ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь ДАIИШ-ан байракх хIотторна бехке вина Нохчийчура вахархо


Нохчийчура вахархо Идиев Селим суьде озийна, шен социалан машанехь йолчу агIон тIехь «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан символика хIотторна.

«Кавказский узел» портало бинчу хаамца, низамашлардечу органашкара белхахошна интернетехь мониторинг еш гучудаьлла Идиевc экстремизман чулацам болу пост зорбане яькхина хилар.

Талламан комитетан векало бинчу хаамца, Идиевн гIуллакх Шуьйтарчу суьде хьажийна кху беттан 22-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG