан шолгIачу декъана. Кадыров Ахьмадан полкан хиллачу белхахочо, лакхарчу сержанта Гезмахмаев Сулеймана Нохчийчохь лелочу Iазапех а, байъинчу бахархойх а дина мукIарло дара иза.

"Новая газетан" информацица, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецира, цул тIаьхьа вийра 27 стаг. Лецначарна ха деш хиллачех теш карийра талламан авторшна. Цо тIечIагIдира, мел лахара а 13 стаг кхел йоцуш вийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG