ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанехь зуламхочун къам билгалдаккхар доьхкуш низаман проект кховдийна Нохчийчоьнан парламенто Пачхьалкхан думе


Нохчийчоьнан парламент
Нохчийчоьнан парламент

Зуламан декъах хилла, йа бехкехета нах муьлхачу къомах, динах схьабевлла бу билгалдаккхар доьхкуш, федералан зорбанех долчу низамехь хийцамаш байта Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думе низаман проект кхачийна нохчийн парламенто. Документан авторша хьехна, "Хаамийн гIирсех" долчу низаман 4-гIа артиклехь хийцамаш бар. Низаман проектана регистраци йина хиларх хаийтина Пачхьалкхан думан сайтехь.

Нохчийн парламентхой тешна бу, хаамийн гIирсех долчу низамехь и юкъ дIа ца нисъяхь, тIаьхьало негативе хила тарло аьлла, ткъа зуламхо муьлхачу къомах ву билгалдаккхар, Оьрсийчоьнан юкъараллера цхьахдолчу къомехьа йа конфессига цабезам гIаттон провокацин материалаш хеташ хиларх.

2015-чу шарахь Нохчийчоьнан праламенто Пачхьалкхан думе кховдийра, террорхочун къам, дин къастор дехкар хьоьху низаман проект, амма тIе ца ийцира. ХIетахь Пачхьалкхан думан информацин политикехула йолчу комитето кхетийра, информаци яржоран сферехь а, адамийн коьрта бакъонаш а, маршонаш а Iалашъярехь а юкъаметтигаш латтош болу барамаш Оьрсийчохь лелачу низамашкахь болуш бу аьлла.

Хьалхо яздора, зуламан декъехь болу нах хьехочу хенахь церан къам а, дин а дийцар доьхкуш федералан низамехь хийцам бар хьехарх Нохчийчоьнан праламентан спикеро Даудов Мохьмада. Низамца а догIуш, редакцешна могуьйтур дац, зуламашна бехкебечу Оьрсийчуьрчу нахах дуьйцучу хенахь церан къам а, дин а хьахон. Хаамийн гIирсашана тIехь хир ду цунах административан жоьпалла.

Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG