ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь хиллачу летаршна тIехула Кадыровс бехк баьккхина Симоньян Маргаритера


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехк баьккхина хаамийн гIирсашкара, "кавказхой" декъах хилла Москвахь бераца вогIучу стагана динчу тIелатарна аьлла, зорбане хаамаш бахарна. Оьрсийн Свобода Радионо яздо цунах лаьцна.

"Муьлххачу кавказхочунна а санна, суна а кIордийна даим а, цхьа кIезиг даьллачунна а бехкаш тIетиттар. Йоллу интернет шина дийнахь дIаюьзнера, лела ца хуучу массо а кавказхочух дечу дIахьедарша", - яздо Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ишта критика йира RT телеканалан коьртачу редакторна Симоньян Маргаритина а. Москварчу Керла Ватутинкашкахь хиллачух лаьцна телеграмехь яздинера цо, и "массо а тIебаьхкинарш" а, "кавказхой" а цкъа совцур бу, мигрантийн низамаш тIечIагIдахь аьлла.

"Нийса дина а хир ду. ГIуллакх дац. Эхь ду-кх иза. Кавказехь кегийрхой хьошалгIа бахча туалете ца боьлхуш са детташ Iа, ийзалуш. ХIунда аьлча, шаьш хьошалгIахь долу дела. Ткъа Москвахь хьошалгIахь дац шу? Дера шуна дIа-м хоуьйтур ду, мила ву хIусамда", - яздинера Симоньяна, ша а "тIебаьхкинчех а, кавказхойн къомах а" хилар билгалдоккхуш.

Цуьнан дешнашна комментарий ечу Кадыровс билгалдаьккхира, "Кавказера схьаяьллачунна" "дагадоуьйтур дара" ша аьлла, оцу кепара дIахьедарш дале хьалха, авторитете долчу хаамийн гIирсан коьртачу редакторна гIоле дара информаци талла а теллина, жамIаш дича, ткъа цул тIаьхьа пиар ер цо керлачу темана тIехь аьлла.

Оццу постехь Кадыровс ишта дIахьедина, "пачхьалкхехь лелаш арахьарчу пачхьалкхийн агенташ" хиларх, дешан маьршонех пайда а оьцуш, и тема яржош".

Публикаци зорбане яьккхинчу шозлагIчу дийнахь, Лахьан-беттан 7-чохь, нохчийн куьйгалхочун телеграм-каналехь кхин цхьаъ а пост гучуелира. Оцу тIехь дуьйцу, Кадыровс Симоньянца телефонехула ша къамел дина бохуш.

"Сан а, Маргаритин а ойла цхьаъ ю, Оьрсийчоьнна дуккха а дика адамаш: турпалхой, артисташ, художникаш, яздархой, Iилманчаш белла, исбаьхьа мохк бу Кавказ", - яздина Кадыровс. Симоньянна социалан машанашкарчу цуьнан аккаунтехь, цо бахарехь, кхерамаш туьйсу нах емалбина Кадыровс.

RT-н коьртачу редакторо цкъачунна яздина дац, Кадыровца шен хиллачу къамелах, амма Кавказах лаьцначу шен постехь цо хьахийна, "шена ца бевза оьрсийн журналисташ украинхоша лецначуьра Рамзана кIелхьарбохуш, - и ю шена Кавказ" аьлла.

Кху кIиранах хаамашкахь дуьйцура, Москварчу Керла Ватутинкашкахь шен бераца вогIучу дена веа стага динчу тIелатарх. Бехкзуламан гIуллакх а диллира. Шоьтан дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбира, воьалгIаниг а лацарх.

Хиллачу инцидентех дуьххьара хаамийн гIирсашкахь Iорабаьхначу хаамашкахь Кавказера схьаваьлла ву тIелетта виъ аьлла, яздира. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийра, лецнарш Закавказьера бу, кхааннан Оьрсийчоьнан бахархойн паспорташ ду аьлла, яздира РБК агенталло.

"Комсомольская правда" газето бехк ца биллар дехна, тIелеттарш Къилбаседа Кавказера бу аьлла, шаьш яздарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG