ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн йиш "ВКонтакте" дIахIотторна бехке вина Нохийчура вахархо


Нохчийчура вахархо Шидиев Абузар ву Iедалша жоьпе озийнарг. Цунна бехке диллина "ВКонтакте" социалан машанехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран йиш зорбане яьккхар.

Талламхоша чIагIдарехь, иза Оьрсийчохь йихкинчу материалашна юкъатоьхна хилла. Цу кепара Шидиевс административан низам дохийна аьлла хета царна.

«Кавказский узел» сайто бинчу хаамца, бехке винарг чувоьллина, 15 де хан а тоьхна.

Дуьйцуш дац Муцураевн муьлха йиш ю Iедалшна ца тайнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG