ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаша а, нохчийн оппозиционерша а хаамбина, кадыровхой Гуьржийчу а, Туркойчу а бахкарх


"Верхний Ларс" КПП, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан номершца йолчу машенийн ковра тIехь видео йаржийна гуьржийн "Мтавари" оппозицин телеканало, йаздо "Эхо Кавказа" проекто. "Кадыровхойн тIемалой" бу аьлла уьш телеканало. ЧIагIдо, Натахтари эвлана гергарчу боккхачу некъа тIехь йаьккхина йу машенийн коврех видео бохуш. ТIаьхьо социалан машанашкахь оццу машенийн сурт гучуделира, Батумихь даьккхина.

Социалан машанашкахь тергойина, оцу тайпа номерш йолу машен ган таро йу криминалан гонашкахь дика вевзачу Ахметханов Асламбекан тоххара инстаграмехь йинчу публикаци тIехь а аьлла. "Кавказский узел" гIирсо йаздира, Ахметханов – "Юг-нефть" компанин долахо ву аьлла. 2020-чу шеран оханан-баттахь шога цуьнан йуьхь йаьккхира камерашна хьалха дIахIоттийна Кадыров Рамзана, антиковидан низамаш дохорна а, къаьркъа маларна а.

"Мтаварин" информацица, кадыровхоша масех де даьккхина Гуьржийчохь, хIинцале а гуьржийн-туркойн дозанехула пачхьалкхера арабевлла уьш. "Европахойн Гуьржийчоь" оппозицин партин лидеро дIахьедина, кадыровхой бахкаро "сингаттам гIаттабо, тамаш ца бо", хIунда аьлча, цо бахарехь, "олигархан Иванишвили Бидзинин режим – Оьрсийчоьнан вассал йу". Пачхьалкхан Iедалхоша цкъачунна комментарий йина йац оцу хаамана.

Кадыровн гонера нах Туркойчу баха кечлуш болу хьесап ду аьлла, дIахьедира иштта стигалкъекъа-баттан 31-чохь нохчийн оппозицин телеграм-каналашкахь а. Цул тIаьхьа де даьлча Кадыров Ахьмадан полкан командиро Чалаев Замида скриншот хIоттийра карти тIехь туркойн Антальера Concorde De Luxe Resort цIе йолу хьешан цIа билгалдоккхуш. Хетарехь, къедораш йора цо, ша цигахь хиларан. Мангал-беттан 3-чохь Security Turkey телеграм-канало зорбане йехира Чалаевн сторисийн скриншоташ, царна тIехь Iаьржа бедарш йоьхна, тIоьрмигашца ворхI стаг ву, хетарехь, Антальера йохка-эцаран центрехь.

Нохчийн оппозиционераша дийхира Чалаев Замиде эфире валар, волу меттиг билгалйоккхуш – вукхо церан дехар тергамза дитира.

ТIаьххьарчу шерашкахь масех тIелатар дира кадыровхошна Туркойчохь. Стохка стигалкъекъа-баттахь масех стаг тIелетира Гикало эвлара полицин декъан хиллачу куьйгалхочунна Эдилов Бесланна, йиттинера цунна. ТIелеттачех цхьаммо боху, шайгарчу информацица, Эдиловна тIедиллина хиллера "цхьаъ вен". Видео йаржийра, 2021-чу шарахь нохчийн диаспорин векалша Кадыровн ницкъахойх лаьцна хаамаш дIасабаржо кхоьллинчу Security Turkey телеграм-канало. Публикацин текстехь хаамбора, диаспорин векалшна ах шо хьалха дуьйна хууш дара Эдилов Туркойчу веанийла аьлла.

  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Туркойчохь лецира йалх стаг (виъ – Нохчийчуьра, иштта Украинин а, Таджикистанан а цхьацца вахархо) а, уьш бехкебира Кадыров Рамзанан раж йемалйечу нохчийн диаспорин векалшна тIелета кечбеллера аьлла. Бинчу талламехь гучуделира, 2021-чу шеран зазадокху-баттахь дуьйна оппозиционерех лаьцна информаци оцу группе дIакхачош хиллера Туркойчохь вехачу кхин а цхьана шиммо.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь бархI стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакхаш Истанбулера кхеле дIакхачийра. Бехкбиллархойн жамIашца а догIуш, кхеле хIоттийначу цхьаьнга инструкцеш кхочуш хиллера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамера а, ишшта, нах байарна дуьненайукъарчу лехамашкахь волчу криминалан авторитет лоручу Дукузов Казбекера а. Оханан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Оьрсийчоьнан Турплахочун седа белира Делимхановна.
  • И лецарш хиллачул тIаьхьа Туркойчоьнан Iедалша нохчийн диаспорин векалшна ха дан нах хIиттийра. Иштта оцу пачхьалкхехь беха нохчий шаьш а ларбала буьйлабелира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG