ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанан министро бюджетникашка "Кадыров Ахьматан некъах" социал-машанашкахь йозанаш де аьлла


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъост, республикан зорбанан министр волчу Дудаев Ахьмада бюджетникашка интернетехь болу болх жигара баккха, цу кеппара "экстремизман идеологина дуьхьало латтор йу вай", аьлла. Шен министраллерчу коллегашца цхьаьнакхетар дIадаьхьира цо, Гуьмсехь тIемалойх ву боху шиъ вийначул тIаьхьа.

Дудаевс дийцарехь, Кадыровн ражна хьашт йоцчу "идеологешца" къийсам латторехь социал-машанашкахь "Кадыров Ахьмадан некъах" комментареш йитарца болх бан беза. Студенташца а, дешархошца а и болх бар а ладаме лерира цо. "Кегийрхойн леларшкахь экстремистийн хьежамаш цахилийтархьама". Муьлхачу кепехь хир бу и болх, хууш дац.

Республикерчу министраллашкахь а, урхаллашкахь а хьалха а йазйойтура и комментареш ишта, амма Iедалхоша шуна нуьцкъах тIе ца дуьллу и, элира Дудаевс. 2014-чу шарахь Украинехь цIераш йоцчу институташа а, наха а цу кепара адамаш майдане дIагулдора, элира. Амма шен дешнашна тоьшаллаш хьаькамо ца далийра.

Кавказ.Реалии редакцино массийттуза дийцира, Нохчийчуьра бюджетан белхалошка и тайпа белхаш байтарх. ДIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь цаьрга аьлла дара, республикан куьйгалхочун инстаграмерчу, телеграмерчу посташкахь комментареш йазйар "жигара даккха" аьлла - дерриге йозанаш куьйгалхочунна резадолуш хила дезара. И тайпа омра бюджетникашна Кадыровца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа делира. Социал-машанашкара шена резаболчийн жигаралла лахделла цо аларца.

  • Нохчийчохь тидаме эцна, "бала боцу" бахархой. Цара Iедална муьтIахь хилар ца гойту, йа дуьхьало ца йо. Регионан куьйгалхочо и тайпа нах "уггаре кхерамениш" лерина. Дукхахьолахь кегийрхой бу цара буьйцурш. Иштта шен олалла чIагIдеш ву Кадыров, боху Кавказ.Реалии-с хеттарш динчу бакъонашларйархоша.
  • Оппоненташ лахаран болх шен дарже хIоьттича дуьйна схьа беш ву иза. Регионан куьйгалхочо гIаттамхойн тобанашца берш лохуш кампани дIайаьхьира: "бен йоцуш маж", маж йолуш, амма мекхаш доцуш хилар, хьалакарчийна хечийн когаш, аьру пхьарс тIехь сахьт лелор, чIенга къайлайоккхуш хиджаб лелор. Уьш дерриге адам дIалаццал бахьанаш лерина дара. Цунна муьтIахь йолчу телеканалехь сих-сиха "ваххабитех тера хиларна" цо нах чехош а гойтура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG