ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбане даьккхина Нохчийчуьрчу зудчунна тIелеттачу Москварчу политикан бехказавийлар


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Москварчу Мещанскан кIоштарчу депутатийн Кхеташонан куьйгалхочо Закускин Александра ("Единая Россия") къинтIераялар дехна Чиллан-бутт болалуш ша тIелеттачу 68 шо долчу Нохчийчуьрчу яхархочуьнга. Цул хьалха депутатана социалан машанашкахь кхерамаш тийсина хиллера.

Бехказавуьйлуш видео ГТРК "Вайнах" каналан инстаграмехь гайтира. Цигахь Закускин тIевогIу Юусупхаджиева Салимана, зезагаш а, стоьмаш, мерзалгаш чохь йолуш тускар а кховдадо. "Со оцу гIуллакхах вуьшта кхетта. Хьо сан ненан хенара стаг ю. Аса иза сайгара далийта ца дезара", - аьлла видео тIехь депутата.

"Кавказский узел" ресурсо бахарехь, Закускин Чиллан-беттан 13-хь дуьйна вара бехказавала везаш. Жигархочо Аручиди Еленас тIечIагIдо, Закускина къинтIера баха безаш бара йохкэцархочун ши йоI а, кхоъ кIант а, амма оцу дийнахь иза цаьрга ца вахара.

Чиллан-беттан 10-хь Москварчу Машаран проспектерчу маьждигна хьалха йоьхьаш духкуш хиллачу Юсупхаджиева Салимина тIелеттера Закускин Александр. Юсупхаджиевас бахарехь, цуьнан яьшки тIе мийра бетта волавеллера Закускин, ша "Нохчийчу депортаци йийр ю" а аьлла, цул тIаьхьа бурчан баллон юьхьтIе тоьхна хиллера – зудчун бIаьргаш дагийна.

И дов иккхиначул тIаьхьа Закускине телефон тоьхнера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу Делимхановс, цунна "урод" а олуш. Делимхановс телефон тоьхначул тIаьхьа "Единая Россия" партин декъашхочо дIахьединера полицига, социалан машанашкахь шена кхерамаш тийсарх. Шен веха меттиг хийца дийзира Закускинан, иштта шена гечдар доьхуш видео а дIаязйира, иза дахаран хьелашца йоьзна конфликт яра аьлла билгалдоккхуш.

Baza гIирсан хаамца, Закускин Москварчу Мещанскан кIоштарчу депутатийн Кхеташонан куьйгалхочун даржера хенал хьалха дIаваккха гIерта.

  • Кху деношкхаь Москварчу политико, Пачхьалкхан Думе кхача гIиртинчу Вихарева Эльвирас Нохчийчоьнан куьйгалхочьунга йистхуьлуш, видео дIаязйира, хаттар деш: "ХIинца цуьнан а [депутатан Закускинан]" корта боккхур бу ахь?"
  • 2018-чу шарахь зорбанашкахь яздора, депутат вехачу цIа чохь йолчу исбаьхьалин школе деша еанчу Москван яхархочунна Закускин тIелатарх.
  • Кавказ.Реалиис къамелдинчу бакъоларъярхоша пачхьалкхан телеканалашкахула бехказавийлийтаран практика - иза кхин цхьаъ тоталитаран режиман билгало ю, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG